«Нохч-ГIалгIайн полках дош»

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом чекхбаьлла 72 шо кхаьчна. Дуьнено а даздира Сийлахь толам баьккхина де.

Нохчийн Республикин дахарехь а доккха маьIна долуш ду иза, хIунда аьлча, вайн махкахоша оцу тIамехь жигара дакъалаьцна.

2004-чу шарахь Нальчикехь араелира Ошаев Халида язйина «Нохч-ГIалгIайн полках дош» книга. Цхьаболчу наха дуьйцург дош доций хоуьйтуш, вайн халкъо оцу тIамехь лаьцна дакъа ма-дарра гойтуш, доккха маьIна долу тоьшалла ду иза.

Ошаев Халид вайн халкъан исторехь, литературехь, Iилманехь, культурехь, юкъараллин дахарехь дIадаханчу XX-чу бIешарахь уггаре а сирла лар йитинчарах цхьаъ ву. Вайн халкъ бехдан, цунна тIехь доцург кхолла гIертачарна дуьхьал даима а къийсам латтийна цо. Къаьсттина дукха болх бина вайн махкахоша Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалацаран ма-дарра сурт гайтархьама. Ша лаьцначуьра паргIатваьлчахьана, литературехь болх беш схьавеана Ошаев Халид, дуккха а тайп-тайпанчу жанрийн говзарш а кхуллуш. Царна юкъахь йоккха меттиг дIалоцуш яра цуьнан тIеман тематикина леринарш. Газетийн а, «Орга» альманахан а, цуьнан шен книгийн а агIонаш тIехь яра уьш, ткъа цхьаерш зорбане евлла а яцара. Вай юьйцучу «Нохч-ГIалгIайн полках дош» книгехь дуьххьара цхьаьнатоьхна уьш а, нохчийн халкъ махках даккхарх долу дийцар а, «Цуьнан лаамна дуьхьал хилларшший», «Нохч-ГIалгIайн 255-гIа…» повесташ а.

Книгин дIахIоттам иштта бу: Ошаев Халидан кIентан Майрбекан ю «Ларйина архив» цIе йолу дешхьалхе. Брест-гIап ларъярх говзарш («Брест-цIеран бIар» повесть, «Брест-гIап ларъеш хиллачеран дагалецамаш», «Брест-гIап ларъеш хилларчарах очеркаш»), «Вага, амма юха ма-вала» (Даймохк ларбинчарах очеркаш), «Нохч-ГIалгIайн 225-гIа…» повесть, «ЦIийх юьзначу эткашна кIел» (нохчийн халкъ махках даккхаран истори юкъара дийцарш), Музаев Мохьмадан «ХIокху сборниках а, арахецаран цхьацца билгалонех а» дештIаьхье ю. Гуш ма-хиллара, Ошаев Халидан шен говзарел сов, кхузахь ши статья ю – Ошаев Майрбекан а, Музаев Мохьмадан а. И шиъ вара книга зорбане кечйинарг а, арахецнарг а.

Ошаев Майрбека – яздархочун кIанта, Iилманчас – тIаьхьарчу шерашкахь Халидан архив ларъеш а, оцу юкъара белхаш зорбане кечбеш а къахьийгира ша кхалххалц. ТIеман хьелашкахь а, махках ваьлла лелаш а ша и архив ларъярх а, и белхаш арахеца гIерташ лелийначух а дуьйцу цо. Къаьсттина мехала ду шен дагалецамашкахь цо Халида и белхаш муьлхачу хьелашкахь язбеш хилла довзийтар.

«Ас и ца дахь, хьан дийр ду иза?» – оцу дешнашкахь ша ма-варра Ошаев Халид ву иза, шен берриге а кхолламца, шен ерриге а кхоллараллица.

Книгехь коьрта меттиг дIалоцу «Брест-цIеран бIар» повесто а, цуьнца йоьзначу материалаша а.

Х.Ошаевс «Дицдийр дац вай» дешхьалхенехь дуьйцу вайн махкахоша тIамехь Брест гIап ларъеш лаьцначу декъах.

Брест-гIопах йолчу повестан хьалхара ши дакъа оцу гIопан историх а, 1941-чу шеран июнехь-июлехь гIап ларъеш хиллачу тIамах дерг довзуьйтуш, кхетам луш ду. Яздархочо, оцу хIуманех дийцина ца Iаш, оцу тIамах а, тIаьхьалонех дерг а къастадо. Брестехь фашисташна дуьххьара гучуделира, тIом шайн толамца сихха чекхбер бу бохург моттаргIа хилар. Авторна коьрта ду, и доккха маьIна долу хилам вайн махкахойн доьналла, майралла бахьанехь хилар. Цундела хIораннах дерг леррина лоху яздархочо, хIораммо а юкъарчу толамна юкъадиллина дакъа билгалдоккху.

Кийсакех меттахIоттадо сурт санна, Брест-гIап ларйинчеран дагалецамашкахула гойту яздархочо и хиламаш, хIоранна а дагахь уьш ма-биссара. Дийна висинчу хIора тIемалочун дагалецамашкахула вайна хьалхахIутту Брестехь хиллачу тIеман юкъара сурт. Нохчийн а, кхечу къаьмнийн а тIемалойн кхолламех дуьйцу яздархочо шен очеркашкахь.

Нохч-ГIалгIайн дошлойн 255-чу полках ю Ошаев Халидан дуьххьара зорбане яьлла повесть. Оцу полкан бIаьхаллин гIуллакхех, цуьнан командира, Советийн Союзан Турпалхочо Висаитов Мовлида («Терка тIера Эльби тIекхаччалц») книга, яздархочо Муталибов Зайндис («БIаьхочун весет», «Чевнаш йирзина йогIу», «Дарцана дуьхьал») язйина книгаш. Ошаев Халида исбаьхьаллин-документийн жанрехь язйинчу шен повестехь гойту и полк кхолларх а, цуьнан тIеман некъах а.

«Вага, амма юха ма вала» циклера масех очерк хьалха дуьйна книгашъешархошна евзаш ю (Нурадилов Ханпашах, Идрисов Абухьаьжах), кхиерш дуьххьара 2004-чу шарахь зорбане евлла.

«Чайра», «Цуьнан лаамна дуьхьал хилларш» дийцарш вайн халкъ 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь махкахдаккхарх яздина ду. Царах хьалхарниг нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь тIаьхьарчу шерашкахь арахецна, ткъа шолгIаниг девзина дацара. Оцу темина лерина говзарш тIаьхьарчу хенахь дукха язйинехь а, Ошаев Халид ваьхначу хенахь иза кхераме а, яздархочо атта дийр доцуш а хIума дара, хIунда аьлча, зама «хала» хиларна. Дагах кхеттачу кепара, говза яздина дийцарш ду уьш. «Нохч-ГIалгIайн полках дош» книга араялар дуккха а тIаьхьа нисделлехь а, яздархочун болх лараран, цуьнан сий даран, иза шен халкъо вицвина цахиларан тоьшалла ду.

Книга оьшуш хилар цу тIехь чекхдала ца деза. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкарчу хиламашца а, вай махках дахаран историца а доьзна шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула мел дуьйцучу харц къамелашна дуьхьал дало делил хир ду цунах. Кегийрхой, вайн тIекхуьуш долу къона чкъор Даймохк безаш а, кхечу къаьмнашца машар безаш а кхиорехь доккха накъосталла а хир ду.

АРСАМИРЗАЕВА Асет

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: