Пачхьалкхан Коьрта Экзамен дIаяла еза хан тIекхочуш ю

Соьлжа-ГIаларчу Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школехь республикин ерриге а кIошташкарчу дешаран учрежденийн куьйгалхошца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIил.

Кхеташонехь дакъалецира министран хьалхарчу заместитела И.Тааевс, ЧИПКРО-н ректора Г.Эльмурзаевас, Дешаран дикаллин маххадоран туьшан директора Ш.Бечиевс, регионан дешаран а, Iилманан а декъехь болх бечу векалша.

Цигахь, коьртачу декъана, дийцира Пачхьалкхан Коьрта Экзаменах а, Пачхьалкхан ЖамIашдаран Аттестацих а, иштта 4–5-чуй классашкахь Ерригроссин аттестацин белхаш теллина хиларх а лаьцна.

И.Байхановс билгалдаьккхира дешаран шо чекхдолуш хилар а, цуьнца цхьаьна экзаменаш гергагIерташ хилар а.

– Хьехархой! Вай дийнна шарахь дешархошца бина болх цара дIалучу экзаменашкахь гур бу. Йисинарг дукха хан яц, цундела вай а, дешархой а, церан дай-наной а сема хила беза. Дешархошца беш болу болх кхин а жигарбаккха беза, – элира цо.

Пачхьалкхан Коьрта Экзамен дIаяхьаран диагностика яран жамIаш дар а дийцаре дира, иштта, хIинцале а дIабаьхьна болх а, дIабахьа леринарг а бовзийтира.

– Вайн регионерчу хьехархоша Iаламат дукха белхаш бо дешархошца. Вайна цу тIехь доккха накъосталла до Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институто а, Дешаран дикаллин маххадоран туьшо а. Иштта, вайна ма-хаъара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана дешаран декъана Iаламат доккха гIо-накъосталла до. Дешархошна а, студенташна а кхоьллина уггаре а тоьлла хьелаш ду, – элира И.Байхановс.

Цул тIаьхьа дийцира Пачхьалкхан ЖамIашдаран Аттестаци дIаяла бакъо йоцуш бисинчу дешархойх лаьцна.

– Дешархо 9-чу классе валлалц а ца Iаш, хьалхарчу классашкахь дуьйна цуьнан хаарш зуьйш болчу хьехархоша шолгIачу шарна вита декхар ду ледара доьшуш велахь. Ткъа таханлера сурт — Пачхьалкхан ЖамIашдаран Аттестаци дIа а ца ялалуш буьсу дуккха а дешархой, – дийцира И.Тааевс.

Нохчийн Республикин Дешаран дикаллин маххадоран туьшан директора Бечиев ШахIруддис шен докладехь дийцира хIора кIоштарчу дешаран урхаллера шайга кхаьчначу жамIех лаьцна. Иштта аттестацина кечам барехь дIабаьхьна болх а бовзийтира. Дешаран шо чекхдаьлла лара мегар ду, амма кхочушдан дезаш дуккха а гIуллакхаш ду, говзанчаша дийцарехь.

Кхеташо ерзош билгалдаьккхира хIокху баттахь регионерчу ерриге а школашкарчу дешархоша библиотекина книгаш яла езаш хилар. Цу тIехь дешархойн дай-наноша само ян езаш хилар билгал а даьккхира цара.

Хь.БАХТАЕВА

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: