ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан пачхьенан Октябрьски кIоштахь болх бан йолаелла диализан керла туш. Оцу инвестицийн проекто 40 сов белхан меттиг хуьлуьйтур ю бахархошна. Клиникехь лаккхара говзалла йолу дарба дийр ду жиман кхачамецахиларан цамгар йолчарна. Республикехь кхоалгIа ю керла схьайиллина диализан туш. Иза йина «Нефролайн» компанин ахчанах. Цунна йинчу инвестицийн юкъара барам 100 миллион соьме ца кхоччуш бу.
Туш схьаелларна леринчу гIуллакхехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Свердловскан областехь волу векал Мамаков Салавди, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, «Нефролайн» компанийн тобанан президент Магадеев Юлай, Нохчийн Республикин Могашалла Iалашъяран министран заместитель Исакова Зарема.
Шен къамелехь Магадеев Юлайс Нохчийн Республикин Правительствона баркалла элира регионехь диализан туш схьаелла накъосталла дирна.
– ХIара тхан дуьххьарлера диализан туш ю Нохчийн Республикехь, иштта еш кхин шиъ ю, хIокху шарахь уьш йина а евр ю. Суна хаьа, Соьлжа-ГIалахь иштта туьшаш кхин а юйла, иза царна юкъахь конкуренци хилийтарна дика ду. Тхайн компанин кхиам хирг хиларх тешна ду тхо, хIунда аьлча Россехь оха схьайиллинчу ишттачу 20 туьшахь дечу дарбано гойту иза. Цигахь цомгашчарна гIоли хилла ца Iаш, медицинин берриге а гайтамаш толо, – билгалдаьккхира цо.
Умаров Джамбулата дийцира, туш схьаелларца цхьаьна бахархойн тоьлла дарба даран сатийсам кхочушхилла хиларх лаьцна.
– Тахана Октябрьски кIоштахь хIара диализан туш схьаелларо таро лур ю республикин дуккха а бахархошна дарба дан. Тхо, ткъа билггал аьлча Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство а, Соьлжа-ГIалин мэри а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдеш дара, – элира Дж.Умаровс.
Исакова Заремас дийцарехь, туш схьаелларо аьтто бийр бу республикин бахархошна шен хеннахь а, кхачаме долу а медицинин гIо дан.
– Бакъ а долуш, хIара мехала хилам бу республикина, могашалла Iалашъярна, хIунда аьлча неврологин декъехула цомгаш берш – уьш уггаре чолхе, уггаре социальни агIор гIо оьшу адамаш ду. Цхьа хан яра вайн республикехь диализан цхьа а туш йоцуш. Цундела вайн бахархой кхечу регионашка боьлхура дарба дайта. ХIинца церан таро ю ерриге процедураш шайн регионехь чекхъяха, – элира Могашалла Iалашъяран министран заместитела.
Хучиев Муслима билгалдаьккхира, республикехь рогIера диализан туш схьаелларо инвестицеш юкъаялорна регионехь дерриге а хьелаш кхоьллина хилар гойтуш хилар.
Нохчийн Республикин экономикина инвестицеш юкъаялорна а, мехала болх барна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехатца совгIат дира Свердловскан областехь волчу векална Мамаков Салавдина.
Цул тIаьхьа цхьаьнакхетаран дакъалацархой, цIен аса хадорца объект схьа а йиллина, цуьнан чоьнашка хьаьвсира.
I.МУРТАЗОВ
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо