Магомедов Султанан 80 шо кхачар билгалдаьккхира

Курчалой-Эвларчу Культурин цIийнехь дIаяьхьира Нохч-ГIалгIайн халкъан артистан, Къилбаседа Кавказехь гIараваьлла хиллачу иллиалархочун Магомедов Султанан 80 шо кхачарна лерина суьйре.

Магомедов Султан

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Къанойн Кхеташонан председатела, республикин Парламентан депутата Ахмадов Сайд-Iабдулла, спортан министра Хизриев Хас-Мохьмада, Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулаев Iелас, республикин искусствон хьакъйолчу гIуллакххочо Газиева Азас, Культурин министерствон белхахочо Яндиева Хадижас, яздархоша: Рашидов ШахIида, Кусаев Iадиза, гIарабевллачу иллиалархоша: Усманов Iимрана, Межидов Сахьаба, Джамалдинов Ислама, иштта Магомедов Султанан гергарчара, кхечара.

Залехь ерриге а меттигаш дIалаьцна хиларо гойтура Курчалойн кIоштарчу нахана Султан везаш а, лоруш а хилар.

Iаламат хаза вовшахтоьхнера Газиева Азас хIоттийначу сценари тIехь дIаяьхьна суьйре. Иза дIахьош хиллачу Культурин цIийнан къоначу шина белхахочо рогI-рогIана дуьйцура Магомедовн башхачу дахарх лаьцна. Дийцира и муьлхачу нахах схьаваьлла а, цуьнан кхоллараллин некъах а лаьцна.

1937-чу шарахь хIутосург беттан 4-чу дийнахь Курчалой-Эвлахь вина Султан. Цуьнан да Лута а хилла культурин белхахо, хаза аз долуш, нахана вевзаш а, везаш а. Цо шеца концерташка лелош хилла жима Султан.

Магомедов Султан2

Цул тIаьхьа йогIу зама дерриге а халкъана санна хала еана МагомедовгIеран доьзална а. 1944-чу шарахь махках даьккхина вайн халкъ. И бахьана долуш музыкин декъехь деша аьтто ца хилла цуьнан. Оьшуш а хиллий-те цунна иза?! Кхин шечух тера аз дан а доцуш, зевне а, нахана дезаш а, девзаш а хилла цуьнан аз.

Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулаев Iелас шен къамел дIадолош баркалла элира Султан вина де даздаран хазахетар шайца декъа баьхкинчарна.

– Вайн махкахь хIинца а дукха хир бу Магомедов Султан вевзарш. Ткъа кегийрхошна вай хьехош хилчахьана вевзар ву. Цуьнан башхачу озах цецбуьйлуш хилла дуккха а говзанчаш. Нохчийн халкъан культурин исторехь хьакъ йоллу лар йитина илланчас, – элира цо.

«Нохчийчоь», «Езарна бехк ма билла», «Ненан хаза йоI», «Мел йогIу буьйса», «Ломахь кхиъна зезаг», «Дай баьхна лаьмнаш» – уггаре а гIарадевллачех ду цуьнан и иллеш.

Ерригсоюзан конкурсашкахь, фестивалашкахь дакъалоцуш хилла цо. Цундела республикин дозанал арахьа а дика вевзаш хилла. Иллеш аьлла ца Iаш, ша дешнаш а, мукъамаш а дохуш хилла цо.

– Къона долуш Султанан иллеша дог ир-кара хIиттош лелла кIентий ду тхо. Цуьнан «Ломахь кхиъна зезаг» илли хIинцца а дагахь хаьа суна. Цуьнан санна хаза аз долуш артисташ дукха бац. Дуккха а хIума гина, лайна, делахь а, дерриге а дахарехула юьхькIомаца чекхваьлла иза. Вайн дозалла ду Султан, – элира Жамалдаев Шаида.

Шен 43 шо долуш, 1980-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 20-чу дийнахь Бакъдуьнена вирзина Султан.

…Суьйренехь гулбеллачара дуккха а дийцира Султанах лаьцна. Шеко йоццуш, даггара иза везаш а, лоруш а хилар хаалора хIораннан а дешнашца.

Цига баьхкинчу артисташа шайн иллешца хазйинера суьйре. Иза ерзош Султанан йоIа Зараа баркалла элира цидакъалаца мел веанчунна. Иштта баркалла элира Курчалойн кIоштан администрацина и гIуллакх вовшахтохарна: «Тхан хазахетаран доза дац, аш тхан дех лаьцна мел аьлла дош гуттаренна а дегнашкахь даха дуьсур ду. Дела реза хуьлда шуна», – элира цо.

Хь.БАХТАЕВА

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: