Ши тур йисина футболан Премьер-лигин командашна юкъахь Россин чемпионат чекхъяла. 28-чу турехь «Терек» хьошалгIахь левзира Томскерчу «Томь» командица. Цхьаьнакхетар вайн командин толамца дирзира. Матчан 60-чу минутехь счет схьайиллира Лебеденко Игора. Цул тIаьхьа кхо минот ялале хIусамдайн кевна чу гол туху Мбенге Аблайес. Бакъду, 80-чу минотехь кхиаме кхочу «Томь» командин футболист Салахутдинов Руслан – 1:2 хуьлу. Амма и жамI хийца ца луш, «Терекан» толамца чекхйолу матч.
45 очко йолуш, турниран таблицехь пхоьалгIачу меттехь ю хIинца «Терек», оццул очкош йолу «Ростов» йолхалгIачу меттехь ю, ткъа йоьалгIачу меттехь йолчу «Краснодаран» 46 очко ю. Гуш ма-хиллара, оцу кхаа командах муьлххачун а дегайовхо лаьттийла ду шаьш къуьйсучу йоьалгIачу меттиге кхача. Амма и доьзна хир ду йисинчу шина турехь церан ловзарх.
Билгалдаккха догIу, рогIерчу 29-чу турехь «Терек» хьошалгIахь ловзур ю хIинцале а чемпионан дарже кхаьчначу «Спартак» командица. Кхеташ ду шина а командина и цхьаьнакхетар чIогIа маьIне хилар: шен цIахь иэша луур дац чемпион йолчу «Спартакана», амма кхин а чIогIа оьшу толам йоьалгIачу меттиге кхача гIертачу «Терекна». Вайна дуьсуш дерг и иштта хиларе сатийсар ду.
Хь.АБАЕВ
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо