ХIокху деношкахь къоначу цIеяйъархойн тобанийн хаарш зерна лерина къийсамаш дIабаьхьира ЧIуьлга-Юьртахь (Знаменское). ЦIеяйъархойн тайп-тайпана нормативаш дIаяларехь шайн хьуьнарш а, хаарш а, зеделларг а гайтира кегийрхоша.
Невран кIоштахь долчу цIеяйъаран-кIелхьарбахаран №26 (ПСЧ–26) декъан хьаькама Аслаханов Сайд-Ахьмада билгалдаккхарехь, дешархой декхарийлахь бара могIаре дIахIиттар а, цIеяйъархочун барзакъ тIедухар а, орца дехча, сихонца дIабаха хаар а, иштта, спортан декъехь цхьайолу упражненеш ян шаьш ницкъ кхочуш хилар а гайта.
– И дерриге а дан хууш а, ницкъ кхочуш а хила везаш ву цIеяйъархо. ХIокху тайпанчу гIуллакхехь дешархоша хIинццалц дакъалаьцна цахиларе вай хьаьвсича, кхара вуно дика хаарш а, зеделларг а гайтина. Тхан меттана дIахIитта говзанчаш а кхуьург хир бу царна юкъахь, – элира цо.
Къийсамийн жамIашца нийса а догIуш, толаман меттиг ЧIуьлга-Юьртан юкъарадешаран №3 йолчу школин дешархоша яьккхира. Толамхошна а, кхиболчу дакъалацархошна а грамоташ а, футболан буьрканаш а елира.
– Шайн мукъачу деношкахь футболах ловза а, цуьнца цхьаьна шайн догIмашкахь ницкъ а, гIора а гулдан а таро хир ю дешархойн, – тIетуьйхира Аслаханов Сайд-Ахьмада.
Спортан мероприяти чекхъяьллачул тIаьхьа профилактикин декъехь къамел а дира дешархошца. Аьхка Невран кIоштахь чIогIа йовха хиларца доьзна, цIеяларна кхерам хилар бахьана долуш, цIарца «ловза» а, «забарш» ян а мегарг цахиларх лаьцна дийцира царна.
– Шаьш къона цIеяйъархой хиларе терра, оцу декъехь само а, терго а ян езаш хиларх кхеташ ду шу. Делахь а, юха а дагадаийтар шуна новкъа хир дац бохуш, дохку вай, – аьлла, вистхилира №26 йолчу ПСЧ-н хьаькам дешархошка.
И.ИСЛАМОВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо