ХIун юуш ду вай?

ТIаьхьарчу иттех шарахь вайн республикехь чIогIа даьржина Iамаркахойн «Fast-fооd» (сиха кечдина) даар. Иза дукхахболчийн кхетамехь, хьежа а ца везаш, сихха кхалла аьтто болуш а, механа дораха а долуш кхачанан сурсат ду. Делахь а, цо могашаллина вуочу агIор беш болу тIеIаткъам хууш наггахь стаг бен вац. Баттахь цкъа я шозза яарх башха кхераме ца хила мега иза, амма хIора дийнахь цунах кхача бина лелаш верг шен могашаллина зен деш ву.

XX-чу бIешеран 20-гIа шераш дуьйлалуш Iамаркехь сихачу боларца кхиа йолаелира машенаш яран индустри. Цуьнца доьзна, хан кIезиг хуьлура кхача кечбан. Коьрта бахьана иза а долуш, юкъаяьккхира фаст-фуд. Цу хенахь йоккха мекарло йира сурсатийн хьаьрмахь къахьоьгучу бизнесменаша. Цара шаьш юкъаялийна «Fast-fооd» юуш гайта шайна тIе кIайн халаташ юьйхина нах (клиенташ) кхайкхира. «Лоьраша юуш елахь, вайна а мегар ю», – аьлла, нехан ойла кхоллаялийта, уьш шеконе ца бовлийта. Шовзткъе итт шарахь дуьненна гуо а тесна, 1990-чу шеран кхолламан (январь) беттан 31-чу дийнахь Москвахь дуьххьара схьайиллира «МакДональдсан» фаст-фудан кафе. ХIетахь дуьйна оцу дааре безам чIагIлуш, цунах дезар деш схьадогIуш ду вай, къаьсттина кегийрхой а, бераш а.

Адамаш дукха лелачу меттигашкахь, къаьсттина Соьлжа-ГIали юккъехь, ког баькх-баьккхинчохь ингалсан маттахь йозанашца билгалъяьхна а йолуш, фаст-фудан дуккха а кафеш ю. Кегийрхошна садаIа массо а кепара аьттонаш а бу бина, маьхза интернет чу вала луучунна Wi-Fi зIе а ю. Цундела кегийрхойх дIаюьзна хуьлу кафеш. Фаст-фудан леррина йинчу керлачу технологийн гIирсех кечйина ю юург еш йолу чоь. Оьцучунна юург муха кечйо хьажа а, ган а аьтто бина ю цхьаерш. Цундела церан цхьа а шеко ца кхоллало фаст-фудо могашаллина зен дийр ду бохучун. Амма иза йилбазалла ду, шайн мах хилийта лелош. Фаст-фудан берриге а гIирс кечбина, гIорабайтина, лерринчу Iалашдойлашкахь латтош бу. Оьцучун лааме хьаьжжина шина-кхаа минотехь я йохйой, я кхорзий, я йоттий, чам беш йолу бурчаш тухий, кхача кечбо. Ткъа белхахойх дерг аьлча, кхача кечбаран говзалла караерзоран хьокъехь тоьшалла дацахь а, хьеннан а бакъо ю ишттачу меттигашкахь болх бан.

Ткъа вай сагатдийриг адамийн, къаьсттина тIекхуьучу чкъуран могашалла ю. Халахеташ делахь а, фаст-фуд юхкуш-оьцуш школашкарчу столовешкахь а хаало. Циггахь дуьйна а оцу кхачане безам кхоллало берийн, уьш марзло цуьнга. И баарал сов, цу тIе молуш ду газ йолу а, йоцу а мерза хиш.

Фаст-фуд сих-сиха яаро талхайо зорх, чуьйраш, хьекъална а эшам бо. ДегIехь мохь гулйолуьйту цо, хан мел ели дилха дуьллуш дIавоьду стаг, тIаккха дагна а ницкъ хуьлу. Юьйцуш ца хезна цамгарш гучуюьйлу вайна юкъахь. Къаьсттина лазаме ду къоначарна онкологин я шекаран диабетан цамгар хилар. Уьш гучуйовларан цхьа бахьана, вай юучуьнца доьзна ду алар харц а хир дацара. Могашалла дика хилийта уьнах цIена хIума яа еза, вайна, бусалбанашна Дала яа магийнарг, хьарам йинарг къастош, схьахаийтина хилча муххале а. Ткъа фаст-фуд пластиках, чам бечу химикатех бина кхача бу.

Хатуев Руслан,

Грозненски кIоштан больницин коьртачу лоьран заместитель

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: