Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Чинин пачхьенехь Пекинехь дIаяьхьира «Цхьа юкъ – цхьа некъ» цIе йолу дуьненаюкъара экономикин форум. Цигахь дакъалоцуш бара Европерчу а, Азерчу а, Африкерчу а иттаннаш пачхьалкхашкара куьйгалхой. Форумехь дийцаре дира дуьненан экономика а, политика а кхиорехь дан дезаш долу гIуллакхаш. Иза дIа а йолош, къамел дира Россин Президента В.Путина.

***
Макрон Эммануэль стомара Францин Президентан дарже хIоьттина. Оцу дийнахь дIаяьхьира цунна лерина инаугураци. Керлачу Президента хIинцале дIадолийна шен Администраци а, Правительство а вовшахтохаран гIуллакхаш.

***
ГIажарийчохь мохк бегийна. Iаламан бохамехь кхо стаг кхелхина, 200 сов стаг лазийна, 100 сов юьртара а, гIалара а гIишлош йохийна. Iедалан векалша дIахьош бу мохкбегоро диначу зенан барам ларар.

***
Шемахь машар а, маслаIат а даран туьшан векалша хIокху деношкахь махкарчу бахархошна юкъахь дIасадийкъира 4,7 тонна кхачанан сурсаташ а, молуш долу хи а. Таханлерчу дийнахь бIеннаш эзарнашкахь бу цигахь кхачанан сурсаташ ца тоарца бала хьоьгуш болу бахархой.

***
ОвгIанерчу террористийн боламийн декъашхоша маьршачу ярташка минометаш еттар бахьанехь 5 бер кхелхина, чевнаш хилларш шозза алсам ду. И ду-кх террористаша доккхуш долу «гIазот».

***
Желтойчохь пассажарийн цIерпошт, рельсаш тIера охьа а иккхина, хаьрцина. Цу тIехь хиллачу пассажирех 4 кхелхина, 8 лазийна. Говзанчаша чIагIдарехь, цIерпошт хаьрцина тIех чехка хахкар а, машинист цунна урхалла дарца цаларор а бахьана долуш.

***
Къилбаседа Корейхь юха а дIадаьхьна баллистически ракета зер. Иза Россин дозанна 500 чаккхарма генахь охьайоьжна. Зераш дIадахьарца доьзна шаьш чIогIа реза цахилар дIахаийтина Японин, США-н, Къилба Корейн, Чинин куьйгалхоша.

***
Евросоюзо 10 миллион евро делла Украинин Iедална махкахь пачхьалкхана урхалла даран реформаш дIаяхьийта. Амма, уьш дIаяхьаран метта Донбассехь долу хьал карзахдаккхарна хьажош ду Киево и ахча. Иза ца гуш санна Iаш бу Евросоюзан куьйгалхой.

***
Пекинехь Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Чинин а, Хонкаран а, Желтойчоьнан а, Чехин а, цхьамогIа кхечу пачхьалкхийн а куьйгалхошца. Оцу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре дира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран а, вовшашца йолу экономикин зIенаш чIагIъяран а хьокъехь долу гIуллакхаш.

***
Беларусехь кIирандийнахь дерриге а халкъо билгалдаьккхира Пачхьалкхан Байракхан а, Гимнан а, Гербан а де. Даздаршкахь дакъалецира Iедалан векалша а. Дукхах йолчу шахьаршкахь даздарийн концерташ елира корматаллин артисташа.

***
Москвахь дIахьош ду пхи гIатт долу «хрущевкаш» олу цIенош дохор. Дохон леринарг 4,5 эзар цIа ду. Цунна дуьхьал болчу бахархойн митинг хилира стомара вайн мехкан пачхьенехь. Дийцарехь, цигахь дакъалоцуш вара 20 эзар гергга стаг. Москван Iедало дIахьедина церан лаам хьесапе оьцург хилар.

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: