Урдунерчу нохчашкара маршаллица дIайолайо оха хIара агIо. Доккха хазахетар хили тхуна аш тхан Даймахкаца йолу дог-ойла, шайн газетехула, вайн нахана йовзийтарх. Хаза муха хетар дац дуьнен тIехь вайн маттахь цхьаъ бен доцу дешмаршонан хьост хIара хилча.

Вайн газетаца хIара юкъаметтиг йоло тхуна дагадеана дукха хан яра. Далла бу хастам, хIара хIинца нис а дели. Нохчалла а, нохчийн мотт а Iалашбан, арахь дехачу тхуна чIогIа оьшу Даймахкаца йолу массо кепара зIе, къаьсттина дешайозанца ерг.
Урдунерчу нохчашна хIара жигаралла эшар бахьанаш дукха делахь а, коьрта бахьана вайн мотт Iалашбар хета тхуна. Урдунехь леррина вайн мотт Iамош школаш цахиларна я зорбанехь иза лелош цахиларна, хIинццалц Iалашбина мотт дIабаларан кхерам совболуш бу тIаьхь-тIаьхьа.
Тхан дай, Нохчийчуьра арабевлчахьана дуьйна, шовзткъе итт шарахь Iийра Даймахкаца цхьа а зIе хила йиш йоцуш. Дуьненан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула бен ца хиира шайн нах бохийна махках бахар. ТIаьхьуо, и хаам кхаьчча, ерриге а дуьненаюкъарчу къаьмнийн организацешкахула вайн нахана гIо доьхуш орцахбевлира Урдунера нохчий.
Таханлерчу дийнахь маьрша зIенаш лело йиш йолуш ду вай. Цунна, хIокху зорбанан къамелехула, Урдунерчу нохчийн Даймахкаца йолу дегайовхо латто лаьа тхуна. Дегатешам а, хьежамаш а, хетарш а цхьаъ хуьлийла дац массо адамийн, амма Iалашо цхьаъ ю вайн, аьлла дог тешна ду… – вайн Нохчалла чIагIъяр а, вайн къоман кхане ирсе хилар а. АллахI амин.
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо