Россина а, ГIажарийчоьнна а дуьхьал керла санкцеш кхайкхош йолу законопроект къобалйина Iамаркан Конгрессо. Юьйцучу законопроектехь шина пачхьалкхана бехке дуьллу Шемин Президентана Асад Баширна гIо дар.
***
Украинин кхерамазаллин гIуллакхаллин хаамийн кхерамазаллин декъан говзанчаша билгалдаккхарехь, Россис «Яндекс. Пробки» сервисах пайдаэца тарло оцу махкана тIелеташ.
***
Нагахь санна шен махкана кхерам болуш хIума хилахь, Iамаркан лааме а ца хьоьжуш, курдашна дуьхьал тIом бийр бу шаьш аьлла, дIахьедар дина Хонкаран Президента Р.Эрдогана.
***
Эрмалойчохь шайн хьалхара кхеташо дIаяьхьна оцу мехкан Парламентан VI-чу кхайкхаман депутаташа. Цара билгалдаккхарехь, керлачу кхайкхаман депутатийн коьрта Iалашо – Эрмалойчоьнан а, Арцахан (Карабах) а дуьхьа къахьегар.
***
Боливин Iедалан векалшна шайн махка бахкар дихкина Чилис. Боливин эскаран 9 салти Чилин махкахочун долахь йолу сурсатийн машен лачкъорна бехкеварца дIадоладелла шина пачхьалкхана юкъара дов.
***
Мисаран Iедал дагахь ду доьзалхой дуьнен чу бовларан гIуллакхна Iуналла а, терго а ян. Билгалдаьккхина ма-хиллара, дебар лакхара хилар бахьана долуш, махкара социальни кхерамазалла галъяла тарлуш ду.
***
Кабулехь меттигерчу кхерамазаллин гIуллакхаллин белхахоша шен дипломаташ дIалацарна ОвгIанан Iедална официальни арз а дина, дипломатин зIенаш хедо болу сацам а бовзийтина Пакистанан куьйгалло.
***
«Иблисан пачхьалкхана» дуьхал беш болу тIом Иракъера Мосул а, Шемара Ракка а шахьарш боевикех дIацIанъярца дIа а ца боьрзуш, кхечу фронташкахь а дIахьур бу. Иштта хаам бина НАТО-н ТIеман комитетан куьйгалхочо П.Павела.
***
«Малхбузера Сахара» Мароккон эскарша дIалаьцна ю аьлла, ООН-н Генеральни секретара Пан Ги Муна диначу дIахьедарна шаьш реза цахилар хоуьйтуш, 2 миллион сов стага дакъалецира Рабатехь дIаяьхьначу митингехь.
***
Экстремисташна лерина керла набахти ян дагахь ду Кенин куьйгалла. Цо билгалдаккхарехь, экстремисташ кхиболчу зуламхошца цхьана набахти чохь нисбелча а, шайн хьежамаш хуьйцуш бац.
***
Австрали лерина ю ГIажарийчоьнна дуьхьал кхайкхийна хиллачех цхьайолу санкцеш дIаяха. Хийцам боцуш герз дохкарна а, эцарна а дуьхьал йолу санкцеш юьсур ю.
№39, пIераска, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2017 шо