Дикане сатуьйсуш еха

Шеларчу «Кавказ» шахьарахь ехаш йолу йоI – Магомадова Раяна – шен диъ шо кхочуш, цIеххьана когаш сецна йисира. Дукха хан ца йолуьйтуш, дас-нанас Москва йигира Раяна. Цунна «скалиоз» цамгар ю аьлла, диагноз хIоттийра лоьраша. ХIинца 10 шо ду иза заьIапхойн гIудалкха чохь йолу.

Кхидолчу берийн санна школе лела йиш яц цуьнан, цундела дистанционни дешар Iамош хIокху шарахь 8 класс чекхйоккхуш ю иза. Хьехархоша компьютеран зIенаца урокаш а луш, Iамош ю иза. Хьекъал долуш, дуьйцург дика схьалоцуш, дешарехь кхиамаш бохуш ю.

Доьналла, похIма долуш ю Раяна. БархI шо кхаьчча байташ язъян йолаелла. «Зезагаш», «ДоттагIий», «Баьццара дитт», «Хьуьнан цIазамаш», «Сан хьоме нана», иштта дIа кхин а байташ язйина цо. Уьш зорбане яьхна а хилла «Наша школа» газета тIехь.

ЙоIана чIогIа хазахета Iалам. Ша нанас уьйтIа яьккхича лерина ладугIу цо олхазарийн зевнечу эшаршка, шайн бешана йистехула охьадогIучу Басс хин гIовгIане.

Раянас шена тир яккха а, хIума тега а, юца а Iамийна. Дикане сатуьйсуш еха Кегийчу туьтех а, бес-бесарчу салфеткех а, пластилинех а бIаьвнаш, гIургIезаш, тайнигаш, гIанташ, дитташ, кIудалш, кхиерш йо цо.

Хиъна дукха ца Iало иза, цундела йижина Iилла езаш хуьлу. Делахь а, оццул шена хала доллушехь, цхьа а ламаз ца деш тIех ца долуьйту. Ша гIудалкха чохь Iаччохь, голаш тIе гIайба а, хьалха куз а тосий до цо ламаз. Суьлхьанашца салаваташ дохку. Деле доьху ша кога тIе хIоттаяр. Боккха лаам бу йоьIан Къуръан Iамон. Хьехархо цIа а валош, цуьнан и лаам кхочушбан дагахь ю цуьнан нана Лиза.

«Раяна йоккха хилча астролог хила лууш ю. Ненананас жима йолуш дукха туьйранаш дийцина йоIана. Цаьрга ладугIуш, мерза наб кхетара цунна. ГIенаха гора ша тоелла, берашца ловзуш, уьдуш. Наг-наггахь ша а яздо цо туьйранаш. Стиглара бутт, седарчий, малх, дерриге а Iалам чIогIа хазахета Раянина. Цундела а хир ду ша йоьшучу книгаш юкъахь цо алссам астрономи а, шира истори а йоьшуш хилар.

ЗаьIап бераш, дукха хьолахь могаш берел чIогIа хьуьнаре кхуьу: дечигах пхьола дан хууш, суьрташ дохкуш, байташ язъеш. Иштта, Раяна а ю-кх къахьоьгуш, цхьацца конкурсашкахь дакъалоцуш. Раяна юха а Москва йига дагахь ю нана, рогIера операци йича йоIана гIоле хиларе сатуьйсуш.

Нанна хIумма а атта дац. Делахь а, шен йоI Раяна тоелчахьана кхин хIумма а ца оьшу цунна. Раяна а тешна ю Везачу Дала ша дарбанна тIе кхачийна, цхьана дийнахь гIудалкха чуьра гIоттур ю аьлла. Дала мукъ лахь, цуьнан и лаам кхочуш хир бу.

Л.УМАРОВА

Суьрта тIехь: Магомадова Раяна

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: