Бохь «стигалах хьекхалуш» йоьттина гIаланаш санна гуш яцахь а, цул мехала ю Iеламнаха, ша аьлча Нохчийчоьнан Муфтиято юттуш йолу халкъан ийман чIагIдаран синбIаьвнаш. Цхьана а дийнахь юкъах ца боккхуш дIахьош бу синбIаьвнаш йоттаран, адамийн синкхетам кхиоран болх. Деккъа маьждигашкахь дIабаьхьна Iаш а бац иза. Муфтиятера Iеламнах даима халкъана юкъахь бу, диканехь-вуонехь бу.
Вайн регионан Муфтиятан белхахоша хаддаза зIенаш латтайо кхечу пачхьалкхашкарчу Iеламнахаца а, бусалба динан урхаллашца а. Цунна масалш лоьхуш къахьега дезар дац вайн. ХIара шо доладеллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан Муфтиятан векалш СаIудийн Iаравехь, Мисарахь, Кувейтехь, Ливехь, цхьамогIа кхечу пачхьалкхашкахь хилла. Дукха хан йоццуш Шемахь хилира вайн Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа. Цигахь цуьнан чIогIа беркате цхьаьнакхетарш хилира оцу мехкан Президентаца Асад Башарца а, Шемин Вакуфийн министраца Мухьаммад Iабд Ас-Саттар Аль-СаIидца а, «Аль-Фатехь Аль-Ислами», «Абу Ан-Нур» университетийн куьйгалхошца а, дерриге а дуьненахь бусалбанашна дика бевзаш болчу Iеламнахаца а.
Президентаца Б.Асадца хиллачу цхьаьнакхетарехь, коьртачу декъана, дийцаре дира дуьненаюкъарчу терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь Шемахь кхолладелла долу хьал а, оцу декъехь Нохчийчоьнан куьйгаллина, Iеламнахана зеделларг а. Дерриге а дуьненара вовшахкхеттачу, Малхбузерчу пачхьалкхаша ир-кара хIиттош, герзаца, ахчанца, кхечуьнца кхачо еш болчу террористашна дуьхьал луьра тIом дIахьош ду Шемин куьйгалла а, Iедалан эскарш а. Церан гIолоцуш хIокху доккхачу дуьненахь ши-кхо пачхьалкх бен яц. Царах цхьаъ Росси а ю.
Асад Башара къаьсттина билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо шемахошна деш долу гIо-накъосталла. Цуьнца доьзна цо Межиев Салахь-Хьаьжига дийхира шен цIарах оцу фондан Президентана Кадырова Айманина а, ткъа иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а даггара баркалла алар. «Шемина уггаре а хала беанчу муьрехь нохчийн халкъо а, цуьнан куьйгалло а вежараллин куьг кховдийна тхоьга. Цара дина гIо-накъосталла цкъа а дицдийр дац оха. Баркалла. Дела резахуьлда шуна», – элира Б.Асада.
Хьаххийначуьра аьлча, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо сацам бина шен чоьтах Алеппо а, Дамаск а шахьаршкахь буоберашна (приюташ) цIенош дан, Алеппора шира маьждиг меттахIотто. «Цуьнца цхьаьна, герггарчу хенахь, дIадолор ду «Масджид аль-Умайя би Хьалаб» цIе йолу маьждиг меттахIоттор. Деза а, сийлахь а лоруш ду бусалбанаша и маьждиг. Цундела иза меттахIотторна боккха тидам тIебахийтина шемахоша. Цигахь долчу Iадаташца, маьждиган момсар хьалаюттучу хенахь пена юккъе буьллур бу маьждиг Iалашдарехь гIо диначун цIе тIеязйина тIулг», – бохура С.-Хь.Межиевс.
Оцу цхьаьнакхетарехь вайн регионан муфтис Шемин Президентана дIадовзийтира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шега дина кост-дехар. Цо дехнера Хомсехь дохийна долу Халид Бен Валидан маьждиг Iалашдарна а, хьалха ма-хиллара иза меттахIоттадайтарна а тIехь Б.Асаде терго латтае алахьара ахь, аьлла. Шемин Президента кхаъ хиларца тIеийцира и дехар. Оцу дехарехь бIаьрла гуш дара Р.Кадыровс Шемахь долчу хьолана сагатдина ца Iаш, цигара маьждигаш Iалашдарна а, меттахIитторна а гIайгIабеш хилар. Иза шена гуш а, хууш а хилар хаийтарца цхьаьна Б.Асада тIелецира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун дехар кхочушдан. ХIунда аьлча Шемина а доккха маьIна долуш ду и маьждигаш.
– Иштта, Шемахь хиллачу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре дира «Джамиату Биладу аш-Шам» цIе йолу Левантерчу университетан филиал Нохчийчохь схьаелларан хьокъехь долу гIуллакхаш. Цу тIехь а барт хилира шина а агIонан. Билгалдина кхаа тIегIанан (дешар) Iилма Iаморан филиал вайн республикехь схьаеллар. Цу тайпаниг ян а яц Россехь. Цигахь дешар дIахьур ду Шемахь йолчу дешаран программица. Амма цигахь дешаран, Iилма Iаморан тIегIа Мисарахь йолчу «Аль-Азхар» университетехь долчуьнга дIакхачо Iалашо ю тхан», – бохура Межиев Салахь-Хьаьжас.
Цу тайппана беркате хилира Шеман Iедалан а, пачхьалкхан университетийн а, векалшца могIарерчу шемахошца а хилла цхьаьнакхетарш а, къамелаш а. Къаьсттина тIаьххьарчара баркаллица хьахабора кхузахь Россин Оборонин министерствон тIеман полицина юкъахь Шемахь хиллачу вайн батальонан бIаьхой. Цара Алеппохь шайгара доьналла, майралла гайтина ца Iаш гIиллакх а, оьздангалла а, эхь-бехк а, ийман а, къинхетам а гайтина. Цара маьрша нах ларбина талорхойх а, нехан чуьра хуьскаш идош болчарах а. Шайна юкъахь цхьа дар-дацар хилча, шемахоша олуш хилла: «Шу Iадда ца Iахь оха (нохчашка) шишанашка дIадуьйцур ду шуна». Цу тIехь дар-дацар доьрзуш хилла. Иштта дика цIе яккхийтина вайн бIаьхоша шемахошка.
Вайн Муфтиятан векалийн уьш санна долу цхьаьнакхетарш кхул тIаьхьа а хир ду бусалбанийн кхечу пачхьалкхашкахь. Уьш вайн дерриге а халкъана а беркате а хир ду, Дала мукъ лахь.
С.ХАМЗАТОВ
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо