«Аэрофлот» авиакомпанис денна а еш йолчу рейсех цхьаъ яра иза. «ЯК-42» хIаваакема Соьлжа-ГIалара Стамбуле доьдуш дара. Лайнеран салона чохь цхьа а паргIат меттиг яцара – нах луларчу пачхьалкхе шайн гIуллакхашка боьлхуш бара: йохк-эцарна а, зераташка а, хьошалгIа а, шайн цIа а. Пассажирашна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а, кегий нах а, мехкарий а бара.

Кеманан моторийн цхьанаэшшара еш йолу гIовгIа, салонехь синтеме, паргIат хьал, пассажирийн хьашташка леррина хьовсу стюардессаш – цхьа а хьовзам боцуш, тийна дIадоьдура лайнер.
Дерриге а дIадоладелира, кема лаьтта охьахаа гергадахча. Иза жим-жима охьалахлуш дара. Шайн гIанташкахь, доьхканаш дIа а тесна, кема лаьтта охьахааре хьоьжуш Iара пассажираш. Амма цIеххьана цамоьттург хилира: охьахааран метта, лайнер хIаваэ хьаладирзира. Стигалахь боккха гуо а тесна, юха а лаьттехьа охьалахделира кема, амма охьахаар ца хилира. ШолгIа а, кхоалгIа а, доьалгIа а гуо тесира кемано, амма охьахаалуш дацара иза. Пассажираш боьхна хьаьвзира. Цкъа хьалха лохха, юха тIеттIа чIагIлуш, резабоцучу нехан аьзнаш хеза дуьйлира салона чохь. Наха вовшашка хоьттура: «ХIара хIун ду хуьлуш дерг? Вай охьа хIунда ца ховшу? Летчикаш а цхьа а хIума олуш ма бац!».
Ткъа кема юх-юха а лаьтта тIехула хьийзара, иза, хIуъа а дича а, охьа ца хаалора. ЧIогIа карзахе хьал хIоьттира кемана чохь: наха маьхьарий хьоькхура, «Аэрофлотана» а, кеманан экипажана а неIалташ кхайкхадора, шайн меттигашкара хьала а лелхаш, салона чухула дIасауьдура. Стюардессаш, шайн ницкъ ма-кхоччу, уьш тебан гIертара, пассажирашка охьаховша бохуш, дехарш деш, йиш хаьллера церан.
– Кема цхьана агIор дазлур ду, иза чIогIа кхераме ду! Совцахьара шу, хIинцца дерриге а дIанислур ду! – нахе хаддаза дехарш дора цара.
Амма кхерамо Iадийначу нахана цара дуьйцург ца хезара. Царна билггал хуург цхьаъ дара – шайн дахар кхерамечу хьолехь хилар. Уьш карзахбевллера, цхьана дега совцалур а боцуш. Кегийчу нехан цхьа тоба яра, пилотийн кабини чу лилхина, и «писаш» хIун деш ю хьажа а, цаьрца дерг «къасто» а Iалашо йолуш. Амма, куьйгаш дIаса а даржийна, шайн декъеш тIехула бен кабини чу гIур дац шу аьлла, пен санна, дуьхьалбевлла стюардессаш а бара.
Салона чохь йоккха гIовгIа яьллера, баккхийчеран маьхьарех дIаийнера кегийчу берийн делхар.
Адам холчу хIоьттинчу оцу кIуркIаманехь бусалба нехан духар дуьйхинчу, цхьана зоьрталчу стеган онда аз дийкира: – ХIай бусалба нах! Вежарий, йижарий! Кхера ма кхера – вайн дахар Веза-Воккхачу АллахIан карахь ду! Цунна тIебилла болх! ДоIа де, вай кIелхьардахар деха Цуьнга!
Иза доIа дан хIоьттира. Цу стеган ондачу озо кхечеран маьхьарий дIахьулдира: – АллахIу Акбар! АллахIу Акбар! АшхIаду ан ла илахIа иллаллахI! Ва ашшаду анна Мухьаммадан РасулуллахI!
Кестта адамийн маьхьарий дIасевцира. Деле динчу доIанан дешнаша тIеIаткъам бинера царна. Жим-жима меттабогIуш, доIа дечу стеган озе ладогIа хIиттира уьш.
Цу стага къинхетамечу АллахIе даггара доьхура шаьш кIелхьардахар. Цуьнан доIанехь хаалора кхаьрга беана бала: – Везан Дела! Берриге а Хьайн пайхамарийн а, эвлаяийн а дуьхьа, стигалан а, лаьттан а дуьхьа, бусалба умматан а дуьхьа хIокху кемана чохь болчу Хьайн мискачу лайшна кIелхьарбовлар лохьа, тхан Сийлахь, Къинхетаме Дела! – доьхура цо.
Дала жоп делира цуьнан доIина: рогIера гуо а баьккхина, охьалахделла кема, меллаша лаьттана гергахьа кхочуш лаьттара. Эххар а иза, цунах дIа а хьакхаделла, ша охьахиъначу некъан асанна тIехула дIадахара. Кестта аэропортана юххе дIадахийтира иза пилоташа. Хазахетаран маьхьарий, тIараш деттар, гIовгIа, адамийн делар – дерриге а цхьаьнаийнера кемана чохь оцу миноташкахь. Нах вовшашна марабетталуш, шаьш кIелхьардовларца вовшийн декъалбеш бара: – АлхьамдуллиллахI! Далла хастам бу! Цуьнан къинхетаман доза дац!
Юха, шаьш холчу хIиттина, доьхна хьийзачу хенахь Деле доIанехь шаьш кIелхьардахар дехначу стагана баркаллаш баха хIиттира уьш. Ткъа важа, вист а ца хуьлуш, кора йистехь Iара, наха шена баркалла аьлча, дуьхьал корта а теIош. Цуьнан карахь суьлхьанаш дара. Хьала а гIаьттина, аравала сиха вацара иза, кема сецна даьллехь а, нах арабовла буьйлабеллехь а. Схьахетарехь, кхечарначул дика хаьара цунна мел боккха бу Везачу АллахIан къинхетам, мел беза Цунна Шен лайш.
М.АРСАНУКАЕВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо