Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, дукхах болчу россихошна хетарехь, регион тоеш-хазъян, халкъан Iер-дахар тодан лууш ву. Цул сов, россихойн эханнал алсамберш (55 процент) тешна бу Кадыров Рамзана беш болчу балхо, дуьззина схьаэцча, ерриге а Россина а пайда беш хиларх. Иштта жамI дина, юкъараллин хетарг талларан Ерригроссин туьшо (ВЦИОМ), россихойн Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца йолу юкъаметтиг теллинчул тIаьхьа.
Нохчийн Республикин Кьуйгалхо Кадыров Рамзан дика вевзаш ву вайн юкъараллехь. Хаттам бинчарах 6 процент болчарна дуьххьара хезнера цуьнан фамили йоккхуш. Ткъа 2 процент болчарна хала хилира цунах дерг ала а, иза шайна вовзаран бахьана довзийта а. Делахь а, дукхахболчу респондешташна дика девзара цо деш долу гIуллакхаш.
Кадыров Рамзан россихошна, уггаре а хьалха, вевзина Нохчийчоь кхиорехь, халкъан Iер-дарах тодарехь, терроризмана а, бандитизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь цо диначу мехалчу гIуллакхашца. «ВЦИОМ – Спутнико» хIора дийнахь дIахьочу хаттаман жамIаша гойту Кадыров Рамзанан хьокъехь дика ойланаш йолу россихой алсамбовлуш хилар. Иштта, 2016-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь цуьнга ларам болу нах 31 процентера 42 проценте кхаччалц алсамбевлла, цуьнга тешам берш – 15 процентера 27 проценте кхаччалц, цуьнга хIайбаталла (симпати) ерш – 16 процентера 23 проценте кхаччалц. Цунах лаьцна дика дош олуш боцурш 10 проценте кхочуш а ца хуьлу. Цул сов, цо деш дерг бен-башха ца хеташ болчеран барам 24 процентера 16 проценте кхаччалц лахбелла.
«Дукхахболчу россихошна тахана Нохчийн Республикин Куьйгалхо Россина юкъахь шен республика кхиорна а, цуьнан кхерамазаллина а кхачоеш волу, эвсаре а, патриоталлин а тхьамда ву аьлла хета. Кадыров Рамзанна критика яран «чIунаш» халкъан кхетамна, хетачунна дIора Iаткъам беш а, я цара хьесапе оьцуш а, тергал деш а дац», – аьлла хета ВЦИОМ-н генеральни директорна Федоров Валерина.
«ВЦИОМ-Спутникан» дIадолорца ерригроссин хаттам дIабаьхьира 2017-чу шеран оханан (апрель) беттан 26–28-чуй деношкахь. Хаттамехь дакъалецира берхIиттара бевллачу россихоша. Хаттам дIабаьхьира стационарни а, мобильни а телефонашкахула 1 800 респонденте хаттарш дарца. Россин махкахь йолчу телефонийн номершна юкъара хоржура, цхьа а къастам а ца беш, телефон тухуш верг. Цу тайппана хаттам бар дIадаьхьча гIалат валар 2,5 процентал лакхара ца хуьлу. Цундела оцу хаттамо герггарчу хьесапехь долу хьал гойту.
С.ХУСАИНОВ
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо