Доьзалехь ден-ненан вовшашца хила дезачу гIиллакхах, бакъонех, жоьпаллах дара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу зIенийн департаменто, «Зударийн сий» цIе йолчу организацин а, Юкъараллин Палатин а векалша дакъа а лоцуш, Профсоюзан цIийнехь вовшахтоьхначу «Горгачу стоьлехь» хилла къамелаш.
Оцу мехалчу дагадовларехь дакъалецира лакхахь хьахийначу департаментан директоран заместитела Истамулов Iабдуллас, оццу департаментан юкъараллин организацешца йолчу зIенийн отделан куьйгалхочо Байсултанова Розас, Нохчийн Республикин муфтин заместитела Ахмадов Алихана, Юкъараллин Палатин председателан заместитела Хаджимурадов Мохьмада, «Зударийн сий» юкъараллин организацин председателан заместитела Межидова Хадижата.
Дагадовларан Iалашо яра къона доьзалш бертахь, ийманехь бахаран некъаш, хьесапаш лахар.
Бусалба дино, дуьненаюкъарчу Iилмано, доьзал кхиорехь нохчийн къоман хилла институт дагалоцуш, дагах кхеташ дара хIораммо а дина чулацаме къамел.
«Доьзалан ийман кIезиг хилча, стеган, зудчун цхьаьна дахаран рицкъ сиха хеда, социальни халонаш хала лов ишттачу доьзало. Шена а, шен доьзална а хьарам-хьанал дерг къасто Iамош хила веза доьзалан да», – элира муфтин заместитела Ахмадов Алихана.
Цо дийцарехь, хIокху тIаьхьарчу 5 баттахь доьзалшкахь долчу девнийн хьокъехь 638 кехат кхаьчна муфтияте, царах 384 дов къастийна даьлла.
Вайн заманахь керла кхоллалуш болчу доьзалшна юкъахь 70 % доьзалш, кIант а, йоI а интернет зIенаца девзина вовшахкхеташ хуьлу. Церан баккхийчара вовшашка ладугIий, туьдий, кIант, йоI хьенан ду, уьш муха нах бу олий, ца до захало. Цундела кегийчеран хьекъалех, лехамех тешна дитаре хьаьжжина, гена ца долу церан ирс.
Шеко йоццуш «Горгачу стоьлан» х1ора дакъалацархо цхьана сацамна тIе веара; кхана да я нана хила кхиош волу доьзалхо, уггаре хьалха, шен доьзалехь, дас-нанас кхио везаш ву. Да-нана гIоьнча хила деза школерчу хьехархочун. Доьзалан, школан Iалашо цхьаъ елахь, церан вовшашка лерам хила беза. Бераша чIогIа схьалоцу шайна гуш дерг. Вай, даккхийчара, царна нийсаниг д1агайта деза.
Шайн-шайн меттиг а, декхарш цахаар бахьанехь, къона дай-наной барт боцуш, доьзалш, къуьйсуш беха. ТIаккха оцу доьзалхочух, иза Iуналла доцуш кхуьуш велахь, шен доьзална, юкъараллина, махкана а зуламхо кхиа кхерам бу. ХIинца т1екхаьчна аьхкенан каникулийн хан уггаре а берашна тIехь сема лерг-бIаьрг оьшу мур бу. Хьалха дешархошна школехь, мухха а хилла а цхьа Iуналла дар хиллехь, хIинца уьш 3 баттана цу 1уналлех маьрша бу. Оцу хенахь Iема берана вуониг. Цундела терго, Iуналла оьшу хIора кIантана, йоIана тIехь. Иштта лазаме х1уманаш дара «Горгачу стоьлехь» гулбеллачара дийцаре динарш. Теша лаьа, доьзалш дIасакъестарш лахлур ду, берашца, церан дуьхьа къахьоьгуш йолчу департаменташа, министерствоша пайдаоьцур бу дагабовларехь хиллачу къамелех.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт