Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвлахь берийн могашалла тоярна лерина йолу «Горный ключ» лагерь ечу меттехь хилира хIокху деношкахь республикин Куьйгалхо.
«500 берана лерина ю карарчу хенахь йина яла гергаяхана йолу могашалла тояран «Горный ключ» лагерь. Сиржа-Эвлан йистехь еш ю иза. Лагерь яран белхашка хьажа веанчу суна гира кхузахь берашна мел оьшуш долу хьелаш кхоьллина хилар. Проекта юкъахь ю берашна дIадийша лерина ялх корпус а, божаберашна а, зудаберашна а лерина бассейнаш а, волейболан а, баскетболан а, футболан а майданаш а, иштта, теннисан корт а, скалодром а, боксана а, охьатохархлатарна а лерина спортзалаш а, амфитеатр а, арахь тренировкаш ярна лерина зал а, и.дI.кх.а. «Горный ключ» болх бан йолалур ю мангалан (июль) баттахь», – яздина Р.Кадыровс инстаграмерчу шен агIонехь.
Республикин Куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира берийн лагерна гена йоццуш аутизм лазар долчу берашна дарба дан леринчу туьшан гIишлош яран белхаш а дIахьош хилар.
«Лагере а, туьше а догIур долчу берашна психологин декъехь гIо-накъосталла а, пайда а хир болу хьелаш кхуллуш ду кхузахь. Шина а учрежденина юххехь йолчу заповедникехь вай 55 сай а дIахецна хIинцале. Царна тIаьххьа цига кхийолу акхарой а, дийнаташ а кхочур ду. Берашна уьш гур а ду, царна хIума яо таро а хир ю», – боху республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, республикерчу хьаннашка дIахецна ялх бIе гергга сай.
«Мелла а хьалха вай саьш Къоьзан Iомана гуонахарчу майданашка а, Бенахь а, Хьачарахь а дIахецнера. Саьш даржорна лерина Курчалойн а, Гуьмсан а кIошташкахь ши заповедник ю. Цигахь уьш эзарнашкахь ду», – билгалдоккху цо.
Сиржа-Эвла воьдуш иза сецира Соьлжа-ГIаларчу Ханкальски а, Узуевн а урамашка тобеш бечу белхашка хьажа.
«ХIара ший а некъ коьрта ларалуш бу. Цхьаъ Хьачара боьдуш бу, шолгIачу некъаца республикин Веданан, Шелан, Нажи-Юьртан, Курчалойн, Гуьмсан кIошташка а, Дагестане а, Азербайджане а воьду. ХIокху шина некъа тIера асфальт хийцина ца Iаш, кхузахь мел йолчу гIишлон куц-кеп а хийцалур ду, вилспеташ хоьхкучарна а, берийн гIудалкхашца болчу наношна а лерина хьелаш а кхуллур ду шина а некъаца. Цул сов, ас некъашдахкархошна тIедиллина Устрада-ГIала а, Хьачара а боьду ший а некъ Соьлжа-ГIалин йистехь цхьаьнатохаран гIуллакх таллар», – яздина Кадыров Рамзана.
И.АДАМОВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо