Дукха хенахь дуьйна нохчий шайн мотт ларбеш схьабаьхкина бу. Шеко йоцуш, Урдунера нохчий цунна цхьа масал ду. Цара мотт хIинццалц бийцаран, Iалашбаран бахьана хIун ду хаа лууш хуьлу нах. Цундела, генарчу кху махкахь вехаш волчу нохчичуьнца IабдуллахIца цу хьокъехь къамел хилира сан.
Урдунехь, Сувейле олучу шахьарахь шен деца-ненаца а, шен доьзалца а цхьаьна Iаш ву Сако ШахIин кIант IабдуллахI.
Шен ненан мотт а, къам а дукхадезаш, гуттар вайн нохчийн байташка а, иллешка а ладугIуш ву иза.
«Нохчийн байташ чIогIа хаза а, кIорга маьIна долуш а, боккха чулацам болуш а хуьлу. Къаьсттина, гIиллакхех лаьцна ерш дукхаеза суна. Цкъа-делахь, сан нохчийн са хиларе терра, дог-ойлано хазахетарца тIелоцу и байташ. ШолгIа-делахь, оцу могIанаша гIиллакх а Iамадо, дахарехь собаре хилар а хьоьху, деца-ненаца а, нахаца а йолу юкъаметтиг а чIагIйо, и доцург, сагатделла хилча дог а ойъу», – дийцира IабдуллахIа.
Ша бийцина ца Iаш, шен доьзалшна а тIедожийна цо нохчийн мотт бийцар, цундела, церан доьзалехь Iаьрбийн я кхин мотт хезар бац цкъа а. Дас шайна марзбаре терра, чIогIа безам хеташ буьйцу IабдуллахIан шина кIанта ненан мотт. Цара къоман гIиллакхаш лелийча, дашца церан дог айа а хаьа дена.
«Тхайн дедеца кхиъна ву со. Дукха жимчохь дуьйна цунна гIо дан аравоккхура со тхан дас. Бераллехь хууш ца хиллехь а, воккха хилча цхьана хIуманах кхета – вайн ма-хуьллу, вешан баккхийчаьрца лела деза вай, цаьрца уьйр латто еза. Цара вайн къоман хаза, деза гIиллакхаш довзуьйту, цаьргара дика мел дерг бен ца Iема вайна. Уьш вайн беркат ду, ларбан беза вай уьш, воккхачуьнга ладоьгIнарг цкъа а дохковер вац», – кхин дуккха а дийцира IабдуллахIа шайн доьзалехь нохчийн гIиллакхаш, ненан мотт Iалашбарх лаьцна.
Тхан хиллачу къамело кхин цкъа а тешийра со – хIора а адамо лардан, лелон деза шен къоман гIиллакхаш. ГIиллакх ду адамах адам дийриг.
БИЙТРО МахIир
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо