ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь дийцира хаамийн гIирсашкахь кхерамаш туьйсучарна дуьхьал къийсам дIабахьа безарх лаьцна.
Конференцехь дакъалецира Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас, цуьнан заместитела Хусаинов Iазарбека, политолога Истамулов Iабдуллас, Нохчийн Республикин хьакъболчу журналисташа Хатуев Ислама, Мусаев Сайд-Мохьмада.
И гIуллакх вовшахтоьхначара дийцарехь, конференцин коьрта Iалашо яра цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша а, блогерша а еш йолу «Iиттарш» таллар а, царна дуьхьал къийсам дIабахьар а. Ибрагимов Iийсас билгалдаьккхира оцу декъехь дIабахьа лерина дуккха а белхаш хилар.
– Таханлерчу конференцехь гулбелларш лаккхара говзалла йолу векалш бу. Цара бохучунна тIе а тийжаш, тхайна бакъахьа хетарг дIа а довзуьйтуш, болх дIабахьа дагахь ду тхо. ТIаьхьарчу шерашкахь вайна кест-кеста го «либералийн шуьйрачу хаамийн гIирсаша» яржош йолу харцонаш. Церан и харцонаш лелон аьттонаш алсамбевлла, хIунда аьлча, таханлерчу дийнахь доьзалера цхьа стаг «интернетан машанехь» воцуш хир дац. И харцхаамаш баржочарна бен а ца хета шаьш цхьа стаг я дерриге халкъ сийсадаккхарх. Царна коьрта цхьа хIума ду – шайн «аудитори» аслсамъяккхар, – дийцира Ибрагимов Iийсас.
Цул тIаьхьа Истамулов Iабдуллас дийцира «псевдолибералаша» лелочу политиках лаьцна.
– Дукхахболчу блогерша (иштта эр ду вай царах) оьрсашний, нохчашний юкъахь питана туьйсу. Нохчийн исторера къиза хиламаш карлабоху, уьш тIехтуху, ткъа иза ца лало нохчашка. Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан мел ву, цо шен халкъ сийсаздойтуш цхьа а хIума шайга дойтург цахиларх кхета уьш, цундела, къайла а бевлла, цу тайпана могIанаш яздо цара, – бохура цо.
Хатуев Ислама довзийтира «хаамийн тIамах» лаьцна шена хетарг.
– ХIара болх кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь дIабахьар мехала ду. ХIунда аьлча, уггаре а хьалха, кегийрхойн кхетамна тIехь болх беш бу и хаамаш баржош берш. Бакъду, таханлерчу дийнахь вайн кегийрхой оцу «хабарех» Iехалур бу аьлла ца хета суна, – элира цо.
АСЛАХАНОВА Хеда
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо