«Турпалхойн Бовдар – Керла лакхе»

ХIутосург (май) беттан 13-чу дийнахь Гуьмсерчу Лерринчу Iалашонийн ницкъийн Iаморан дуьненаюкъарчу туьшан кертахь «Турпалхойн Бовдар – Керла лакхе» цIе йолчу федеральни проектан гурашкахь къийсадаларш дIадаьхьира.

3_w1000_h700

Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс, Россин Оборонин министран заместитела Т.Ивановс, Россин Пачхьалкхан Думин депутата А.Делимхановс, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо В.Усмаевс, Россин Къоман гвардин республикехула йолчу Урхаллин хьаькаман заместитела Д.Мартыновс, «Гонка Героев» проектан куьйгалхочо К.Шойгус, кхечара.

– Со тешна ву кхузахь Россех дог а лозуш, шайгахь майралла а, доьналла а долу божарий а, зударий а вовшахкхетта хиларх. Ишттачеран бен хир яц «Гонка Героевехь» дакъалаца дог-ойла. Шуна гуш ма-хиллара, кхузара некъ хIокху проектан уггаре а халаниг бу. Оцу тIехь шуна йина йолу цхьайолу «дуьхьалонаш» дуьненахь а цхьанхьа а яц, – элира Р.Кадыровс.

Къийсадаларшкахь дакъалоцуш Беларусера а, Россера (Москва, Санкт-Петербург, Ставрополан край, ГIебартойн-Балкхаройчоь, Дагестан, Ростовн область, и.дI.кх.) а командаш а, спортсменаш а хилла ца Iаш, вайн республикин векалш а бара – боксан, MMA-н «Ахмат» а, дзюдохула йолчу «Эдельвейс» а клубийн спортсменаш.

IMG_4103

Божарий шаьш бовдарехь хьалхара меттиг С.Перелыгина яьккхира. ШолгIа а, кхоалгIа а меттигаш Р.Гилевна а, Н.Замиревна а кхечира.

Божарий а, зударий а цхьа тоба а йолуш бовдарехь хьалхара меттиг А.Усковс а, В.Шармановас а яьккхира. ШолгIа меттиг – А.Анохина а, Т.Самороковас. КхоалгIа меттиг – А.Таганцевс а, И.Хренковас а.

Зударий шаьш бовдарехь уггаре а хьалха еара Беларусин векал Т.Пехтерева.

Командашна юкъахь дзюдон «Эдельвейс» цIе йолу республикин клуб туьйлира.

Билга лдаккха догIу Гуьмсехь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь 10 км. гена бевдда хилар. Оцу йохаллехь дакъалацархошна «совгIатана» лерина тайп-тайпана 35 «дуьхьало» яра. Къийсадаларшкахь 2 500 сов стага дакъалецира.

– Некъ чIогIа хала а, беха а, шеца дукха «дуьхьалонаш» йолуш а бара. Герз тоха дезаш меттиг а яра некъа тIехь… ХIинццалц ишттаниг проектан гурашкахь хилла дацара. Кхузахь хIоккхул дукха дакъалацархой хиларо а, меттигерчу Iаламо а самукъадаьккхина сан. Гуьмсехь толам баьккхинарг массо а ас Россин чемпионате кхойкху. Россехь а шу толахь, Канадехь дIахьур йолчу Дуьненан чемпионате а дохуьйтур ду. Аьтто хуьлда шун! – элира проектан куьйгалхочо К.Шойгус.

Цул сов, хьовсархошна лерина а дукха «совгIаташ» кечдинера къийсадаларш вовшахтоьхначара: стоьла тIехь ловзу ловзарш, кроссфит-говзанчийн а, поварийн а лекцеш, арбалет а, Iад а кхоссар, «берийн беш», и.дI.кх.а.

«Турпалхойн Бовдар – Керла лакхе» проектан коьрта спонсор Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу Юкъараллин фонд яра.

Божарий шаьш бовдарехь тоьллачунна «Mercedes» маркин машенца а, кхечу толамхошна ахчанца а совгIаташ дира фондо.

Дакъалацархошна а, хьовсархошна а лерина нохчийн эстрадин векалша хIоттийна концертан программа гайтира.

Дагадоуьйту «Турпалхойн Бовдар» 2013-чу шарахь дуьйна дIахьош хилар. 2016-чу шарахь проектан гурашкахь регионийн 15 мур дIабаьхьна.

И.ИСЛАМОВ

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: