Республикин прокуратурехь

Ветеранашна гIо дира

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина де тIекхочуш республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис видеозIенан гIоьнца тIеийцира тIеман ветеранаш. Царна юкъахь вара Шелковски кIоштара Смирнов Георгий а, Хьалха-МартантIера Гастамиров Ахьмад а. Хьалхарчо терго латторан органан куьйгалхочуьнга дийцира ша вехачу урамехь электросерло цахиларан хьокъехь. И декхар шайна тIехь долчу куьйгалхошна гIуллакх прокуратуро тIедиллар бахьанехь, хьем ца беш, кхачойира иза вехачу урамехь электросерло хилийтарна. Ткъа шолгIачун гIуллакх мелла а чолхе дара. Бинчу талламо гайтира тIеман ветеран реабилитаци яран гIирсашца кхачоян езачу заьIапхойн тобанна юкъавоьдуш цахилар. Делахь а, Ахьмадан дехарна жоп луш, прокуратуро шен чоьтах заьIапхойн гIудалкх елира ветеранна.

Нийсо меттахIоттийна

ХIусамийн-коммунальни декъехь законодательство кхочушдар муха дIахьо толлучу хенахь, Соьлжа-ГIаларчу Ленински прокуратурина гучуделира Соьлжа-ГIаларчу Цхьааллин расчетно-кассин туьшаца бинчу клиентски бартаца нийса а догIуш, муниципальни унитарни «Вторсырье» предприятис дуккха а хIусамаш йолчу цIенош чохь бехачу гражданашкара даххаш дIадахьарна ахча доккхуьйтуш хилар. Талламо иштта гайтира нехаш дIаяхьар гражданийн кхочушдеш долчу коммунальни хьашташна юкъадоьдуш цахилар. Цуьнца доьзна предприятин директорна Мадагов Адамна кIоштан прокуратуро тIедиллира дуккха а хIусамаш йолчу цIеношкахь бехачу гражданашкара бакъо йоцуш ахчанаш дахар сацор а, хьалха даьккхина хилла ахча юхадерзор а. Прокуратурин лехам буьззинчу барамехь кхочушбина. Нахера бакъо йоцуш ахчанаш дахар сацийна, хьалха даьккхина хилла ахча юхадерзийна.

Бакъонаш ларйина

Невран прокуратуро теллира шаьш урхалла даран меттигерчу органаша Россин Федерацехь жима а, юккъера а бизнес кхиоран хьокъехь долу законодательство муха кхочушдо. Цо гайтира предпринимателийн а, инвестицийн а гIуллакхех хьакхалуш долчу нормативни бакъонан акташна экспертиза дIаяхьаран къепе билгалйоккхуш долу муниципальни бакъонан акташ тIеэцарна меттигерчу органаша кхачойина цахилар. И гIалаташ дIадахаран Iалашонца кIоштан прокурора Сербиев Iимрана 14 дIахьедар дина яртийн администрацийн куьйгалхошка. Бинчу лехамна жоп луш, даржехь волу 14 белхахо низаман жоьпе озийна.

Хийцамаш юкъабалийна

Предпринимателийн бакъонаш ларъярехула йолчу ведомствошна юкъарчу белхан тобанан сацаман гурашкахь регионан прокуратуро пачхьалкхан талламан органашна тIедиллина юридически адамашна, шайн гIуллакх деш болчу предпринимательшна талламаш баран хIора шеран планна хийцамаш юкъабалоран декъехь законо шайна еллачу бакъонех пайдаэцар. Цуьнца доьзна республикин прокуратуре кхаьчна пачхьалкхан йоцучу школе даха хан кхачаза долчу берийн учрежденис шен гIуллакхаш совцоран хьокъехь Роспотребнадзоран Нохчийн Республикерчу урхалло бина хаамаш а, и бахьанехь шеран планна юкъабалийна хийцамаш а. Цунна тIе а доьгIна, Россин Федерацин Генеральни прокуратурин интернет сетехь йолчу сайта тIехь хьокъала доллу нисдарш дийр ду.

Дехар кхочушдина

Шелковски кIоштарчу прокуратуро къастийра Коби станицин яхархочо Акмамбетова Кавирата ша къанъяларца доьзна РФ-н Пенсийн фондан Шелковски кIоштан урхаллехь страховой пенси хIотто дуьхьало яр законаца догIуш дуйла хьажар доьхуш дина дехар. Бинчу талламо гайтира, законодательствон лехамаш талха а беш, кIоштан урхалло Коби станицин школехь Акмамбетовас хьехархочун болх бина хилар тIечIагIдеш бина сацам хьесапе ца оьцуш битина хилар. Хенал хьалха пенсе яха бакъо луш суьдо билгалъяьккхина хан страховой стажана юкъа ца яхийтина, страховой пенси хIотто дуьхьало йина. Цуьнца доьзна прокуратуро урхаллин куьйгалхочунна тIедиллина закон талхор дIадаккхар. ГIуллакх терго латторан органо шен тидаме эцна.

РогIера кхеташо

Жимачу а, юккъерчу а бизнесан субъекташна хьалха хIуьттуш йолу халонаш, шен хеннахь гучуяхаран Iалашонца регионан прокурора тIедилларца, тайп-тайпанчу кIошташкахь кест-кеста дIахьо жима а, юккъера а бизнес ларъярехула йолчу юкъараллин советан кхеташонаш. Дукха хан йоццуш, иштта кхеташо дIаяьхьира Шуьйтан муниципальни кIоштахь а. Цуьнан балхахь дакъалоцуш вара регионан прокуроран заместитель Степанов Вадим, Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесехула йолчу комитетан председателан заместитель Джамуханов Авхан, Нохчийн Республикехь предпринимателийн бакъонаш ларъярехула волу векал Усманов Идрис, Шуьйтан кIошташна юкъара прокурор Натаев Асланбек, кIоштан администрацин куьйгалхочун инвестицийн политикехула йолу заместитель Демильханова Хеда, республикин прокуратурин лакхара прокурор Тагаев Артур, предпринимателийн юкъараллин цхьаьнакхетараллийн, терго латторан органийн векалш. Кхеташонехь Степанов Вадима билгалдаьккхира кху шеран чекхбаьллачу муьрехь прокурорийн дIадолорца пачхьалкхан Iедалан а, шаьш урхалла даран меттигерчу Iедалийн а органийн 394 бакъонан акт законан лехамашца цхьаьнадалийна хилар. Хаамаш барца предпринимателийн хьакъ доллу гIоцалацарна даржехь волу 400 сов стаг жоьпе озийна. Къамелаш диначара иштта дийцаре дира пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдарца, налогаш дIаяларца, пачхьалкхан а, муниципальни а таллам латторца, предпринимательшна ахчанца гIо дарца доьзна долу гIуллакхаш.

Уголовни гIуллакх долийна

Регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис тIеэцна Шамилев Саламбека бакъо йоцуш лелийначу гIуллакхех лаьцна бина хаамаш хьакъ ма-дду теллина цахиларан хьокъехь Улубаева Мадинас яздина заявлени. Иза толлуш гучуделира Соьлжа-ГIаларчу Куликовски ураман №2 йолчу цIийнан адресца долчу лаьттан декъана документаш кечдечу хенахь ямартло лелийна хиларан хьокъехь йолу материал Ленински кIоштан суьдера Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахула йолчу урхаллин №3 йолчу ОП кхаьчна хилар. Материалаш талларо гайтира зуламан даррехь билгалонаш йолуш болчу хаамна тIедоьгIна ялх бутт чекхбаьллачул тIаьхьа уголовни гIуллакх долийна цахилар. И дерриге а бакъдерш хьесапе оьцуш регионан прокурора бина лехам кхочушбина – РФ-н УК-н 159-чу статьян 3-чу декъана тIе а доьгIна, уголовни гIуллакх долийна.

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: