(Юьхь – 36, 37-чуй номершкахь)
1942-чу шеран юьххьехь СССР-н ГКО-с тIедиллира «Б-78» авиабензин даккхар алсамдаккхаран декхар. 1942-чу шеран хьалхарчу эхехь Соьлжа-ГIаларчу Iилманчийн аьтто белира башха установка ян. Цо таро лора лаккхара октанови бензин даккхар масехазза алсамдаккха. СССР-н СНК-о сацам бира и процесс Советийн Союзан мехкадаьттанах гIуллакхдечу ерриге а промышленностехь шуьйрра юкъаяло. Даймахко лаккхара мах хадийра Соьлжа-ГIаларчу Iилманчийн а, мехкадаьттанхойн а къинхьегаман хьуьнаран. СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1942-чу шеран чиллин (февраль) беттан 6-чу дийнахьлерчу Указаца «Малгобекнефть» трестан шолгIачу промыслана «Ленинан орденца» совгIат дира, ткъа Соьлжа-ГIалин мехкадаьттанах гIуллакхдаран шолгIачу заводана – «Къинхьегаман ЦIечу Байракхан» орденца.
Нохч-ГIалгIайн Республикин ерриге а бохург санна промышленность тIеман продукци арахецарна тIеяьккхина яра. 1941-гIа шо чекхдолуш республикерчу 28 предприятехь карадерзийнера минометаш, тайп-тайпана минаш, гранаташ, лелхаш болу гIирсаш, танкашна дуьхьалонаш (ежаш), дуккха а кхийолу тIеман дуьхьалонан продукци арахецар. Фронтан хьашташна Соьлжа-ГIаларчу предприятешкахь арахоьцуш яра 90 тайпа продукци, коьчалш.
Нохч-ГIалгIайчоьнан къинхьегамхоша хаддаза кхачо йора Соьлжа-ГIалина гергахьа долчу эскаршна оьшуш мел долчуьнца. Деккъа цхьана 1942-чу шарахь «Грознефтекомбинатан» предприятеша 35,5 миллион соьмана тIеман продукци арахийцира. Цул сов, Соьлжа-ГIаларчу заводаша а, пхьалгIанаша а боккха болх бора тайп-тайпана герзаш, тIеман техника тоеш, тIаьхьалонан меженаш арахоьцуш.
Фронтан хьашт аш кхочушдеш хилла йолчу республикин промышленностан дерриге а дакъошкахь дикка хийцамаш бинера тIамо. Масала, 1942-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чу денна тIекхочуш меттигерчу промышленностан системехь 20 предприятех 7 бен ца йисинера. Амма уьш а болх беш йоцчу новкъа яра, белхахой кIезиг хиларна. Иштта, «ЦIен варзап» заводан цхьайолчу цехашкахь белхалошна 40 процентана бен кхачойина яцара, механически пхьалгIашкахь а, химически заводашкахь а – 10 процент гергга. Йоккха къелла яра яьргаллин. Белхалой тоьаш цахиларан проблема цхьадолчу декъана дIаяьккхинера зударий балха эцарца (1943-чу шарна республикин мехкадаьттан промышленностехь болх бечарах ах гергга зударий бара). ФЗО-н школашкахь а, къинхьегаман тIаьхьалонан училищешкахь а сихбинна Iамо болийра эскаре кхойкху хан йоцу кегийрхой. Фронте дIабаханчу белхалойн метта дIахIиттабора уьш.
Хьал вуно чолхе доллушехь республикерчу предприятеша кхочушйора фронтан заказаш. Иштта, масала, консервийн завод куьйга кхуьйсу гранаташ ян йолаеллера. 1942-гIа шо чекхдолуш 1943-гIа шо долалуш советийн салтийн турпалаллин хьуьнарш бахьанехь немцойн фашисташ хIаллакбира Къилбаседа Кавказехь, уьш Нохч-ГIалгIайн Республикин дозанашкара юхалаьхкира. Цу юкъахь республикин тылан белхалойн хьуьнар а дара. Цара ЦIечу Эскарна кхачойора оьшуш мел долчуьнца. Къаьсттина доккха дакъа кхочура мехкадаьттанхошна. 1942-чу шарахь дуьйна советийн авиацин доккхах долу дакъа Соьлжа-ГIаларчу авиабензинца кхачоеш дара.
1943-чу шарахь дуьйна керла декхарш хIиттийра республикин мехкадаьттанхошна хьалха. 1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 20-чу дийнахь СССР-н ГКО-с тIеийцира «Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленность цхьадолчу декъана меттахIотторан гIуллакхийн хьокъехь» болу сацам. Цо тIедуьллура йоццачу хенахь мехкадаьтта даккхар 1943-чу шеран кхолламан (январь) баттахь хиллачу барамашка дIакхачор, шо чекхдалале цуьнан барам 2,5-зза алсамбаккхар, дIакъевлина хилла 124 скважина юха болх бан йолаялийтар, авиабензин даккхар 14-зза, мехкадаьтта даккхар 2-зза алсамдаккхар, энергетика, машенашъяр, промышленностан кхидолу дакъош меттахIиттор а, кхиор а. Хьесапе эца деза 1943-чу шарахь кеманаш а, танкаш а яр цIеххьана алсамдаьлла хилар. Ткъа цо, шен рогIехь, лоьхура ягорганхьакхаран материалаш арахецар алсамдаккхар.
И дерриге а хьесапе а эцна, Соьлжа-ГIалин белхалоша, инженерно-технически белхахоша кхочушдира и декхарш, шайн берриге а ницкъ тIе а бахийтина. 1944-гIа шо долалуш «Грознефтекомбината» промыслийн гIуллакхдеш йолу скважинаш кхузза сов алсамъевллера. 1943-чу шарца дуьстича, 1944-чу шеран юьххьехь мехкадаьттан заводийн нуьцкъалла 283 процентана алсамъяьллера. Делахь а, тIеттIа лакхадовлуш долчу фронтан а, халкъан бахаман а хьашташа лоьхура кхин а алсам мехкадаьтта даккхар а, мехкадаьттан сурсаташ арахецар а. Цуьнца доьзна 1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь СССР-н ГКО-с тIеийцира республикин мехкадаьттан промышленность кхидIа а кхиоран хьокъехь болу сацам. Документо билгалдора 1944-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь дийнахь-бусий доккхучу мехкадаьттан барам 4 эзар тонне дIакхачор, аьлча а 25 процентана алсамдаккхар, мехкадаьттан керла скважинаш, компрессорни станцеш, электролинеш, механически пхьалгIнаш болх бан юьйлаялийтар, Горская – Соьлжа-ГIала мехкадаьттан биргIа меттахIоттор, и.дI.кх. Цул сов, сацамо билгалдохура Соьлжа-ГIалин мехкадаьттанах гIуллакхден промышленность меттахIотторехь дан догIу гIуллакхаш. Оцу Iалашонна къастош 69,2 миллион сом ахча дара (цу хенахь дукха ахча ду иза). И декхарш кхочушдарна мехкадаьттан промышленностана керла ялх эзар белхало юкъаозо везаш вара. ХьалхахIиттийна Iалашонаш кхочушъярехь коьрта тIаьхьало яра Нохч-ГIалгIайчуьра ярташ, кIошташ. Амма, чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь берриге а нохчий а, гIалгIай а лаххьийна махках баьхна Юккъерчу Азе а, Казахстане а дIабахийтинера. Сталинан рожан оцу къизачу зуламо бIеннаш эзарнаш адамашна бала а, гIайгIа а еана ца Iаш, доккха тохар дира республикин экономикина. И бахьанехь кхочуш ца беш бисира СССР-н ГКО-н 1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахьлера сацам, ткъа иштта фронтана мехкадаьттан сурсаташ а, кхачанан сурсаташ а дахьийтаран декхарш. 1944-гIа шо чекхдолуш, 1943-чу шеран чаккхенца дуьстича, лахделира мехкадаьтта даккхар а, мехкадаьттанах гIуллакхдар а. Коьрта бахьана дара болх бан нах цахилар. Фронтана республикера кхачанан сурсаташ дахьийтар эханнал сов лахделира. Гуш ма-хиллара, шен зуламе лаам чекхбаккхархьама муьлхха а эшамаш хилийта кийча вара Сталин.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна нохчаша жигара дакъалецира вайн Даймохк ларбарехь. ТIеман шерашкахь НГIАССР-ра фронте дIахьажийна 50 эзар стаг. Царах 30 эзар сов нохчи хилла. Уьш кхин дуккха а алсам хилла хир бара 1943-чу шеран асаран (июнь) баттахь дуьйна, Бериян тIедилларца, нохчий фронте бигар сацийна ца хиллехь. Оцу ханна Сталина бина баьлла бара нохчий махках бахаран хьокъехь болу сацам.
Нохчаша, СССР-н кхечу халкъаша а санна, шайн берриге а ницкъаш дIалора немцойн фашисташна дуьхьал дIахьочу къийсамна. 1942-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь вовшахтуьйхира 242-гIа лаьмнийн стрелкови а, 317-гIа стрелкови а дивизеш. Цара жигара дакъалецира Кавказан фронтехь немцошна дуьхьал дIабаьхьначу тIамехь. 242-гIа дивизи Къилбаседа Кавказера Праге кхаччалц дIаяхара. 317-чу дивизис немцойн фашисташна дуьхьал тIом бира Кавказехь а, Белоруссехь а, дакъалецира Берлин схьаяккхарехь а. 1945-чу шеран хьаьттан (август) баттахь дивизис дакъалецира Генарчу Малхбалехь Японин Квантунски эскар хIаллакдарехь а. 1942-чу шарахь Сталинграда юххехь тIемаш бира нохч-гIалгIайн дошлойн 225-чу полко. Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизион тIемаш беш яра дошлойн 4-чу гвардейски корпусна юкъахь.
Нохчий шайн майраллица, доьналлица, хьуьнаршца гIарабевлира Москвахь, Ленинградехь, Сталинградехь, Къилбаседехь, Iаьржачу хIорда йистехь, Европин мехкаш паргIатдохуш. ТIеман муьрехь уггаре а хьалха Советийн Союзан турпалхо хиллачарах цхьаъ вара Нурадилов Ханпаша. 1942-чу шарахь Къилба-Малхбузе фронтан газето цунах лаьцна яздора: «Цкъа а лийр воцу Кавказан Турпалхо, пулеметчик Нурадилов Ханпаша. Цо вийна 920 фашист. БIаьхо-нарт, бIаьхо-аьрзу… Нохч-ГIалгIайчуьра фронте а веана, Нурадилов Ханпашас шегара гайтина майрачу нохчийн халкъан тоьлла амалш — цуьнан турпалалла, аьрзунан само, майралла, доьналла, хьуьнар…». Нурадилов Ханпашас Сталинградана уллехь турпалаллица Iожалла тIеийцира, ткъа цуьнан доьзал бохийна, махках баьккхина, Казахстане дIахьажийра. Иттаннаш эзарнаш нохчаша а, гIалгIаша а тIемаш бира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь. Царах эзарнашна орденашца а, мидалшца а совгIаташ дира. Дукха бара Советийн Союзан Турпалхой хилларш а. Эзарнаш нохчий заьIапхой хилла цIабирзира фронтера. Республикин къинхьегамхоша, шайн ницкъаш ца кхоош белхаш бира тылехь. Фашисташ Соьлжа-ГIаларчу а, Бакурчу а мехкадаьттанна тIекхача лууш чугIертачу, СССР-н промышленни кхиъна долу дерриге а дакъа гитлерхойн карадаханчу вуно чолхечу хенахь республикехь мехкадаьтта даккхар, тIех мехала авиабензин даккхар шозза сов алсамдаккха ницкъ кхечира. Нохч-ГIалгIайчуьрчу колхозхоша даьхнилелоран сурсаташ пачхьалкхана дIадаларан 1943-чу шеран план тIех кхочушйира. Пачхьалкхана планал совнаха дIаделира 66200 пунт ялта, 60840 пунт стоьмаш, 21150 пунт картолаш. Цу тайппана, Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъаша, СССР-н дерриге а халкъаша а санна, хьокъала йоллу хазна юкъайиллина фашистийн Германина тIехь толам баккхарна.
Ш.Гапуров,
Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент, академик, историн Iилманийн доктор
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо