«Нохчийн Республикин экономикин финансийн дакъа кхолладаларан а, кхиоран а карарчу хенан проблемаш» цIе йолу финансийн форум дIаяьхьира Нохчийн Республикин финансийн министерствехь.

Цуьнан декъехь дIаяьхьира вузашнаюкъара Iилманан-практикин «Регионан финансийн рынок кхиоран проблемаш а, некъаш а» аьлла йолу IV-гIа семинар.
Регионан финансийн дахаран шина дезденца доьзна дара форум дIаяхьар – РСФСР-н Пачхьалкхан банкан Соьлжа-ГIалара отделени схьайиллина 95 шо кхачарца а, Соьлжа-ГIалин казначействон 140 шо кхачарца а.
Нохчийн Республикин экономикин дакъа кхиорехь таханлерчу дийнахь коьрта йолу проблемаш йийцаре йира форумехь. Цигахь дакъалецира республикин финансийн учрежденийн а, ведомствийн а куьйгалхоша, вузийн ректорша. Леррина кхайкхинчу хьешашна юкъахь бара Россин тоьллачу вузашкара гIарабевлла экономисташ а, Iилманчаш а. Форум дIайолош Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах маршаллин кехат дийшира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, финансийн министра Тагаев Султана.
«Форуман коьрта Iалашо ю экономикин декъехь долу хьал тодарехь керла гIуллакхаш юкъадалор. Вайн республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ кхиамца дIакхехьарехь доккха маьIна лелош хIума ду иза. Банкийн декъехь а, ахчанан-кредитан системехь а долчу хьоло тIеIаткъам бо регионан социально-экономикин кхиарна а, бахархойн Iер-дахаран хьал тодарна а. И гайтамаш лакхабахар вайн стратегин Iалашо ю. Финансийн рынок гIийла хиларо бизнес кхиор а, бахархойн жигаралла а сецайо, республика инвестицешна бегIийла хилар а лахдо. Иза хуьлуьйтийла дац вайн! Со тешна ву, республикехь финансийн-кредитан система кхиорна гIодеш долу гIуллакхаш кхочушдан хIокху форумо таро лург хиларх», – яздинера Р.Кадыровн маршаллин кехатехь.
Шен къамелехь Тагаев Султана билгалдаьккхира финансийн рынкан декъехь долу хьал тодарна, масала, шайн долахь бизнес йолчу предпринимателийн, жимачу а, юккъерчу а бизнесан векалийн кредитовани ярна а, пачхьалкхан финансийн институташ хиларна а, уьш кхиорна а, лерина гIуллакхаш юкъадалор форуман коьрта Iалашо хилар.
«Ца хилча йиш йоцу механизм а хилла дIахIотта тарло вай кхолла дагалаьцна йолу Нохчийн Республикин коммерчески банкийн ассоциаци. Пачхьалкхан а, пачхьалкхан доцучу а финансийн дакъошна а, кредитан йоцучу финансийн учрежденешна а, страховани яран декъана а юкъахь уьйр тосур ю оцу ассоциацис. ХIара дакъа, регионан социальни экономика кхиорехь доккха маьIна лелош хиларе терра, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан лерринчу тергонехь ду. Таханлера вайн болх вай дагалаьцна Iалашонаш кхочушъярехь цхьа гIулч хирг хиларе сатуьйсу ас», – элира С.Тагаевс.
Ре спубликин финансийн рынкан гIуллакхашца цхьаьна банкийн хьашташ а, страховани яр а, кредитан йоцу финансийн учрежденеш а бахархошна (мехашца) гIехьа а, (балхаца) кхачаме а хилар а, кхидолу гIуллакхаш а дийцира форумехь.
Москварчу «Связь-Банк» АКБ-н клиентийн хьашташ кхочушдаран а, йохкарийн а Департаментан директора Анищенко Антона хьахийра Нохчийн Республикин банкийн дакъа кхидIа кхиоран тема. Цо билгалдаккхарехь, мехкан уггаре а яккхийчу банкашна юкъайогIуш йолу, Россин 664 гIалахь шен филиалаш йолу «Связь-Банк» Нохчийчохь болх беш йолу 4 шо ду.
«Нохчийн Республикехь дIахьош бу гIишлошъяран дуккха а белхаш. Цундела, Нохчийчоьнан финансийн гIуллакхашкахь жигара дакъалаца а, кхузахь тхайн клиентийн бух шорбан а, ипотекин а, жимачу, юккъерчу бизнесан а кредитованешкахула тхайн хьашташца кхачоян а дагахь ду тхо», – хаам бира «Связь-Банкан» векала.
Федеральни казначействон урхаллин Нохчийн Республикехула волчу куьйгалхочо Алимханов Сулимана дийцира 140 шо хьалха Нохчийчохь казначействон структура кхоьллина хиларх лаьцна.
Нохчийн Республикехь банкийн гIуллакх юкъадаларх а, кхиарх а лаьцна дийцира Россин Федерацин Коьртачу банкан Къилберчу коьртачу урхаллина юкъайогIучу отделенин – Нохчийн Республикин Къоман банкан – куьйгалхочо Тамаев Iийсас.
Кхидолу мехала гIуллакхаш дийцаре дарал сов, совгIаташдаларан гIуллакх а дIадаьхьира форумехь. Иштта, Россин естественни Iилманийн академин дипломаш делира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан ректорна, экономикин Iилманийн докторна Таймасханов Хьасанна, Нохчийн пачхьалкхан университетан ректорна, экономикин Iилманийн кандидатана Саидов Заурбекана. Оццу академин декъашхой-корреспонденташ хилира Iилманчех А.Цакаевх, С.-Э.Даурбековх, I.Рассухановх.
А.СУЛИМАНОВА
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо