Зорбанера араяьлла «Вайнах» журналан 2017-чу шеран хьалхара номер. Карарчу шарахь дуьйна журнал кхаа баттахь цкъа арадолуш ду. Дешархоша тидаме оьцур йолуш дуккха а материалаш ю номерехь. Прозин декъехь зорбане даьхна Бексултанов Мусан «Ас собар дийр ду», Макаев Шамсуддин «Воккха стаг Егор», Цинцаев Хаважин «Генара захало», Мусаева Маликин «ИсмаьIал» цIерш йолу дийцарш, ткъа иштта Орстхо Розин документийн повестан дакъош а. Поэзиезархойн таро хир ю Джабраилов Шерипан, Гачаева Хьаван, Хадчукаев Русланан керла стихаш йовза.

Карарчу шарахь 60 шо кхаьчна Нохч-ГIалгIайн автономи метта а хIоттийна, вайнах Даймахка цIа эха буьйлабелла. Хийрачу махка кхалхар мел хала хиллехь а, цуьрриг а атта ца хилла нохчийн оццул шаьш сатийсинчу дайн кхерчашка цIаберзар а. Цхьана доьзалан масална тIехь нохчийн дахарерчу оцу муьрах лаьцна дуьйцу шен «Долгая дорога домой» очеркехь Амиров Мухмета.
Политикин а, пачхьалкхан а гIуллакххочун, публицистан, халкъан барта кхолларалла таллархочун Шерипов Асланбекан цIе ца евзаш стаг дукха хир вац нохчашлахь, амма цуьнан вежарех Назарбеках, Денилбеках, Заурбеках, Майрбеках, дерг хууш верг наггахь карор вац. Советийн заманахь царах дерг дийцар дихкина дара, уьш хила а ца хилча санна. ХХ-чу бIешеран юьххьехь Нохчийчохь хиллачу хиламашкахь жигара дакъалаьцна бу ШериповгIар берриге а. Цунах мелла а шуьйра дуьйцу шен «Достойные памяти народной» статьяхь Кусаев Iадиза.
«Тхан хьаша» рубрикера журналан редакторан Ахмадов Мусан, редакцин белхахойн Алиев Саламбекан, Мусаев Сулейманан шайн хьешаца Кантаев Мусаца хилла къамел а ду шена тIе тидам бохуьйтуш. «Хазалло кхоьллина хьо», «Къоналла», «Сенъелла йогIу», «Дека хьан аз», иштта кхечу иллешна мукъамаш баьхна композитор ву иза. И иллеш сих-сиха хезаш а, ладогIархошна дезаш а делахь а, церан автор-м вицвелла вогIура, тIаьхьарчу хенахь кхоллараллин балхах мелла а хераваьлла хиларна. Журналан редакцехь вайн заманан музыкин искусствох даггара хиллачу къамело а, ладогIархойн шен кхолларалле хьашт хилар хааро а керлачу иллешна цуьнан шовкъ айаре догдохийла ю вайн. Иштта похIме композиторш, цхьацца бахьанашна кхоллараллин балхах херабевллачохь, бицбина биттал хьал долуш дац вай. Цхьаммо ма-аллара, хIу тес-тесначохь кхуьуш бац поэташ а, композиторш а, иллиалархой а.
Дешархойн шайга хьашт хир долуш «Голоса друзей», «ГIиллакх-оьздангалла», «История», «Книжные новинки» рубрикашкара материалаш, массеран цIерш яха ца ларийнехь а (журнал нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ду, цундела цу тIехь ма-ярра гоч ца еш йитина оха рубрикийн цIерш а).
Хь.ДОВКАЕВ
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо