ХIутосург (май) беттан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Буьрса гIап» автодромехь схьабиллира дIабуьйлалучу водительшна лерина «Ford» машенлелоран кхерамазаллин академин» программин IV-гIа мур.

Дагадоуьйту и социальни проект дуьненаюкъара хилар. Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пачхьалкхан автоинспекцин гIоьнца, «Кхерам боцу лелар» цIе йолчу экспертийн туьшаца цхьаьна иза дIайолийнарг «Ford Sollers» компани ю.
Регионерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца шайн хиллачу къамелехь иза вовшахтоьхначара дийцира 2017-чу шарахь программи юкъа Соьлжа-ГIала а, Сочи а, Казань а яхийтина хилар. Цигахь дакъалаца аьтто хир бу машенлелоран хатI лардарехула йолчу маьхзачу тренингашкахь.
– Мастер-классаш уггаре а пайдехь хир ю шина шаре кхачаза стаж йолчу водительшна. Царна лерина программи юкъахь хир ду къоначу водителийн къаьсттина кест-кеста нисло гIалаташ дIадахаран шардарш, – элира шен къамелехь «Кхерам боцу лелар» экспертийн туьшан директоран заместитела Ревский Александра.

Цо дийцарехь, кхаа шарахь программо юкъалаьцна Россин 14 регион, Iамийна 5 800 гергга буьйлалуш болу водительш. Кхерам боцу машенлелоран говзалла караерзийна водительша, царна юкъахь онлайн кепехь дешна 1 200 къонаниг а ву. «Ford» машенлелоран кхерамазаллин академис» тренингаш вовшахтоьхначу гIаланашна юкъахь ю Москва, Санкт-Петербург, Казань, Нижний Новгород, Екатеринбург, Челябинск, Уфа, Самара, Дона-тIера-Ростов, Воронеж, Краснодар, Волгоград, Аштаркхне.
Соьлжа-ГIалахь, «Ford машенлелоран кхерамазаллин академин» IV-гIа мур схьабоьллучохь, лараме хьеший санна дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Юсупов СаьIид а, Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхаллин Нохчийн Республикехула долчу декъан хьаькаман заместитель Танталашев Адам а, кхиберш а.
Гулбеллачаьрга вистхуьлуш С.Юсуповс билгалдаьккхира, пачхьалкхана и тайпа проекташ мехала хилар. Берриге а дакъалацархойн аьтто хилар шена лууш хилар а хаийтира цо, машенийн водительшка некъашкахь сема а, ларлуш а хиларе а кхайкхира.
Нохчийн Республикехь и проект дIаяьхьира хIутосург (май) беттан 18–21-чуй деношкахь. Цуьнан дакъалацархошна делира курс чекхъяккхаран хьокъехь долу сертификаташ.
I.МУРТАЗОВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо