Муха кхочушдо шун хьашташ

Син-оьздангаллин ойланехь кхетор

Веданан кIоштан администрацин къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделан коллективо жигара дакъалоцу тIекхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиорехь. ТIекхуьуш йолу тIаьхье син-оьздангаллин ойланехь кхетош-кхиорехула йолу цхьааллин концепци тIеэцарца цхьаьна отделан белхахоша билггал долу гIуллакхаш дан долийра оцу декъехь, вовшах а тоьхна, чIагIйира и программа кхочушъярх жоп лун долу белхан тоба. Цунна юкъавеара кIоштан къеда А.Джафаров а, цуьнан заместитель Л-А.Чагаев а.

Отделан куьйгалхочо Л.Арсановас дийцарехь, Iаьрбийн мотт Iамо берийн ши тоба вовшахтуьйхира. Хьалха хиллачу маьждига чохь дIахьо кIоштан школийн дешархошна Къуръан Iамор. Ткъа белхахоша шайн коьрта болх кхочушбарца цхьаьна отделе баьхкинчаьрца дIахьо къона тIаьхье син-оьздангаллин ойланехь кхетош-кхиорах лаьцна долу къамелаш. Имамашца цхьаьна кхузахь кест-кеста хуьлуш волчу кIоштан къедас коллективана дуьйцу Ислам-динах, кхойкху дика гIуллакхаш даре, терроризм, экстремизм санна болчу боламаша къоначу чкъурана беш болу Iаламат боккха вуон Iаткъам билгал а боккхуш, царна дуьхьал машар боцу къийсам латторе.

Динан дезачу деношна тIекхочуш шайн чоьтах эца а оьцуш, сагIина кхачанан сурсаташ дIасадоькъу отделан белхахоша буоберашна а, дукха бераш долчу доьзалшна а, гIийла бохкучу доьзалшна а.

Къинхьегамна бакъо

Иза уггаре а хьалха хьакхало шайн барам хаддаза алсамболуш болчу заьIапхойх. ХIунда аьлча, балхо бен бакъо ца ло стагана ша юкъараллин вуьззина бакъонаш йолу декъашхо лара. Ткъа заьIапхошна юкъахь кIезиг бац къахьега лууш берш, шайн таронашна хаъал даккхий дозанаш деттахь а: шайн цигахь белхан меттигаш йоллушехь алссам ю уьш балха ца оьцуш йолу предприятеш, организацеш. Къайле ма яц заьIапхошна атта къинхьегам бала безаш, царах хIораннан а шайн-шайн белхан раж оьшуш, садаIаран хан алсам а йоккхуш, белхан барам лахбан безаш хилар. Цундела оьшу царна пачхьалкхан агIорхьара гIолацар.

Цуьнца доьзна Соьлжан кIоштарчу бахархой балха нисбаран туьшан куьйгалхочо А.Юнусовс билгалдехира, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкарш кхочуш а деш, болх балун болу заьIапхой хьесапе эцарехь шаьш долчохь деш долу гIуллакхаш. Уьш балхана юкъаозор дIадолийра 2016-чу шарахь. Къинхьегаман рынкехь йолуш йолу белхан меттигаш билгал а яьхна, царах дерг довзийтира 36 заьIапхочунна. Ткъа балха дIанисвира 7 стаг.

Кху шарахь оцу тобанна юкъабогIуш болчарах балха нисвина 4 стаг. Болх луш болчаьрца цхьаьна кIоштан предприятешкахь квоташ билгалйина отдело. Цо таро хилийтина 65 заьIапхо балха хIотто.

Белхазалла лахъярна тIехьажийна

Федеральни законодательствос хьалха хIиттош болчу лехамашца нийса а догIуш дIахIоттийна ТIехьа-Мартан кIоштан Бахархой балха нисбаран туьшо (ЦЗН) шен болх. Цуьнан куьйгалхочо Р.Цагараевс дийцарехь, коллективо билггалчу Iалашонна тIехьажийна гIо до кIоштан бахархошна царна бегIийла хеташ болу болх лахарехь а, уьш балха дIанисбарехь а. Жигара кхочушдо пачхьалкхан хьашташ а: болх лохуш болу гражданаш хьесапе оьцу, уьш белхазхойн тобанна юкъабоьлхуш хилар чIагIдо, белхазаллина догIуш долу ахча ло.

Карарчу хенахь туьшан хаамашца бIеннашкахь багарлуш бу кIоштахь болх боцуш бисина гражданаш. Кхеташ ма-хиллара, аттачарах дац коллективана хьалха лаьтта декхар – цкъа делахь, церан барам алсам цабалийтарна тIехьажийна гIуллакхаш дан деза. ШолгIа делахь, царна белхан меттигаш лаха а еза, белхазхой балха хIитторехь гIо дан а деза. Цу тIехь хаъал кхиам бу ала а мегар ду. Нагахь дIадаханчу шарахь хьесапе эцна хиллачу 264 стагах балха хIоттийнарг, шайна юкъахь 14 заьIапхо а волуш, 245 стаг хиллехь, кху шеран хьалхарчу кварталехь болх нисбина 93 стагана. Царна юкъахь пхи заьIапхо а ву. Берийн бошмашкахь, школашкахь, больницашкахь карийра белхан меттигаш. Оханан (апрель) бутт чекхболуш туьшахь хьесапе эцнарг 214 белхазхо вара. Оццу хенахь белхан 158 меттиг а яра: кочегаран, хехочун, медицинин йижарийн, социальни белхахойн, берийн бошмашна берашна Iуналла деш болчеран корматаллаш.

Кху шарахь туьшахь кхочушдинчу пачхьалкхан хьашташна юкъадоьлху корматалла карлаяккхар, социальни кечвар (адаптация), психологически гIолацар. Оцу кепарчу хьаштех пайдаэцна 170 гергга стага.

Хаамаш кечбинарг – Л.АБУБАКАРОВ

№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: