(Профессоран, медицинин Iилманийн докторан Салатов Русланан 75 шо кхачарна лерина)
Ирча бе ара нохчийн халкъана ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталун мур. Иттех шо тIеман цIергахь даккха дийзира вайн махкахойн. Зенаш, зуламаш, иэшамаш массеран керташкахула чекхдевлира. Бакъду, адамаша садеттара, Делан диканах дог ца дуьллура. И садеттар а, тIаьхьуо, тайп-тайпанчу лазаршца гучудийла доладелира. Къаьсттина алсам яра царна юкъахь онкологин цамгарш. Юьхьанца царна деш дарба дацара Нохчийчохь. Онкологин зирх тасабелла стаг Дона-тIерачу-Ростове хьажавора. Вайн махкахь кхихкина буьрса тIом бахьанехь балхах-некъах хаьддачу адамашна атта дацара кхечу гIала баха а, цигахь дарба лаха а.

Бакъду, Ростоверчу онкологина дарба лелочу больницехь нохчийн къомах говза лор вара. Кхечу гIалахь Iаш вара аьлла, халкъан гIиллакхах хаьдда а вацара, багара йолу Iаь кIеда-мерза йолуш а, массаьрца цхьабосса къинхетаме а вара. Иза баккъал а хаза кхаъ бара нохчашна. ТIаьхьуо, массара а лоьран цIе яха йолийча, Салатов Руслан вовзаза болчарна – моьттура иза, цхьана ханна Дона-тIерачу-Ростове дIавахана ву. Шо-шаре даларца тIеттIа алсамдовлуш дара цунах долу къамелаш. Цунна тIекхача ирс хиллачара цIа кIордош дуьйцура лоьран говзаллах, цуьнгахь долчу гIиллакхах, муьлххачу дархочунна Руслан орцахвала кийча хиларх.
Дийцина ца валлал ледара хьал дара Соьлжа-ГIаларчу яхархочуьнгахь Магомадова Зулигахь. Лоьраша цунна онкологи ю аьлла, диагноз хIоттийнера. ТIом бахьанехь дохийна цIенош, заьIап хIусамда, болх-некъ боцуш, бIаьрзе хьийза бераш. Дуьненах а дог диллина новкъаелира Зули Ростове яха. Цунна хууш дацара цигахь лор нохчи хилар. Ларамаза нисъелира Русланна тIе. Бан беза талламаш бина, дархочунна операци ян езаш хилар дIахаийтира лоьро. Иза а ма хуьллу сиха ян езаш хиллера, хIора мIаьрго мехала йолуш. Ткъа сиха ечу операцина, хьала-охьа кху заманахь, харж ян езаш яра. И харж ян таро Зулин яцара. Цундела дара миска елхарна Iанаяхар.

Лор кхийтира зудчун дагахь долчух. Шена хьалха ерг нанас дена йина йиша йолуш санна, дог, цхьа тамашийна тохалуш, Iовжийра цуьнан. Йоьлхуш йолчу Зулин сатедан гIоьртира иза. Амма зуда йоьлхучуьра юха ца йоьрзура. ТIаккха цо элира: «Собардел цкъа, хьо елхаро вайшинна дан накъосталла дац! Катоьхнна дан дезачу дарбанан ойла ян еза вай. Ас цхьа некъ лохур бу. Вайшинна иза карор бу, Дала мукъ лахь!»…
Иттех шо хьалха шена тIехIоьттина хилла и къаьхьа киртиг дагаеача, хIинца а елха дог догIу Зулин. Хьалха Дела, шолгIа Салатов Русланан беркате ши куьг бахьанехь, тоелла, цIайирзира иза Ростовера. Ша дечу хIора ламаза тIехь Деле воьху цо, уггаре а деэшначу дийнахь, шена орцахваьлла лор. Лоьран дахарехь, къаьсттина оцу муьрехь, алссам нислора и санна йолу меттигаш. Уьш ерриге а йийцина вер вац. Масала, Хьалха-МартантIерчу №5 йолчу гимназехь завучан болх беш ю Россин Федерацин хьакъйолу хьехархо Токаева Раиса. Цунна а хIоттийнера Соьлжа-ГIаларчу лоьраша изза диагноз. Ростове анализаш дIаяхьийтича, цигарчу лоьраша иза тIечIагIйинера. Верасех, бевза-безачарах дагаяьлла, Ростове яхара иза. Русланна тIекхечира. Масех шо дIадаьлла Токаева Раиса тоелла цIайирзина, амма тахана а цуьнга бIаьрхиш ца совцало лоьран дикаллах, оьздангаллах дуьйцуш. Хьалха АллахI-Дела, шолгIа лоьран хьуьнар бахьанехь и къиза цамгар дIакъаьстина шех, Дала мукъ лахь, бохуш дуьйцу хьехархочо. Иза цецъюьйлу лоьран догдикаллах, къинхетамах. Дай баьхначу лаьттана генахь велахь а, цуьнан ойла хаддаза Нохчийчохь ю. Шен цIийца, сица, леларца, дечу къамелаца, багара йолучу мерзачу Iаьнарца – иза вуьззина нохчийн къонах ву.
Шовзткъе итт шо сов зама ю Салатов Руслан адамашна дарба деш волу. Амма цхьана дийнахь а дохковаьлла вац иза и болх ша тIелацарна. Наб йоцуш де-буьйса даларх, цкъа а шен кIадвалар а, гIелвалар а цхьана а дархочунна тосадалийтина вац иза. Халачу лазаро сингаттам совбаьккхина Нохчийчуьра веана дархо-м, цо даима а, вашас санна тIелаьцна. Къаьсттина дукха бара иштта дархой вайн махкахь буьрса тIемаш дIабоьрзучу муьрехь. Делахь а, цхьаннан а шех бIаьрг ца бодуьйтуш, цаьрца а ларийра Руслан. ТIамо цIийнах, цIарах баьхна, доккхачу дуьненан массо а маьIIехула баржийначу шен махкахойн таро а, аьтто а боцийла хаьара цунна. Цаьргахь ахча дацара аьлла, адамашна цкъа а пе ца тоьхна, гIо-накъосталла доцуш ца дитина.

1995-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Р.Салатов Россин «ЦIен ЖIар» («Красный крест») организацин белхахойн тобанца Соьлжа-ГIала веара, дуккха а молханаш, медицинин гIирсаш а бохьуш. ТIехьа-Мартана, Хьалха-Мартана, Йоккхачу АтагIа, Шела, Шуьйта кхечира иза, кIоштийн больницашка и молханаш а, гIирсаш а дIакхачош. Буьрса кхехкачу тIеман аренашкахула чекхвуьйлуш, кхочушдира цо ша юьхьарлаьцна мехала гIуллакх.
Салатов Руслан Девкар-Эвлара ву. 1918-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Деникинан эскаро ягийначу нохчийн яртех цхьаъ ю иза. КIиране баьлла и буьрса тIом, дIа ца боьрзуш, оцу нохчийн ширачу юьртахь. Цигара цхьадолу адамаш кхечу ярташкахула дIасадаьржина, шайн декъаза синош довдийна. Доьлакерчу (Пседах) шайн тайпанчу вежаршна энгиношна тIевоьссира Девкар-Эвлара Салатов Дада а, шен доьзалца. Иза Русланан деда вара. Салатов Дадин кIентан Нурдин кIант ву Руслан. Иштта нисделла цуьнан 1942-чу шеран хIутосург (май) беттан 17-чу дийнахь Доьлакехь дуьнен чу валар а.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 40-чу шерашкахь Доьлакерчу школин директор вара Салатов Нурди. Юрт юкъайогIучу Малгобекан кIоштахь тоьллачарах цхьаъ ларалуш яра Нурдис куьйгалла деш йолу школа. ЧIогIа къахьоьгура цо нохчийн бераш Iамо лууш. Амма 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу Iуьйранна дерриге а нохчийн халкъ Сталинан хьадалчаша махках доккхуш, къестош вацара директор верг-воцург, хьанал къахьоьгург, Советийн Iедална муьтIахь верг-воцург а. Махках ваккхарал сов, кхин цхьа бохам боьссира Нурдин доьзале оцу дийнахь. Нурдин хIусамнана Новсат луларчу юьрта децIа хьажа-хIотта яхана яра, аганара кIант марненаца витина. Новс ат цIаерзале, вайнах махках бехира. Цундела дерриге а нохчийн халкъана йоьхна еанчу Iуьйранна, махках яккхар а цаьрца хиллера пекъаран, салташа кхин дехьа-сехьа ца йолуьйтуш. Махках яккхарал чIогIа Iеткъара нанна аганахь витина, векхачуьра валаза волу Руслан. Кхидолу бераш-м шайга дIакховдийнарг юур йолуш дара, ткъа аганахь волчунна хIун дер-те? Иштта холчохь яра Русланан денана Маржан.

Шех тешна висинчу кIентан кIантана цхьаъ хиларна кхоьрура иза. Мацалла воьлхучу кIантана хIун дан деза ца хууш, бIарзъеллачу Маржана некхе лецира кIант, воьлхучуьра сацаре сатесна. ХIораза хIоттадора йоккхачу стага и сурт, мацалла воьлхуш Руслан карзахваьлча. Накха цIуббеш гIеллой, наб кхетара кIантана. Амма Делан къинхетам доза доцуш хиларан кхин цхьа тоьшалла хIоьттира: йоккхачу стеган некхе шура йоьссира. Дуьнен чохь кIентан рицкъ хилар хир ду-кх иза. Иштта мацаллах хьалхавелира Руслан. Къилбаседа Казахстанехь йолчу Павлодарехь вагона тIера охьабехира СалатовгIар. ТIаккха, лайлахула салаза тIехь генна цхьана кIотара дIабигира. Тельман Эрнестан цIарах йолу колхоз хиллера, хIорш цкъачунна дIатарбинарг.
Масех шо даьлча Новсат а, Делан къинхетамца, схьакхийтира шен доьзалх. Мелла а нохчашна дIасабовла паргIато яьллачу хенахь доьзалан да Нурди колхозе балха аравелира. Шен вовшахтохараллин хьуьнарх пайдаоьцуш, кхиболу махкахой колхозе балха арабехира Нурдис. Уьш-м, дукхахберш, ши-кхо шо даьлча а, шайн ларчанаш ца йостуш Iаш бара «хIинций-хIинций цIадохуьйту» бохуш. Йоза-дешарх кхеташ а, юкъараллин хьал мелла а девзаш волчу Нурдис къамел дира цаьрца, хIоранца бохург санна: «Кхузахь саца дагахь цхьа а вац, цIадерза некъамаршо яларца, Дала мукъ лахь, цIа дерриге а цхьаьна гIур ду вай, делахь а, цкъачунна доьзалшна напха ца латтийча ца довлу вай. Ткъа иза бечу балхе хьаьжжиний бен вайна цхьамма лур дац», олура Нурдис балха аравала ца лууш, дуьхьалваьллачуьнга. Къахьега Iемина болу нохчаша-м хенахь цIадоьрзийла хир доцийла хиъча, балха арабевлла, шо шаре далале тоьллачарах цхьаъ йира Тельманан цIарах йолу колхоз. Цигахь 1949-чу шарахь вахара Салатов Руслан школе деша. Дика доьшуш а вара. Юьхьанцара школа кхиамца чекхъяьккхира цо.
1956-чу шеран бIаьстенан юьххьехь, юккъерчу школин ворхI класс чекхъяьккхина велира. Руслан кхидIа а деша дагахь вара. Амма оцу гIуллакхна спецпереселенцашна бакъо луш ца хиллера Павлодарехь. 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь вайнахана цIаберза бакъо яларан хьокъехь долу Указ зорбане даларца, дай баьхначу лаьтта тIе цIадерза сихо йира Русланан дас-нанас. Нохчийчу хьалхарчу могIарехь цIабирзинчу бахархойх бара СалатовгIар.
Шен да-нана даьхначу Доьлаке хьалавахара Нурди, шен доьзал а эцна. Доьлакехь чекхъяьккхира Руслана юккъера школа. Бераллехь дуьйна дас аьллачуьнга чIогIа ладугIуш вара кIант. Цунна хийла дас олуш хезнера: «Къоман дахар тодан лууш волчо деша деза! Вай декхарийлахь ду массо а корматалла караерзо. Нохчийн халкъана уггаре а хьалха хьехархой, лоьраш, инженераш, гIишлошъярхой оьшу». Русланан даго тIеоьцуш ерг лоьрийн говзалла яра.
1959-чу шарахь Доьлакера юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина ваьлла жима стаг Саратове деша вахара. Лор хила лууш волчу цо юьхьарлаьцначу Iалашонан дуьххьарлера гIулч яра, 1959-чу шеран гурахь иза Саратоверчу медицинин институтан хьалхарчу курсан студент хуьлуш яьккхинарг. 27 сом бен стипенди дацара студенташна. ХIинца санна дай-нанойн аьттонаш а бацара ахчанца царна гIо-накъосталла дан. Хийрачу махкахь 13 шо даьккхина цIабирзина нохчий шайна цIенош дан гIерташ бара. Мацалла ца валлал бен луш алапа дацара. Цуьнца доьзал хене баккха безара. Кхечу гIаланашкахь деша дIатасабеллачу студенташна дахьийта цунах наггахь а сом ца дуьсура. Массара санна, халонаш ловш, Iаьржа бепиг туьханца дууш меттигаш яьхкина, ца юуш, яа йоцуш меттигаш кхин а алсам хилла. Амма иза къар ца вина халонаша. Мел хала хиллехь а, дIагIиртина ша шена хьалха хIотийначу Iалашоне. Цундела цуьнан Дала аьтто бина.

1966-чу шарахь Саратовера медицинин институт чекхъяьккхина цIавирзира Салатов Руслан. Боккха кхаъ бара иза цуьнан дена-нанна, йиша-вешина. Малгобекан кIоштан больнице хьажийра къона хирург. Хетарехь Русланан дахарехь уггаре а ирсе мур бара иза. Орца оьшуш веанчунна гIортор хилла дIахIотта ницкъкхачар, хьанал къахьега лаар, безачу балхахь цIеначу даггара, хьанал къахьега кIорггера хаарш хилар. И дерриге а шеца долуш вара къона лор Р.Салатов.
Дукха хан ялале, Малгобекан кIоштахь ларамца яккха йолийра къоначу лоьран цIе. Массара куьг беркате долуш, къинхетаме, говза лор ву олура цунна. Амма Русланна кхачаме ца хетара шен хаарш. Цунна кхидIа а деша лаьара, хаарш кIаргдан, корматалла шоръян. Безаш хаьржинчу белхан массо а къайле яста лаьара. Балхахь зеделларг Iилманца тIедуза лаьара. Шина шарахь Малгобекерчу кIоштан больницехь болх бина, 1968-чу шарахь Буру-ГIаларчу медицинин институтан ординатурехь шен хаарш кIаргдан воьду къона лор. Цигахь шина шарахь дешар а, болх бар а цхьаьна дIакхоьхьуш, караерзайо цо онкохирурган корматалла. Кхиамца ординатура чекхъяьккхина, 1970-чу шарахь цIавирзина Салатов Руслан Соьлжа-ГIаларчу онкодиспансеран Хирургин отделенин куьйгалле хIоттаво. Онкохирургин декъехь вайнахах дуьххьарлера говзанча вара Руслан.
Бакъду, зама цхьа тамашийна чолхе яра оцу муьрехь. Вайнехан говзанчаш дош-дезар хеташ, церан ларам беш дукха адамаш дацара. ХьагI-гамо цаьрца лелош меттигаш а йогIура. Руслана цкъа а дийца-м ца дуьйцу цунах лаьцна. Соьлжа-ГIалахь дукха болх бар ца нисло цуьнан. Буру-ГIаларчу тIеман госпитале кхойкхий дIавуьгу говза лор. Цигахь цхьана шарахь сов болх бо цо хирурган а, лакхарчу ординаторан а даржашкахь. 35 шо ду иза Дона-тIерачу-Ростовехь йолчу Медицинин онкологихула йолчу Iилманийн-талламан институтехь болх беш волу.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь оцу институтан аспирант волуш дIадоладелира Салатов Русланан цигахь болх бар. Цуьнан похIма, корматалла, хьанал къинхьегам а, хьуьнар тидаме эцна Руслан институтан куьйгалло цигахь балхахь витира. Iилманан белхахойн уггаре а лахарчу тIегIанера дIаволавелла, Хирургин отделенин куьйгалле кхаччалц белхаш бина цо. Цхьана юкъанна магнитийн лабораторин куьйгаллехь болх бина. Юха, ДаьIахкийн а, дилхан а, некхан екхоашкахь (раковые опухоли молочной железы) долчу кхерамечу дестарийн хирургин отделенин куьйгаллехь болх бан волавелира. Краснодаран, Ставрополан крайшкара, Аштаркхан, Ростован обаластийн а, ерриге а Къилбаседа Кавказан республикийн а, ГIалмакхойн махкара а дархой тIеэца декхарийлахь йолу, Iаламат йоккха дарбанан туш яра иза. Хаддаза дархой лаьтташ меттиг а яра. ХIора дархо а догъэшна, кхерамечу лазаро ойла хьаьшна, кагйина, дуьненах а дог даьлла хуьлура. Амма вайн махкахочунна массо а дархочуьнца бийца мотт карабора, лазар дайдан хаьара.
Ткъа эзар сов ю Салатов Руслана онкодархошна йина операци. Дуьненах дог диллинчул тIаьхьа, дахаре юхадерзийна ткъа эзар адам. Дала цхьа дика диначу стаге бен далур долуш хIума дац иза. Цул сов, больницашкахь белхаш барх я дархошна операцеш ярх чекхболуш бац Русланан болх. Цо цкъа а тесна ца дитина лоьрийн Iилманехь талламаш бар а.
1982-чу шарахь цо медицинин Iилманийн кандидат ан дисс ерт аци тIечIагIйина. «Лечение рака нижней губы и кожи магнитным полем» яра Салатовс тIечIагIйинчу диссертацин тема. Говзанчаша тIечIагIдарехь, онколазаршца къийсам латторехь Iаламат мехала болх бу иза. Дерриге а дуьнено тахана а шех шуьйра пайдаоьцуш Iилманан таллам бу вайн махкахочо бинарг.
Иштта, 2001-чу шарахь цо медицинин Iилманийн докторан диссертаци тIечIагIйина. «Магнитотерапия в лечении воспалительных процессов злокачественных новообразований» яра цуьнан тема. Герггарчу хьесапехь, 200 сов бу Руслана язбина, зорбане баьккхина Iилманан болх. Онкодархошна лоьралла лелорехь 60 сов рационализаторан предложени ю цо юкъаяьккхина. Вайн махкахочун дIадолорца дарба дарехь Iаламат мехала 17 изобретени йина. Царах цхьаъ «Способ лечения злокачественных опухолей магнитными полями» 1978-чу шарахь юкъаяьккхина ю Салатов Руслана.
Иштта, Iаламат мехала ларалуш ю 2002-чу шарахь цо юкъаяьккхина «Способ лечения злокачественных опухолей, мягких тканей». Доцца аьлча, адамашна дарбалелорехь массо а некъ толлуш, керла гечонаш лоьхуш, цамгаро йийсаре лаьцначу адамашна гIо-накъосталла дан лууш, доггах къахьоьгуш ву профессор Салатов Руслан. Цуьнан цIе Россин дозанал генна арахьа евзаш а, Дуьненан медицинин говзанчашна юкъахь ларамца йоккхуш а ю. Йоккха, сирла лар ю Россин медицинехь вайн махкахочо юьтуш. Цкъа мацах ша хаьржинчу корматаллина муьтIахь волуш чекхволуш ву иза, мел яккхий халонаш тIеIиттаяларх, царна къар ца луш. КIеззиг бац цуьнгара Iама луурш а, Iемарш а.
Русланан Iуналлица 17 стага тIечIагIйина медицинин Iилманийн кандидатан а, масех стага медицинин Iилманийн докторан а диссертаци. Дуьненахьежам мелла а шуьйра, кIорга болуш стаг ву Салатов Руслан. Дукха литература ешна цо. Шен корматаллина оьшург ешна Iаш а вац. Цунна дика евза оьрсийн а, дуьненан а литература. Иза данне а дац Русланна нохчийн литература ца евза бохург. Лоьраца къамеле ваьлча, куьзганахь санна, гуш ду нохчийн къоман культура, литература цунна дика евзаш, езаш хилар. Къаьсттина дика евза цунна къоман истори, дукхадеза вайнехан турпаллаллин иллеш, бартакхолларалла. Цундела ю цуьнан доьналлах юьззина нуьцкъала амал, дуьне цецдаккхал синъондалла. Мехала ду цунна нохчийн къомаца доьзна мел дерг.
Салатов Русланан хIусамехь, баьрчехь кхозуш ду нохчийн къонахчун духар – чоа, гIовтал, меттанаш долу доьхка. Церан куц тIедузуш бу холхаза куй. Лоьран самукъадолу царах. Церан меха хIума дац цунна хIусамехь. ХIора шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь тIедуху лоьро и духар, генарчу бераллехь шена Iеткъаме хилла, иэсехь дисина суьрташ карладохуш. Лерина лардо Салатов Руслана бусалба дино тIедехкина фарзаш.
1996-чу шарахь ХьаьжцIа вахана иза. Кест-кеста шен хIусамехь мовлид доьшуьйта, сагIа доккху. Бахамаш гулбеш къа ца хьегна цо. Цуьнан хIусамнана Магомадова Хьава – доцент, экономикин Iилманийн кандидат, дуккха а шерашкахь Дона-тIерачу-Ростован ГIишлошъяран говзанчаш кечбечу институтехь хьехархочун болх беш хилла. ХIинца иза тIетаьIIина Iаьрбийн мотт-йоза Iамош ю. СалатовгIеран цхьаъ бен йоцу йоI тоххара маре яхана, кхиъна баьлла доьзал болуш, хаза Iаш ю. Цхьа дегахьаам бу ненаден. ЙоьIан кхо кIант кхуьнан лорах дIаваха ойла йолуш, лоьран говзалла караерзош, доьшуш бу.
Iедало терго йоцуш ца витина хьанал къинхьегамхо. Дуккха а сийлахь цIерш ю цунна елла. «Отличник Здравоохранения СССР», «Изобретатель СССР», 1989-чу шарахь дуьйна «Заслуженный врач РСФСР» сийлахь цIе лелош ву. ГIалгIайн мехкан куьйгалло цунна 2005-чу шарахь «Заслуженный врач Ингушетии» сийлахь цIе елла, 2006-чу шарахь «За заслуги перед народом Ингушетии» орден а, «За заслуги перед Чеченской Республикой» мидал а, Нохчийн Республикин Парламенто 2009-чу шарахь Сийллаллин грамота а, 2014-чу шарахь Россин Федерацин Могашалла Iалашъяран министерствос Сийлаллин грамота а елла.
Делахь а, шена тIе тидам ийзош, вайн махкахочух дозалла дойтуш, кхин цхьа совгIат ду – цIеначу детих йина скальпель, «Дарующему жизнь тысячу раз» тIехь йоза а долуш. Иза леррина корматаллин совгIат ду, тоьллачу лоьрашний бен луш доцуш. Салатов Руслан хьакъ ву муьлхха а совгIат дан. Ах бIе шо сов зама ю иза адамийн могашаллин гIаролехь лаьтта. Доглазарца тIелоцу цо хIора а дархо. Ткъа Руслан, цхьана а кепара шеко йоцуш, бакъволу лор ву. Вуьззина нохчийн къонах ву, дуккха а шерашкахь кхечу регионехь болх беш вара аьлла, дайн гIиллакхаш дIатесна воцуш а, вайх хIорамма а шех дозалла дан хьакъ волуш а.
А.ГАЗИЕВА
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо