«Уггаре а дукха йоьшуш йолу регион»

Ерригроссин «Уггаре а дукха йоьшуш йолу регион» конкурс 2015-чу шарахь дуьйна дIахьош ю. Ламасте дирзина конкурс хIора шарахь дIаяхьар. Конкурс вовшахтоьхна «Россин книгийн союзо» Россин зорбанан а, шуьйрачу хаамийн а Федеральни агентствон гIоьнца.

ХIокху шарахь конкурс дIахьур ю 2017-чу шеран оханан (апрель) беттан 12-чу дийнера лахьанан (ноябрь) беттан 20-чу дийне кхаччалц. Конкурсехь дакъалаца лаам болчара заявка чуяла еза, иштта шайн регионехь книгаш ешаре кхойкхуш, шайн республикин я регионан литературин дахарехь шайн жигаралла гойтуш презентаци кечъян еза, 2016–2017-чуй шерашкахь шаьш бина болх юкъа а лоцуш. Книгин кхиоран а, литературин ламасташ юкъадалоран а хьокъехь болу хаамаш болу справка чуяла еза. Россин Федерацин крайш а, республикаш а, областаш а, федеральни маьIна долу гIаланаш а, автономийн округаш а хир ю конкурсехь дакъалоцуш. Конкурс дIаяхьаран Iалашо ю тIекхуьучу тIаьхьенна литературин маьIна довзийтар, книго адамийн дахар, синкхетам кхиорехь дIалоцу меттиг, маьIна довзийтар.

Конкурс кхаа муьрехь хир ю: конкурсана заявкаш схьаэцар, цаьрга хьовсар, номинанташ, толамхой билгалбахар. Конкурсана заявкаш схьаэцар товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де тIекхаччалц бен хир дац, ткъа заявкаш почтехула схьаэцар – оццу беттан 20-гIа де тIекхаччалц.

ДIадаханчу шарахь Россин Федерацин 84 субъекто дакъалецира конкурсехь, царех 6 регионна совгIаташ а дира. Толамхошна «Россин Литературин флагман» цIе ло. 2015-чу шарахь Ульяновскан, 2016-чу шарахь Воронежан областаш хилира Россин Литературин флагманаш.

Конкурсан хьокъехь долу хаттарш, документаш кечдаран, заявкаш чуяларан гIуллакх конкурсан официальни сайта тIехь кхочушдалур ду хIокху электронни адресца: litflagman@yandex.ru. Иштта почтин адресца а аьтто бу шайн заявкаш дIатаса: 107078, Москва, Новорязановскан урам, цIа 8 «А», 3-гIа корпус.

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: