Вайн республикехь 6-чу сентябрехь даздо Нохчийн Республикин де. Хууш ма-хиллара, и де билгалдаьккхина 2002-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин указца. Нохчийчохь машаран некъ дIаболийнарг вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо шен дегI а, са а ца кхоош, нийсонан новкъахь къахьегар бахьана долуш йоьхна йолу вайн республика кхиаран новкъаелира.
«Сан Iалашо тIом сацор яц, иза гуттаренна дIабаккхар ю», – олура Ахьмад-Хьаьжас. Шен Iалашоне а кхечира иза. Адамаш, кхета а кхетта, цунна накъостий а хилла, тIаьхьахIиттира. Нохчийчохь машар хилийтаран новкъахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа декъал а хилира. Доьхна де дара и вайн республикина. Амма цо дIаболийна некъ юкъахбер бац, иза вайн дегнашкахь гуттар а хир ву.
Тахана Нохчийн Республика массо агIор кхуьуш ю. Шина тIамо йохийна, аьтта йолу республика, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан куьйгаллехь а волуш, йоццачу хенахь дуьненан массо а бохург санна пачхьалкхашкара нах хьовса а лелаш, хазъелла дIахIоьттина. Йина керла гIишлош, спортан а, культурин а, дешаран а учрежденеш. «ТIеман лар а йоцуш» программица меттахIоттийна йолу Соьлжа-ГIала Россин уггаре а хазачу гIалех цхьаъ хилла дIахIоьттина. Республикин коьртачу гIалахь йина «Грозный-Сити» лекхачу гIишлойн комплекс, «Ахмат-Арена» стадион, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу Европехь уггаре доккха маьждиг, иштта кхин а дуккха а объекташ. ТIейогIучу хенахь Соьлжа-ГIала хазъеш хир ю «Ахьмад-БIов». Иза 400 метр лекха а, 80 гIат долуш хир ю.
Нохчийн Республикин куьйгалло дIахьош йолчу программица республика кестта Къилбаседа Кавказан кегийрхойн центр хир ю. Цунна лерина еш ю «Ведучи» курорт, «Грозненское море» спортан, могашалла меттахIотторан, туристийн комплекс, «Къоьзан Iам» спортан, туристийн комплекс проекташ. Уьш евлча Нохчийчу бог1учу туристийн барам лакхабер бу, экономикин хьал толур ду.
Спорт а ю лакхарчу тIегIанехь. Республикин футболан«Терек» клуб Россин премьер-лигехь ловзуш ю. ТIаьхьарчу хенахь толамаш бохуш, хьалхарчу могIаршкахь ю и турниран таблицехь. Иштта боксехь а бу кхиамаш. Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь боксан дуьненаюкъара турнир дIаяьхьира. Цига хьошалгIа баьхкира дуьненахь бевзаш болу спортсменаш а, артисташ а.
ТIеман хенашкахь дIадахана адам цIа дирзина. Республикин массо а вахархочун дахар тоделла. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо къаьсттина тидам т1е бахийтина къоман политикина. БIеннаш шераш хьалха дуьйна кхузахь Iаш тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бу. ХIора а къоман дахаран хьелаш цхьатерра дика ду. ХIора а къоман культура кхиорехь, ларъярехьа дIахьош белхаш бу.
Нохчийчоь массо къомана а, динна а маршо ю. Иза гойту дина долчу маьждигаша а, Соьлжа-ГIалахь йолчу килсо а. Нохчийн Республикин Правительствос къаьмнашна юккъера уьйраш чIагIъярна лерина тайп-тайпана акцеш, цхьаьнакхетарш, конкурсаш дIахьо.
2004-чу шарахь дуьйна республикехь болх беш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун цIарах йолу региональни юкъараллин фонд ю. Фондан коьрта Iалашо оьшучунна гIо дар ю. ХIокху тIаьхьарчу 10 шарахь иттаннаш эзарнашкахь нахана гIо дина цо. Йина школаш, берийн бошмаш, маьждигаш, цомгаш болчарна дарба лело ахча делла, иштта совгIаташ дина республикин бахархошна. Юкъараллин фондан дика гIуллакх шех хьакхадалаза Нохчийчохь цхьа а вац ала мегар ду.
Тахана Нохчийн Республикехь долчу хьелаша гойту вайн куьйгалло къоман политика кхиамца дIахьош хилар.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт