ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни комплексехь Ерригроссин «Нохчийчоьнан зама – 2017» проектана лерина «Дагера даге» суьртийн гайтам хилира. Оцу гайтаме дехкинарш Россин суьрташдахкархойн союзан декъашхойн суьрташ дара, шайна юкъахь Россин а, дуьненаюкъарчу а культурин а, искусствон а академин академикан Ржевский Валерийн а, Россин халкъан хьакъволчу суьрташдахкархочун Карих Александран а суьрташ а долуш.
Гайтаман хьеший бара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Асуев Саламу, республикин Культурин министран заместитель Мелькиев Рустам, Россин суьрташдахкархойн союзан Нохчийн отделан председатель Умарсултанов Вахьид, Нохчийн Республикин а, Дагестанан а халкъийн хьакъволу суртдиллархо Асуханов Аманди.
Нохчийчу дуьххьара баьхкина бара Россин суьрташдахкархойн союзан декъашхой: Федотов Александр, Колотилов Александр, Григорян Михаил, Долгащев Константин, Захаров Андрей, Волкова Елена. Шина кIиран чохь Нохчийчоьнах бIаьргтоха а, цуьнан исбаьхьа хазалла шайн суьрташкахь гайта а дагахь бу уьш.
– Нохчийн Республикин хазалло сан дог-ойла ир-кара хIоттийна кхидIа йолчу сан кхоллараллина. Дукха хан яра со шун махка ван лууш волу. Суна дукхазза а хезнера Нохчийчоьнан Iаламан хазаллах лаьцна дуьйцуш, ткъа тахана со ирсе ву аш кхуза кхайкхарна. Со тешна ву хIокхул тIаьхьа суьрташ дахка а, гайтамаш бан а шун махка тхо сих-сиха догIург хиларх, – билгалдаьккхира Ржевский Валерийс.
ХIутосург (май) беттан 25-чу дийнахь «Нохчийчоьнан зама – 2017» проектан дакъалацархой лерина бу шаьш Нохчийчохь дехкина суьрташ цуьнан бахархойн кхиэле дахка. Иштта, цара суьрташдахкархойн искусствехула мастер-классаш а лур ю.
ВЕГИЕВА Макка
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо