Махко а, къомо а шайх дозалла деш, дукха къонахий бийлина Грозненски районан ярташкара. Оцу декъехь шатайпа масал хилла лаьтта Йоккха АтагIа. Политикехь, культурехь, литературехь, спортехь бIаьрла лар йитина атагIоша. ХХ-чу бIешеран юьххьехь ерриге Кавказехь а шен цIе дика евзаш хилла юкъараллин гIуллакххо, публицист, адвокат Мутушев Ахьматхан, оьрсийн паччахьан эскаран инарла Алиев Эрисхан, гIажарийн классически музыкин бухбиллархо Магомаев Iабдул-Муслим (СССР-н халкъан артистан Магомаев Муслиман ден да), дуьненахь гIараваьлла хелхарча, СССР-н халкъан артист Эсамбаев Махьмуд, нохчашлахь дуьххьарлера зуда-летчица, СССР-н спортан хьакъйолу мастер Насуханова Ляля, Россин халкъан художник Татаев Илес, яздархой: Ошаев Халид, Сельмурзаев Мохьмад, Нажаев Ахьмад, Хамидов Iабдулхьамид, филологин Iилманийн докторш: Айдаев ЮшаI, Хамидова Зулай, Навразова Хьава, медицинин Iилманийн доктор Батаев Сайд-Хьасан, историн Iилманийн докторш: Ахмадов Явус, Осмаев Iабас, физикин-математикин Iилманийн доктор Умхаева Зарган, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо, «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редактор хилла Шаипов Iийса, Социалистически Къинхьегаман Турпалхо Гойтемиров Ширвани, Россин Федерацин хьакъволу лор Хажалиев Ваха, Нохчийн Республикин халкъан артисташ: Алиева Тамара, Паскаев Рамзан, Джандаров Муса, Олимпийски ловзарийн чемпион Альбиев Ислам-Бек… Махкахь а бевзаш, болу нах кхин а, кхин а бевлла Йоккхачу АтагIара. Кхуззахь билгалдаккха догIу, шайн юьртарчу гоьбевллачу нахах материалаш гулъеш дукха къахьийгира хьехархочо Пахаев Мовлдис (Дела реза хуьлда цунна!).
ХIокху районан муьлхха юрт ахь схьаэцча а, карабо дозаллица шайн цIерш яха хьакъ болу нах. Иштта, Девкар-Эвла юьйцуш, ца хьахо йиш яц шайхаш: Докку-Шайх, Кана-Шайх, Iусман-Хьаьжа, Iапи-Шайх, экономикин Iилманийн доктор, Россин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент, Россин Лаккхарчу Советан куьйгалхо хилла Хасбулатов Руслан, историн Iилманийн доктор, профессор Хасбулатов Асламбек, поэт Хасбулатов Ямлихан, филологин Iилманийн доктор Хазбулатов Бекхан, актер, Россин Федерацин хьакъволу артист Зубайраев ЯрагIи, Нохчийн Республикин халкъан артист, еххачу хенахь республикин культурин министр лаьттина Татаев Ваха, меттан Iилманча, нохчийн меттан учебникийн автор Эсхаджиев Якъуб, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист Джамаев Iимран…
Нохчашлахь дуьххьара медицинин Iилманийн докторан дессертаци чIагIйина волу Алиев Шарпудди Чеченара хилла. Шен схьаялар ЧIишкара долуш ю похIме актриса, Россин Федерацин хьакъйолу артистка Хаджиева Нелли.
ХIинца Соьлжа-ГIалин цхьа дакъа хиллачу БухIан-Юьртахь вина вара Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист Эдисултанов ШитIа. Цуьнан цIарах ю цигара Культурин дворец а.БердкIел юьртахь вина, кхиъна вара Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо, Советски Союзан Турпалхо Идрисов Абухьаьжа. Оццу юьртара ву нохчийн гоьваьлла поэт Дикаев Мохьмад, юьхьанцарчу классашна леринчу нохчийн меттан учебникийн автор, республикехь дика вевзаш хилла хьехархо-методист Солтаханов Эльбек, Россин Турпалхо Басханов Ризван, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо, берийн яздархо Махмаев Жамалди, физикин-математикин Iилманийн доктор Солтаханов Ширвани.
Къилбаседа флотехь лаккхарчу даржехь бIаьхаллин гIуллакх дIакхоьхьуш волу 1-чу ранган капитан Хабибулаев Iела Iалхан-ГIалара ву. Оццу юьртара ву Нижегородски технически университетан кафедрин куьйгалхо, технически Iилманийн доктор, профессор Вахидов Iумар.
Соьлжаюьртахоша (Соьлжа хьалха Грозненски района юккъе йогIуш яра) дозаллица йоху шайн юьртахойн, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпионийн Бисултанов Асланбекан, Хасимиков Салманан (шолгIаниг-м дуьненан доьазза чемпион ву), филологин Iилманийн докторан Халидов Айсин, Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналистан Газиева Азин цIерш.
Юьртахоша хилла ца Iаш, махко а шайх дозалла дан хьакъ долуш нах бу оха цIерш яьхнарш.
Иштта яха цIерш кхин а, кхин а хир яра Грозненски районан ярташкахь (цхьанаметта массеран цIерш яхар нис а ца ло).
И цIерш йовза еза, тIекхуьучу къоначу чкъурана йовзийта а еза. ХIора юьртахь хуьлуш бу шайн гIуллакхашца, шайгарчу ийманца, леларца, доьналлица къоначарна масал хилла лаьтташ нах. Школашкахь, культурин кхерчашкахь, доьзалшкахь кхетош-кхиоран балхахь церан дахаран масалх шуьйра пайдаэца а беза.
ХЬ.АБАЕВ