Нохчийчоь! Сан хьоме Даймохк, хьан уьйтIа кхаьчнарг ю бIаьсте!

Ахматова Раиса

БIаьстенна тIера схьа
долалуш ду
Дуьнен чохь мел дерг а,
бералла санна.
ХIинцца бен даша а
ца доьлла ло,
Амма го жима кIант
шен «кема» хоьцуш…
ХIай кема!
Бералла эций хьо гIуо,
БIаьстенан Iоврашца
хIорда тIе кхача.
БIаьсте ю тIекхаьчнарг,
амма стом бу
Адамца кхуьуш берг
гуьйренан денна…

Ахматукаев Адам

БIаьстенан догIа

Мокха мархаш лехьош,
Мехаш марсадевли,
Кескех стигал этIош,
Ткъесаш лелха зевне.
Даккхий синош дохий,
Лаьмнех барташ бохий,
Мархаш яьржа, юхий,
Маьлхан догIа тухий.

Мамакаев Мохьмад

БIаьсте

Безаман хьаша – малх хаза бIаьсте,
Хьо йогIу екаш, дог-ойла хьосте.
Хьан бецан зазца къоналла айло,
Хьо хьаша еъча, гIайгIанна вайло.
Хиш, латта, стигла набарха доккхий.
Дуьненан дахар эшаршка доккхий.
Хьо йогIу екаш, хьайн хазна хестош,
Хьайн маьлхан аре эшаршца лестош.
Башлаьмнаш делхош, хьо йоьлуш йогIу,
Тов бецан аре, ахь хьоьстуш, йоьлу.
Тхо дехар, бIаьсте, хьан хазна хестош,
Хьан маьлхан аре эшаршца лестош.

Сулейманов Ахьмад

Хазчу буса сан дог теда,
Стиглахь гIоттий, суна го
Сирла седа. Сирла седа,
Марша, марша лепа хьо!
Сирла седа хаьий хьуна,
Лаьттахь цхьа кхин седа буй!
Цуьнан бIаьргаш чохь лепа суна
Хьуна тIера боьжна суй.
И бIаьргийн нур, хетарехь, цо
Хьоьгара схьаэцна ду.
Седа, и хьан морса шело
Лаьттачара елла ю…
Седа, ас ма-бохху делахь,
Лохьа лаьтта жимма нур!
Ерриг шело дIаэцалахь,
Ца хилийта и сов кура!

Сулаев Мохьмад

Бераллехь левзинчу хиэ ла а доьгIуш…
Со Iаш ву, суо винчу юьрте а хьоьжуш…
Жимачохь мел дайнарг, сама а даьлла,
Дерриг а, хьо йоцург, схьакхаьчна даьлла,
Дукха хан ю кхин цкъа а хьо гарх со хьоьгу…
Сихлохьа, сихлохьа, ас доьхьу хьоьга!
Хин йистехь, сийначу бацала хиъна,
Ойлано верриг а бералле вигна,
Со Iаш ву, жималла сайн дуьхьалтуьйсуш
ТулгIено суна шен туьйранаш дуьйцуш,
Делахь а, хьо йоцуш, хIоьттина холчу…
Сихлохьа, сихлохьа, хьаьгнариг волчу!
Юха а и генаш мерзанах декош
Сийна гIаш, варкъ диллий, дешиха лепош,
Бос сирла и мархаш стиглара лохкуш,
Дог хьаош, дегI дайдеш, маьлхан нур хохкуш,
Кхин цкъа а со волчу, зезагца ластий,
Сихлохьа, сихлохьа, бераллин бIаьсте!

Музаев Нурди

БIаьстенан юьхь

КIайдаргаш жимлуш ю, ло дешаш арахь,
ЦIен, можа зезагаш а дуьйлу тарехь.
Ловзуш ю алкханчаш кхерсташ хIаваэхь
Керла цхьаъ тIекхетий бIаьстенан терахь:
Толлан генаш тIехь хецаделла маргIал,
БIаьццара чIениг а сов серлаяьлла.
БIарлабаьлла тогIи чохь моан ургIал,
Шийла дохк, малх а тоьлла, айаелла!
БIаьццарчу арене бIаьрг бетта марзло
Басарийн зезагца аренаш къарзло.
Къехкаш, гена болуш, сингаттам бIарзло,
Къонлой сан дагна дерриг дуьне хазло.

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: