Иллешкахь бийцинчу гу тIе со вели.
Жималла дагаеъна, дог ловзадели.
БIаьргара хи дуьйлуш, юьрта чу вуьйли.
Ден хIусме дIакхочуш, дог даша дуьйли.Холхазан куйнаца да дуьхьал вели.
ДегI нисдеш, нана а ара ма ели.
Догучу шен деган йовхо схьаетташ,
Шен къоьжа и корта сан даг тIе билли.Кхин хьал-де ца хоттуш, куьркехьа хьаьди,
Дукха хан ялале суна шун хIоттий.
Ткъа токхе вуй хиъча, хеттарш дан ели,
Шегара хьал дийца-м лууш ца хили.
Йистхила кIанте и хиллера хьаьгна,
Ца Iебаш, соьга схьахьоьжуш и лаьтта.Ткъа тхоьга ладоьгIуш, да гIийла Iара,
Устазан Iаси тIе товжийна корта.
Доьналлех ца вухуш, дегI латтадора,
Къаналлин тIегIертар вацара дезаш.Безамна кховдий соь дайн хилла гота,
Замано баийна мангал а цуьнца,
Соьгара ду хьуна, кIант, совгIат аьлла.
Ткъа ненан совгIат ду аганан илли.
АЙДАМИРОВ СаьIид-Бек
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо