ХIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь Нохчийчоьнан Правительствехь Россин Федерацин Юьртан бахаман министра Ткачев Александра Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу латталелорхошна кредиташ даларан а, аренашкахь бIаьстенан белхаш дIабахьаран а гIуллакхаш талларан декъехь ведомствошна юкъахь вовшахтоьхначу комиссин кхеташо дIаяьхьира.
«ДIадаханчу шарахь Россехь мел кхиъначу ялтин 10 процентан дакъа Къилбаседа Кавказехь дара. Округо ша-шена, кхачам боллуш, жижиг а, шура а, стоьмаш а, хасстоьмаш а латтадо», – элира А.Ткачевс кхеташонан дакъалацархошка.
Даьхнилелорехь болу кхиамаш а билгалбехира министра. Цо билгалдаккхарехь, 2015-чу шарца дуьстича, 2016-чу шарахь даьхни а, зIакардаьхни а лелор 5 процентана алсамдаьлла.
Министрана хетарехь, уьстагIий а, гезарий а лелор Кавказехь ламаст а хилла схьадогIуш хиларца доьзна хила тарло Россехь дIадаханчу шарахь уьстагIийн а, гезарийн а жижигах 28 процент Къилбаседа Кавказера хилар.
«Россина оьшшучу барамехь стоьмаш а, хасстоьмаш а латто ницкъ а, аьттонаш болуш а ю тахана Къилбаседа Кавказ. ТIаьхьарчу шарахь хасстоьмаш еккъа цхьана теплицашкахь кхиор а 25 процентана алсамдаьлла округехь», – билгалдаьккхира министра.
Округерчу аренашка хиш далоран гIуллакх а дийцира кхеташонехь.
«Округерчу субъекташна, аренашка хиш далорна лерина, федеральни бюджетера 812 миллион сом ахча къастийна. 2016-чу шарахь хьажийначу ахчанца дуьстича, 10 процент алсам ду иза», – элира А.Ткачевс.
Къилбаседа Кавказехь ялта деран декъехь дIахьочу кампаних лаьцна дийцира Россин Юьртан бахаман министерствон Ораматашлелоран, механизацин, химизацин, департаментан директора П.Чекмаревс. Цо билгалдаккхарехь, ялташ дIадер 79,3 процентана кхочушдина хIинцале а. БIаьстенан ялташ 1,4 миллион гектаран латтанаш «дIалоцур» долуш ду.
Оццу министерствон Экономикин а, АПК-на пачхьалкхан гIо даран а департаментан директора Н.Чернецовас округерчу латталелорхошна кредиташ даларан гIуллакхах лаьцна дийцира. Цо билгалдаккхарехь, Къилбаседа Кавказана оцу декъехь хIокху шарна лерина 460 миллион сом ахча ду. Цунах 31 процент бен, карарчу хенахь, округерчу латталелорхошка схьакхачийна дац. Оцу декъехь хьалхарчу меттехь Дагестан а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а ю.
Кхеташонехь иштта докладаш йира оццу министерствон Яртийн латтанаш кхиоран а, Ветеринарин а, Мелиорацин а, Даьхнилелоран а департаментийн директорша В.Свеженеца а, В.Шевкопляса а, В.Жуковс а, Х.Амерхановс а.
Кхеташонан болх дIаберзош, Ткачев Александра Къилбаседа Кавказерчу АПК-н декъана урхалла даран органашна латталелорхошна а, сурсаташ кхиоран декъехь къахьоьгучарна а хьажийна долу федеральни бюджетера ахчанаш сихонца дIакхачор тIедожийра.
Билгалдаккха догIу кхеташонехь дакъалоцуш Россин Промышленностан министерствон а, Россельхознадзоран а, Росагролизинган а, Къилбаседа Кавказерчу АПК-н декъана урхалла даран органийн а, округехь болх бечу банкийн а векалш а хилла хилар.
И.ИСЛАМОВ
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо