«Росси – Исламан дуьне» тобанан III-гIа кхеташо – Соьлжа-ГIалахь

ХIутосург (май) беттан 16–17-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь шен болх дIабаьхьира Стратегин хьежар долчу «Росси – Исламан дуьне» тобанан III-чу кхеташоно-форумо. Цуьнан куьйгаллехь ГIезалойчоьнан Президент Минниханов Рустам а, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а вара.

Оцу шина дийнахь форумехь дакъалацархьама а, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран керла некъаш дийцаре дан а, Россин а, бусалба пачхьалкхийн а юкъара экономикин зIенаш керлачу тIегIане яха бух кечбан а Iалашонца республикин пачхьенехь вовшахкхеттера йозуш йоцучу 34 сов пачхьалкхан а, иштта, Россина юкъарчу субъектийн а векалш.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу 57 стагах 23 Россин векал вара. Царна юкъахь вара Кадыров Рамзан а, Минниханов Рустам а, иштта, Дагестанан Куьйгалхо Абдулатипов Рамазан а, ГIирмин Куьйгалхо Аксенов Сергей а, Россин Арахьарчу гIуллакхийн министран заместитель Богданов Михаил а.

Кхеташонан болх дIаболош вистхиллачу МГИМО-н Цивилизацийн доттагIаллийн гIуллакхашкахула йолчу туьшан директора Попов Венимиана дийцира Нохчийчоьно дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баьккхина хиларх лаьцна.

– Тахана Россин а, бусалба нехан 34 пачхьалкхан а векалш цхьаьнакхетта Нохчийн Республикин пачхьенехь. Нохчийн Республика а, цуьнан пачхье Соьлжа-ГIала а, республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а дуьненаюкъарчу терроризмана а, экстремизмана а, динан цIарах даржочу питанашна а дуьхьало йина ца Iаш, царна тIехь толам баккхалург хиларан а бIаьрла масал ду, – элира цо.

Бахрейнан Исламан-динан гIуллакхашкахула йолчу Лаккхарчу кхеташонан куьйгалхочун заместитела шайха Iабдурахьман Аль-Хьалифас билгалдаьккхира Россехь дехаш долу бусалба къаьмнаш шайн дин лело маьрша хилар а, Россис дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь жигара дакъалоцуш хилар а мехала хилар.

Дагестанан Куьйгалхочунна Абдулатипов Рамазанна хетарехь, бусалба пачхьалкхийн а, Россин а цхьа декхар ду карарчу хенахь: Ислам-дин харц-хаамашца кхиъначу фанатикашна дIацадалар.

– ХIара кхеташо Соьлжа-ГIалахь дIаяхьар Нохчийчоьнна хилла ца Iаш, Къилбаседа Кавказана а мехала ду. Итт-ткъа шо хьалха хIокху гIалахь, хIокху республикехь, кхузарчу халкъаца летира харц-хаамийн буха тIехь кхиъна болу динан фанатикаш а, царна дуьхьало йо шаьш бохуш, федеральни эскарш а. Республика саьлнашкахь яра, халкъ Iадийна, гIелдина, холчу хIоттийна дара… Амма къардина а, кхерийна а, эшийна а дацара. Цундела, республикин куьйгалле Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ма хIоьттинехь, кхузарчу халкъо цунна тIаьхьа а хIоьттина, шен мохк церан олаллех кIелхьара а баьккхира, дуьненаюкъарчу терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам а баьккхира. Цундела, терроризмана а, экстремизмана а тIех толам баккха лууш пачхьалкхаш елахь, цара хIокху республиках а, кхуьнан куьйгаллех а, халкъах а масал эца деза, – элира Абдулатипов Рамазана.

Палестинин а, Ливанан а, Индонезин а, ГIезалойчоьнан а, Мисаран а, Суданан а векалийн къамел а дара мехала.

Индонезин векала Мухьаммад Шамсуддина «Росси – Исламан дуьне» тобанан кхеташоно экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам латторан керла некъаш билгалдаха аьтто барал сов, пачхьалкхашна юкъара экономикин зIенаш чIагIъярехь гIо-накъосталла деш хилар а билгадаьккхира.

Кхеташонан гурашкахь тIеэцна болу сацам бовзийтира Попов Вениамина.

«ТIаьхьарчу шерашкахь мел хиллачу хиламаша гойту дуьненаюкъарчу юкъаметтигашка а цхьаьна кризис кхаьчна хилар. Ткъа, пачхьалкхаш вовшех дагайовлар гуттар а хилла а, кхидIа латта дезаш а долу ламаст ду. Оцу гIуллакхна леринчу «майданех» цхьаъ «Росси – Исламан дуьне» цIе йолу тоба а ю. Тобано Россин а, бусалба пачхьалкхийн юкъаметтигаш чIагI а йо, керлачу тIегIане а йоху. Россин а, «Исламан дуьненан» пачхьалкхийн а ницкъаш цхьаьнатохаро доккха гIо дан тарло дуьненаюкъара юкъаметтигаш, кхиоран а, терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторан а декъахь», – билгалдаьккхина сацамехь.

Кхеташонан дакъалацархошка Россин Президента Путин Владимира Маршаллин кехат даийтира, ГIирмин Куьйгалхочо Аксенов Сергейс дийхира рогIера цхьаьнакхетар ГIирмехь дIадахьийтар.

М.ЮНУСОВ

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: