«Предмашук» дIайолалуш ю Нохчийчохь

Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъекташкахь дIайолалуш ю «предмашукаш» олуш йолу Iаморан форумаш. Уьш лерина ю округехь кегийрхошна леринчу мероприятех коьрта ларалучу «Машук–2017» форумехь дакъалоцучу субъектийн командаш вовшахтохарна.

ХIутосург беттан 19–21-чуй деношкахь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театран-концертийн залехь (Соьлжа-ГIала, Театран ур., 1/75) «Машук–2017» форуман вовшахтохаран комитето пресс-конференци дIахьур ю. Цул тIаьхьа форуман «Поколение лидеров» цIе йолу Iаморан программа дIахьур ю Нохчийн пачхьалкхан университетан дешаран 2-чу корпусехь (Соьлжа-ГIала, Дудаевн бульвар, 17 «А»).

Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон (Росмолодежь) говзанчаша а, Форуман Iаморан программин тренерша а хир болчу машуковцашца кхаа денна лерина долу «дешаран» дарсаш дIахьур ду. Царна юкъа тайп-тайпанчу теманашна лерина семинараш а, практикумаш а, цхьа ойла йолчеран тобанаш кхолларан бух бовзийтаран гIулчаш йовзийтар а, кегийрхойн дIадолораш кхолла Iамор а догIу.

***

Хьаьттан (август) беттан 5–19-чуй деношкахь шина сменехь дIахьур ю «Машук–2017» форум (Ставрополан край, Пятигорск, Комсомолийн аре).

I-ра смена – «Меттиг кхиар: субъектан экологи» (хьаьттан (август) беттан 5–12-чуй деношкахь): Проект. Команда; Карьера. Кхолларалла; Iилма. Бизнес.

II-гIа смена – «Меттиг кхиар: юкъараллин экологи» (хьаьттан (август) беттан 12–19-чуй деношкахь): Лидерство. Юкъаралла; Хаам. Кхерамазалла; Спорт. Патриотизм.

Нохчийн Республикин цIарах оцу форумехь 205 стага дакъалоцур ду.

Форумах дерг мелла а шуьйра довза йиш ю 8(8712)22-41-23; 8(938)999-00-86 номершца.

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: