ДIадаханчу бIешеран 20-чу шерашкахь Нохчийчохь Советийн Iедал чIагIделла, дIахIоьттинчул а, Нохчийчоьнна автономи еллачул а тIаьхьа сихха кхиа доладелира мехкадаьтта даккхар а, цунах гIуллакхдар а. Цуьнца цхьаьна алсамболуш бара бахаман промышленностан декъан белхахой, цхьана декъана яртийн бахархойн чоьтах а болуш. Оцо лоьхура халкъа юкъахь йоза-дешар цахаар дIадаккхархьама, дешаран заведенеш, ткъа иштта культурин, медицинин учрежденеш яхкар, кхолладеллачу хьелашка хьаьжжина бахархошна юкъахь кхетаман болх бар. Цуьнца доьзна чIогIа оьшуш дара хаддаза арахоьцуш болу зорбанан гIирс хилар. Газет мехала маьIна долуш дара керлачу Iедалан чулацам, мехалалла, къинхьегамхойн дахар тодарна цо деш долу гIуллакхаш, тIейогIучу ханна йолу планаш бахархошна йовзийтарна, къоман истори, литература, нохчийн йозанан мотт кхиорна, юкъараллин дахарехь нислуш долчу кхачамбацаршца къийсам латторна.
И жоьпаллин доккха декхар кхочушдаран Iалашонца меттигерчу бахархошна лерина диллира «Советийн автономни Нохчийчоь» цIе йолу газет. Цуьнан хьалхара номер араелира 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь. Иза хIинца нохчийн маттахь арахоьцуш долчу «Даймохк» («Серло», «Ленинан некъ») газетан юьхь ларалуш ду. Газетан редактор хIоттийра нохчийн халкъана юкъахь боккха сий-ларам болуш хилла волу серлонча, политикин а, пачхьалкхан а, юкъараллин а гIуллакххо, литератор, 1906–1907-чуй шерашкахь Пачхьалкхан хьалхарчу а, шолгIачу а Думин декъашхо хилла Эльдарханов Таьштамир. Оцу даржера стаг газетан редактор вахийтаро гойту оцу хенахь и зорбанан гIирс доккхачу маьIне лоруш хилла хилар.
Т.Эльдарханов вина 1870-чу шеран оханан (апрель) беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Гихтахь ахархочун доьзалехь. Цо дешна, кхиамца чекхъяьккхира Соьлжа-ГIалахь оьрсийн школа, Буру-ГIалахь корматаллин училище, 1893-чу шарахь Тифлисера (Тбилиси) хьехархойн институт. Кхузахь цуьнан ойланашна а, хьежамашна а боккха Iаткъам бо оьрсийн а, гуьржийн а, хIирийн а прогрессивни хьехархошца а, дуьненан керла хьежамаш болчу интеллигенцин векалшца а хиллачу уьйраша.
Т.Эльдархановс шен коьрта декхар лорура нохчийн халкъан дахар тодарехь, цунна йоза-дешар цахаар дIадаккхарехь гIуллакх дар. Ша доьшуш волчу хенахь Тифлисехь а, Буру-ГIалахь а архивашкахь нохчийн халкъан бартакхоллараллин материалаш гулъян волавелира иза. 1900-чу шарахь «Кавказан меттигаш а, тукхамаш а довзийтарна лерина йолчу материалийн гуларехь» Таьштамира оьрсийн маттахь яздина, арахийцира нохчийн масех туьйра. XIX-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Т.Эльдархановс хьехархочун болх бира Майкопехь а, Соьлжа-ГIалахь а. 1911-чу шарахь Тифлисехь арахийцира цо кечйина йолу нохчийн хьалхара абат.
Т.Эльдархановс беш болу серлонан болх лаккхара мах хадорца тIеийцира Нохчийчохь а, ерриге а Къилбаседа Кавказехь а. Сий-ларам барца цIе яккха йолийра цуьнан. 1906-чу шарахь Россин Пачхьалкхан хьалхарчу Думин депутат хаьржира иза. Пачхьалкхан Iедало Кавказехь дIахьош йолу политика Iорайоккхуш, Думин кхеташонашкахь цо деш долчу къамелаша гIо дора лаьмнийн халкъийн кхетам самабаккхарна. Пачхьалкхан хьалхарчу Думин хьалхарчу сессехь къамел деш, Т.Эльдархановс элира: «Со Теркан областан кегийчу халкъийн: гIалгIайн, гIебартойн, нохчийн, хIирийн, гIумкийн векал ву. Ах бIе шо дIадаьлла тхо Россин Iедална кIел долу. Сийлахь-йоккхачу пачхьалкхана юкъахь долуш садаIаре, синтем хиларе, ирс хиларе сатуьйсуш дара тхо. Тхан дегайовхонаш кхочуш ца хили… Тамаш бойла дац нагахь санна Кавказехь тIелетарш, талораш деш, нах бойуш меттигаш хилча, уьш беза мохь хуьлий балане йовлу ламанхошна шайна а, церан лулахошна оьрсашна а… Ткъа оцу вуочу хиламийн коьрта бахьана ду йоза-дешар цахилар а, лан хала долу экономикин хьал а».
Къилбаседа Кавказан ламанхошний, оьрсийн халкъаний юккъера дика юкъаметтигаш Iалашъян а, кхион а цунна лаарна тоьшалла деш ду Пачхьалкхан хьалхарчу Думин 1906-чу шеран асаран (июнь) беттан 23-чу дийнахь хиллачу кхеташонехь Т.Эльдархановс дина къамел. Цо нохчийн, гIалгIайн, хIирийн халкъийн цIарах дийхира революцин гIаттамаш совцо церан контингенташ Россе цаяхийтар.
Т.Эльдархановс хиламийн пачхьалкхан барамашкахь гIайгIа беш хилла хиларна къеггина тоьшалла ду Пачхьалкхан шолгIачу Думин сессешкахь цо дина къамелаш. Ламанхойн социально-экономикин дахаран халонех лаьцна дийцина ца Iаш, Таьштамира Думин депутатийн тидам тIебохуьйту ерриге а Россин къинхьегамхошна, къаьсттина ламанхошна дуьйш-дерзош долу латтанаш цатоарна. ТIаьхьуо В.И.Ленина «Россехь капитализм кхиор» цIе йолчу шен балха тIехь билгалдаьккхира Т.Эльдархановн и къамел.
1907-чу шеран асаран (июнь) беттан 3-чу дийнахь паччахьан Iедало Пачхьалкхан шолгIа Дума дIасахецначул тIаьхьа Т.Эльдарханов Соьлжа-ГIала юхавогIу. Бакъду, Iедалша цунна доьхку Теркан областан школашкахь хьехархочун болх бар. ТIаккха иза Бакох дIавоьду. 1917-чу шеран февралан революци хиллалц цигахь Iа иза, серлонан декъехь болх а беш.
Нохчийчохь граждански тIом болабелча кIайгвардейцашна дуьхьал хиллачу къинхьегамхойн къийсамна коьрте хIоьттира Таьштамир. Дерриге а дарца гIолецира мостагIех леташ болчу цIеэскархойн а, большевикийн а. Къилбаседа Кавказехь граждански тIом чекхбаьллачул тIаьхьа Т.Эльдарханов Нохчийчоьнан ревкоман председатель, ткъа цул тIаьхьа, Нохчийн областан исполкоман председатель хаьржира. Теркан областан халкъийн 1920-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь учредительни съездехь дIакхайкхийра Ламанан Автономни Социалистийн Республика юьллуш хилар. Цуьнан ЦИК-н председатель хаьржира иза, Нохчийн областан исполкоман председателан декхарех мукъа а ца воккхуш.
1922-чу шарахь Нохчийчоь Ламанан республикина юкъара дIакъастийначул тIаьхьа Нохчийн автономни областан Советийн куьйгалхо хоржу иза. 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь дуьйна арахеца долийначу «Советийн Автономни Нохчийчоь» газетан редактор хIоттийра. Цу хенахь къинхьегаман халкъан хьашташ лардеш, цо сий-ларам беш хиллачу интеллигенцин векалшца, дукха хьолахь, нислуш ма-хиллара, Т.Эльдархановн балхахь а Iедална товш доцу гIалаташ карийна, 1925-чу шарахь балхара дIаваьккхира иза. Бакъду, оццу шарахь Къилбаседа Кавказан край йиллича, цо болх бира Дона-тIерачу-Ростовехь крайн исполкоман Къоман Советан председателан даржехь. Цул тIаьхьа 1929-чу шарахь Нохчийчу юхавеача, «Грознефть» цхьаьнакхетараллехь жоьпаллин балхахь Iийра Т.Эльдарханов.
Нохчийн халкъан хилла ца Iаш, Къилбаседа Кавказан дерриге а халкъийн дахар тодарехьа, царна дуьйш-дерзош долчу лаьттаца кхачо ярехьа, къинхьегаман халкъана йоза-дешар Iаморехьа, Кавказан халкъашна юккъехь доттагIалла, гергарлонан юкъаметтигаш хилийтарехьа жигара къуьйсуш вара Таьштамир. Иза шен балхахь тIетийжара Iеламнахана а, халкъалахь сий-ларам болчу интеллигенцин векалшна а. Т.Эльдарханов пачхьалкхан, юкъараллин воккха деятель, серлонча, хьекъале политик вара. Нохчийн хилла ца Iаш, ерриге а Кавказан а халкъашна юкъахь сий-ларам болуш вара иза.
Т.Эльдарханов кхелхина 1934-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 14-чу дийнахь.
С.МАГОМАЕВ
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо