Нохчийн меттан де билгалдаккхар

Нохчийн меттан де кхайкхийчахьана дуьйна Урдунерчу нохчаша хIора шарахь даздо и сийлахь дезде.

ХIокху шарахь Заркъе олучу шахьарахь хилира Нохчийн меттан денна лерина даздар. Йисинчу (нохчий Iаш болчу) кхаа шахьарера нах а баьхкира оцу даздаре, и де деза хеташ, нохчийн мотт дукхабезаш шаьш хиларе терра.

Цу даздарехь Нохчийн меттан исторех лаьцна къамел хилира. Нохчийн маттахь цхьацца хаттарш деш къийсадаларш а дIадаьхьира.

Цхьаьнакхетар дIахьош болчарех цхьаъ вара Урдунехь нохчийн юкъараллашкахь жигара дакъалоцуш волу Бийтро МахIир. Бийтрох лаьцна дийца шорта дика хIуманаш ду, цу юкъахь – ненан мотт безар, цуьнан сийдар, Урдунерчу нохчашна шен ма-хуьллу нохчийн мотт хьехар.

Бийтро МахIира Нохчийн меттан даздарехь уггаре а доккха дакъалоцуш хилар бахьанехь масех хаттар дира ас цуьнга.

– Бийтро, ахь хIокху даздарехь дакъалацаран бахьана хIун дара хьан?

– И дакъалацаран бахьана нохчийн мотт безар, нохчийн меттан сий айъа лаар, нахана иза бовзийта а, баржо а лаар дара.

– Нохчийн меттан де Урдунерчу нохчаша муха тIеоьцуш хийтира хьуна?

– Урдунерчу нохчаша дика тIеийцира и де, хазахеташ, дикка нах а баьхкира. Бакъдерг аьлча, зударий дукха бара, баккхий нах а бара, амма вайна луург хIун дара – кегийрхой алсам хилар. Кхидолчунна тIехь-м дика дIадаьхьира и дезде.

– Нохчийн меттан де вай хIора шарахь даздо. Цу дийнан диканаш хIун ду аьлча, хIун эр дара ахь?

– Нохчийн меттан дийнан диканаш шортта ду. Бакъду, меттан дезде билгалдаьккхинехь а, вайн хIора де а Нохчийн меттан де хила дезаш ду. ХIунда аьлча, ненан мотт цхьана дийнахь бийцарх тоьаш дац, хIора дийнахь бийца безаш бу иза, цIахь, арахь, доттагIашца, гергарчаьрца, замошца, массаьрца а. Ткъа вуьшта, и цхьа де билгалдина, Урдунехь баьржина болу нохчий цхьана меттехь гулбина, уьш къамеле бохуш, цадевзарш хетта а хоьттуьйтуш, ца хуучунна вайн нохчийн хIуманаш довзуьйтуш, юкъара марзо алсамйоккхуш, вовшашца дагадовлар деза а, мехала а хIума ду. Цкъа-делахь, уьйраш, гергарлонаш чIагIдо, шолгIа-делахь, меттан сий а ойъу, цуьнга болу безам а чIагIбо.

– Урдунехь долу нохчийн меттан хьал муха хета хьуна? ЧIагIлуш ду я гIеллуш ду иза?

– Урдунехь нохчийн меттан хьал чIагIлуш ду ала луур ду суна, хIунда аьлча хьалха мотт Iамо лууш болчарна иза Iамо хала хуьлура, тахана санна хаамийн гIирсаш бацара, интернет-юкъараллаш яцара (Фейсбук, Инстаграм, кхиерш). Тахана иштта аьттонаш бу, хьайна лаахь Нохчийчохь волчуьнга вистхила, кост таса йиш ю хьан. Хаамийн гIирсаша Европехь болчу а, Урдунехь болчу а нохчийн аьтто бина – нохчийн мотт Iамо луучунна, тIаьхьаваьлла лохуш хилчахьана, тайп-тайпана хьостанаш ду интернета чохь. Суна гуш дерг хIун ду аьлча, и хьостанаш лохуш, нохчийн мотт Iамош шортта нах бу, суна а бевза ишттанаш. Цундела, ненан меттан хьал дика ду вайн, кхин толуш а ду, аттачу долуш ду мотт Iамор.

– Нохчийн меттан дийнан хьокъехь, вайн къамел дерзош, хIун ала луур дара хьуна?

– Нохчийн меттан дийнан хьокъехь айса аьлларг юха а ала луур ду суна – Нохчийн меттан де вай билгалдаьккхинехь а, хIора де а Нохчийн меттан де хила дезаш ду.

Къамел дIадаьхьнарг – ШИРДО Мохьмад

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: