Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира 1995–1999-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу республикин чемпионат. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара 120 сов спортсмен.

Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь финалехь билгалбевлира толамхой: хьалхара меттиг яьккхира Дадашев Сайд-Эмина (60 кг.), шолгIачу меттехь вара Исаев Хьамид (71 кг.), кхоалгIачу меттехь вара Абдыхаджиев Ислам (66 кг.).
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо