Хууш ма-хиллара, карара 2017-гIа шо Россин Экологин шо ду аьлла дIакхайкхийна ду. Цунна лерина Ерригроссин экологийн съезд хилира Соьлжа-ГIаларчу М.Миллионщиковн цIарахчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь.

Съездехь дакъалоцуш вара оццу университетан ректор, профессор Таймасханов Хьасан, хьалхара проректор Заурбеков Шарпутди, Iилманан белхийн а, инновацийн а проректор Гайрбеков ИбрахIим, Россин Iилманийн академин Х.Ибрагимовн цIарахчу Комплексан Iилманан-талламан институтан директор Батаев Дени, республикин Iилманийн академин академик Умаров Мухьади, республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара Iалам лардаран министран заместитель Садулаева Карина, республикин Юьртан бахаман министран заместитель Усманов Iийса, иштта кхечу министерствийн векалш, политикин гIуллакххой.
Экологийн съездан хьешашна юкъахь бара: Москван пачхьалкхан геодезин а, картографин а университетан «Географи» кафедрин заведующи Братков Виталий а, Ю.Гагаринан цIарахчу Саратовн пачхьалкхан техникин университетан «Экологи» кафедрин заведующи Тихомирова Елена а, Къилбаседа Кавказан ломан металлургин институтан «Экологи а, техносферин кхерамазалла а» кафедрин заведующи Алборов Иван а, кхиберш а.
Съездан дакъалацархошка а, хьешашка а маршалла хоттуш, хьалхара дош олуш вистхилира Таймасханов Хьасан: «Россин экологи хIинца санна цкъа а тергонехь латтийна яц. Iалам Iалашдаран яккхий комплексаш ю еш, экологи цIанъярехь йохуш яккхий гIулчаш а ю. Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош ду республикин экологин хьал».

«Нохчийн Республикин экологин проблемаш» доклад йийшира Заурбеков Шарпутдис.
– Республикин экологин коьрта проблема ю мехкадаьттан а, газан а комплексаша хIаваэ арахоьцуш болу боьха кIур а, хьожа а. ХIинца а кхоччуш билгалбаьккхина бац цара экологина деш долчу зенан барам. Цул сов, шина тIеман кампанехь хилла зенаш (гуонахара Iалам хIаллакдар а, хIаваъ бехдар а) дац кIезиг. Цу тIехь хIинца а талламаш бу дIахьош. Коьртачех цхьа проблема ю молуш долу хиш бехделла хилар а, уьш цIандарна оьшу хьелаш кхолла дезаш хилар а, – ишттачу а, кхидолчу а гIуллакхашна тидам тIебахийтира шен докладехь Ш.Заурбековс.
Иштта, цо билгалдаьккхира Iалам а, экологи а ларъярехьа хIинцале а яккхий гIулчаш яьхна хилар а, вайн республикин Куьйгалхочун омрица Iалам, экологи цIеналатторехьа, ларъярехьа республикин Iилманийн академин экологин декъехула болчу Iилманчаша а къахьоьгуш хилар а.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Экологийн съездан дакъалацархочо Братков Виталийс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин экологин проблемаш кхачам боллуш билгалъяхна хилар а, съездана кечам дика бина хилар а.
Ре спубликин экологин проблемаш дIаяхаран Iалашонаш билгалйохуш, йоццачу хенахь уьш дIаяхаран некъаш а хоржуш, ерзийра Нохчийн Республикехь дIаяьхьна Ерригроссин экологийн съезд.
ВЕГИЕВА МАККА
Авторан суьрташ тIехь: Ерригроссин экологийн съездан дакъалацархой
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо