Соьлжа-ГIаларчу «Фила» спорткомплексехь дIаяьхьира Европин чемпионна, греко-римски кепара охьатохархлатарехула Нохчийн Республикин хьакъволчу тренерна Дугучиев Исламана лерина йолу кегийрхошлахь хьалхеяккхаран турнир.
Цигахь дакъа лоцуш бара вайн республикин ерриге а кIошташкарчу, гIаланашкарчу ДЮСШ, РДЮСШ , ШВСМ-кара греко-римски кепара охьатохархлатаран спортсменаш. Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Дакаев Илес (25 кг.), №3 йолу ДЮСШ, Исмаилов Ислам (28 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Закриев ЭргIу (30 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Гигиев Малик (32 кг.) – №1 йолу ДЮСШ, Дакаев (Хьамзат 35 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Исмаилов Адам (38 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Гильхаев Ислам (43 кг.) – №5 йолу ДЮСШ, Керимов Мохьмад (44 кг.) – №5 йолу ДЮСШ, Балаев Сайфуддин (47 кг.) – ГIалгIайчоь.
Доккха баркалла ала догIу турнир дIахьош гIолаьцначу спонсоршна: Хамзаев Iадланна, Эскерханов Саламуна, Абдулаев Iусманна.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо