ХIутосург беттан 15-гIа де, 1939-гIа шо. Ялхарой юьртахь вина Магомадов Мухтар, экономикин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.
1969-чу шарахь чекхйоккху Москварчу политехнически институтан инженерно-экономически факультет. Оцу шарахь дуьйна таханлера де кхаччалц Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан университетехь болх беш ву.
1971-чу шарахь Ленинградерчу финансийн-экономикин институтан аспирантуре деша воьду, циггахь хенал хьалха Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо. 1988-чу шарахь оццу институтехь чIагIйо экономикин Iилманийн докторан диссертаци. Iилманан 200 сов белхан автор. Царна юкъахь ю 3 монографи а, 22 Iилманан, Iилманан-методикин брошюра а.
1992-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) хаьржина.
Iилманан белхан лаккхара мах хадош, 1989-чу шарахь цунна елла «Нохч-ГIалгайн АССР-н Iилманан, техникин хьакъволу гIуллакххо» сийлаллин цIе. Оццу шарахь цунна елира «СССР-н лаккхарчу дешаран отличник» сийлаллин цIе а. 2005–2007-чуй шерашкахь Iилманчина совгIаташ дина Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а Сийлаллин грамоташца.
ХIутосург беттан 17-гIа де, 1918-гIа шо. Грозненски кIоштан БердакIел юьртахь вина Идрисов Абухьаьжа, Советийн Союзан Турпалхо. Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, «Советская Россия» колхозехь жаIуьнан болх бина. 1939-чу шарахь дуьйна Советийн Эскарехь гIуллакх деш хилла. 1941-чу шарахь дуьйна Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман дакъалацархо ву. Лакхара сержант А.Идрисов 1232-чу гIашлойн полкан (Прибалтикин 2-гIа фронт) иччархо (снайпер) хилла.
ТIом болабелчахьана 1944-чу шеран бекарг (март) бутт кхаччалц мостагIчун цо хIаллакбинчу салтийн, эпсарийн барам 349-га кхаьчна. Iаламат лакхара гайтам хилла иза. Цундела ларамаза дацара 1944-чу шеран асаран (июнь) беттан 3-чу дийнахь Идрисов Абухьаьжина Советийн Союзан Турпалхочун цIе ялар. Цул сов, цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш билгалдаьхна ЦIечу Байракхан, ЦIечу Седанан орденшций, дуккха а мидалшций.
Эскарера мукъаваьллачул тIаьхьа халкъан бахаман тайп-тайпанчу дакъошкахь белхаш бина.
Кхалхар хилла 1983-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 22-чу дийнахь. Цуьнан къонахаллин дахар дика масал хилла лаьтта Нохчийчоьнан кегийрхошна.
ХIутосург беттан 17-гIа де, 1942-гIа шо. Малхабекан кIоштан Доьлаке юьртахь вина Салатов Руслан, медицинин Iилманийн доктор, Россин Федерацин хьакъволу лор. Дешна Саратоверчу пачхьалкхан медицинин институтехь. Къинхьегаман некъ дIаболийна 1966-чу шарахь Малхабекан кIоштан больницехь лор-хирург волуш. Цул тIаьхьа доьшу Къилбаседа-ХIирийчоьнан медицинин институтан хирургин кафедрехь йолчу онкологин ординатурехь. Дешар чекхдаьлча цхьана шарахь болх бо Буру-ГIаларчу гарнизонан лазартнехь (госпиталехь).
1971-чу шарахь дуьйна цуьнан дахаран а, къинхьегаман а некъ, къаста йиш йоцуш, бозабелла Ростоверчу Iилманан-талламан онкологин институтаца.
Кхузахь цо чекхйоккху аспирантура, 1982-чу шарахь кхиамца чIагIйо медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 2002-чу шарахь медицинин Iилманийн докторан диссертаци а. Iилманан 150 сов белхан автор, цуьнан куьйгаллица чIагIйина Iилманийн кандидатан бархI а, Iилманийн докторан цхьаъ а диссертаци, 30 шо сов ду цо институтан хирургин отделенина тIехь куьйгалла ден. Салатов Русланан Iилманан талламех а, белхан зеделлачух а шуьйра пайдаоьцу онкологин цамгаршна молха-дарба лелорехь. Лоьран къинхьегаман хьуьнарш билгалдаьхна пачхьалкхан дуккха а совгIаташца.
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо