ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствехь дIадаьхьира Ерригроссин дешархойн олимпиадехь толамаш баьхначарна совгIаташ дар.
Цигахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин юкъарчу дешаран учрежденийн хьехархой, олимпиадин толамхой, церан дай-наной. И гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствон юкъарчу дешаран отдело.
2017-чу шарахь кхолламан (январь) беттан 11-чу дийнера чиллин (февраль) беттан 22-чу дийне кхаччалц лаьттира дешархойн олимпиада, 9–11-чуй классашкарчу 565 дешархочо дакъалецира цигахь. Царна юкъахь хьалхара меттиг яьккхинарг 17 дешархо ву, 67 дешархочунна совгIаташ дина.
Олимпиадин толамхой декъалбеш, вистхилира Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал.
– Ас декъалбо дешархойн олимпиадехь толамаш баьхнарш а, иштта, суна баркалла ала лаьа церан хьехархошна а. Атта доций хаьа дешархошна хьеха а, уьш Iамо а. Делахь а, шун къахьегар эрна ца хилла. Дела реза хуьлда шуна а, берийн дай-наношна а. ХIокху тайпана хьекъал а, похIма а долу дешархой хилар вайн махкана доккха дозалла ду. Дала аьтто бойла шун! – элира цо.
Олимпиадин толамхой а, уьш кечбина хьехархой а билгалбехира Сийлаллин грамоташца а, мехалчу совгIаташца а.
Х.МОВСАРОВА
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо