Дено-дено нохчийн литература кхуьуш, ненан маттахь арадуьйлу жайнаш совдуьйлуш чIогIа хазахета, вайн литературин кханенца йоьзна дегайовхо совйолу.
Вайн мотт денбарехь а, баржорехь а керла гIулчаш хилча уггаре а доккха хазахетар Урдунерчу нохчашна хуьлу. ХIунда аьлча, тахана бIе пхийтта шо сов ду уьш Нохчийчуьра арабевлла, ткъа мотт дIабалахь, шайн къомах а, Даймахках а дIахедар дуйла хаьа шаьш.
Таханлерчу дийнахь муьлххачу нохчичунна, уггаре а лахара, ши мотт хаа беза. Урдунерчу нохчашна нохчийн а, Iаьрбийн а мотт хаа беза, ткъа цIерачарна – нохчийн а, оьрсийн а. И иштта хилар (нохчийн къам тайп-тайпанчу мехкашкахь декъаделла хилар, кхидолу меттанаш дийца дезар) вайн кхоллам бу. Дала адамна диканна бен ца до цхьа а хIума. Делахь, и меттанаш Дала делла вайна. Вайн мотт Iалашбар вайна тIехь долу декхар а ду.
Ши мотт Iамийча, ший а мотт буьйцу цхьаболчара. Мотт эбар уггаре а вуон хIума ду. Меттанаш эдича, уьш хаар а гIелло. Цул сов, нохчийн маттахь арахоьцучу жайнаш тIехь шина маттахь яздар а ду уггаре а вуониг, вайн маттахь долу дешнаш ца лелош.
Литературин мотт эбеш язбича муха хета хоуьйтуш масех масал дало лаьа тидамна. Хаза чулацам болчу (цIе ца йоккху) цхьана жайни тIехь хIара дешнаш дара: система, формица, мнение.
Вайн маттахь иштта ала ца мега: низам я кеп, кепаца я бичамца, хетарг, …, и.дI.кх.
Вайн жайнаш мотт эбеш яздича, хенан йохалла шаьш нохчийн мотт буьйцу моьттуш, оцу жайнашкара мотт буьйцуш, тIаьхьенаш кхуьур юй-те вайн…
Дукха яздеш жайнаш ца хиллехь а, Урдунерчу нохчаша а Iаьрбийн мотт эбеш язйина назманаш ю хIинца а Урдунехь а, Шемахь а олуш, уггаре а говза нохчийн яздархо кхетар воцуш: «Шортачу вайн ниIматашна шукру ала деза вай, Делан салат, Делан салам хилда цунна муIтабар».
Ненан мотт санна Iаьрбийн мотт хууш волу со-м ца кхета оцу назмех.
Цхьа а мотт ца хила мега кхечу меттанашкара дешнаш лела ца деш, амма цара уьш тIе а лоций, шайн маттана а, литературина а юкъа а тухий, дIанисдо. Ткъа вай, вай долдолучу хIора меттигера меттанаш вайна ма хетта юкъадетта. И бахьанехь, вайн мотт а бицбийр бу вай, меттигера мотт а нийса Iемар бац вайна.
I.-Хь.БЕНО
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо