ДIадаханчу бIешеран 20-чу шерашкахь республикехь кхолладеллачу юкъараллин-политикин хьолаца, мехкадаьтта даккхар а, цунах гIуллакх дар а, дийнна схьаэцча, республикин экономика кхиарца, школаш, театраш, библиотекаш яхка йолорца, халкъана юкъахь культурно-кхетош-кхиоран болх баржорца доьзна доккха хьашт кхолладелира оцу гIуллакхехь мехала маьIна долу шен-шен хенахь арадовлуш долу газеташ, шуьйрачу хаамийн кхиболу гIирсаш хиларе.
1917-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Соьлжа-ГIалахь арахеца долийра «Товарищ», «Известия Совета рабочих и солдатских депутатов» газеташ, тIаьхьарниг 1921-чу шарахь дуьйна «Красный труд» цIе йолуш арахоьцуш дара. 1922-чу шарахь дуьйна арадала доладелира «Нефтерабочий», кхидолу газеташ. Лаьмнийн халкъийн дахар гайтарна лерина дара 1918-чу шарахь дуьйна Буру-ГIалахь арахоьцуш хилла «Горская беднота» газет, ткъа 1920-чу шарахь дуьйна арадала доладелира «Горская правда», «Коммунист» газеташ. Халкъан культура кхиорехь доккха маьIна долуш дара 1921-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хилла «Неделя просвещения», «Серлоне» газеташ.
Оцу хенахь къаьсттина тидам тIебохуьйтура къоман зорба арахецар вовшахтохарна. Нохчашна лерина 1920-чу шарахь арахеца долийна хьалхара газет дара «Чеченские трудящиеся». Иза оьрсийн маттахь арахоьцуш а дара.
1922-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь РСФСР-н ВЦИК-н Президиумо тIеийцира «Нохчийн автономни область вовшахтохаран хьокъехь» долу декрет. Цул тIаьхьа, аьлча а, нохчийн йоза тIеэцначул тIаьхьа, 1923-чу шеран оханан (апрель) баттахь араделира «Советская Автономная Чечня» газет. И хан хIинца нохчийн маттахь арахоьцуш долчу «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газет кхолладаларан юьхь ларалуш ю. Газетан дуьххьарлера редактор вара цIеяххана вевзаш волу нохчийн серлонча Эльдарханов Таьштамир, дуьххьарлера жоьпаллин секретарь – Ошаев Халид, газет Буру-ГIалахь зорбатухуш дара. 1925-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь «Серло» аьлла йолчу керлачу цIарца арахеца долийра иза. И газет доккха маьIна долуш хилира областан экономика, культура, литература, нохчийн мотт кхиорехь. Газетан хьалхарчу номерна тIе куьг яздира, аьлча а, цуьнан хьалхара редактор вара тIаьхьа цIеяххана яздархо хилла волу Арсанов СаьIид-Бей. 1927-гIа шо чекхдаллалц газет шина маттахь – нохчийн а, оьрсийн а – арадолуш дара. Иза арахеца долийначу хьалхарчу шерашкахь цуьнан тираж йоккха яцара – 500–1000 экземпляр.
Шена тIе боккха тидам бохуьйтуш ю «Серло» газет арахеца долош, хьалха болх беш хиллачарах а, болх вовшахтохарехь хиллачу халонех а, газет арахеца ахча цахиларна областан куьйгалхоша, могIарерчу къинхьегамхоша оцу гIуллакхна ахча гулдарх а, иза дарца цара къоман газете болу шайн боккха сий-ларам гайтарх а лаьцна дуьйцуш йолу «Ленинан некъ» газетан 1958-чу шеран хIутосург (май) беттан 7-чу дийнахь араяьллачу номерехь зорбатоьхна йолу Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтан Iилманан белхахочун С.Эльмурзаевн «Газетан исторех лаьцна» аьлла йолу статья.
Цо яздо: «Сов халачу хьелашца хилира газетан болх дIаболор. Редакцин, типографин белхалошний, белхахошний алапа дала а, типографина оьшу гIирсаш эца а ахча дацара. Цунна хIетахьлерчу областан активо дика гIуллакх дIадолийра: газет вовшахтохарца цунна оьшу ахча гулдира, вовшашка йохье а кхойкхуш. Масала, 1923-чу шарахь арадаьллачу газетан цхьана номерехь яздина ду кху билгалбинчу накъосташа газетана ахча гулдарх лаьцна.
«Арахеца долалучу нохчийн газетана гIоьнна 5 сом ахча а ло ас, оццул ахча дала хIокху накъосташка йохье а кхойкху со, кхайкхам бо серлончас Т.Эльдархановс:
Мальсагов И. – ГIалгIайн АО-н ЦИК-н председатель,
Зязиков И. – РКП-н ГIалгIайн обкоман секретарь,
Шерипов З. – Нохч. Обл. ФО-н заведующи,
Хамзатов М. – Нохчлаьттан отделан заведующи,
Мальсагов З. – ГIалгIайн Обл. ОНО-н заведующи, Мальсагов М.».
Эльдарханов Таьштамиран кхайкхам тIелацарца, хьомечу газето зазадаккхаран гIуллакхна 2 сом 10 кепек а ло ас, сайна йогIучу рогIана хIокху накъосташка йохье а кхойкху со, боху кхечо:
Ахтаханов Зак. – Обл. суьдан декъашхо,
Эльдарханов А. – Обл. милицин хьаькам,
Ошаев Х. – Нохч. Обл. ОНО-н заведующи,
Курумов М. – торгпром,
Беймурзаев – Нохч. ЦИК-н адм. отд.,
Тазуев Ш. – школа 2 ст.,
Кагерманов М. – Шелан окр. исполкоман председатель,
Шерипов З. – Нохч. ЦИК,
Садыков М. – Нохчторгпром,
Арсанукаев Д. – Нохч. ЦИК,
Чокуев Г. – НАО-н прокуроран гIоьнча,
Омаров Ч. – НАО-н 4-чу уч. халкъсуьдхо,
Хамхоев А. – 3-чу уч. халкъсуьдхо,
Надуев С. – НАО-н прокуроран гIоьнча,
Шуаипов Дж. – Обл. суьдан декъашхо».
«Серло» газетан гIуллакхна ахча гулдар дика чекхделира. Областан куьйгаллин белхахоша а, кхиболчу къинхьегамхоша а дикка ахча гулдира газетан болх дIаболабаларна. Цунах доккха гIо хилира газетана пачхьалкхо шен ницкъаца зорба тохар дIадолочу хьалхарчу юьхьанца».
Газет арахецарна гIо даран декъехь хилла ца Iаш, иза кечдаран гIуллакх девзаш болу белхахой цахиларца а яккхий халонаш яра. «Серло» газет когахIоьттина, дIадахийтарехь а, цуьнан болх шарбалийтарехь а доккха гIо дира оцу хенахь оьрсийн маттахь арадовлуш хиллачу газеташкахь еххачу хенахь белхаш бина, газет арахецаран белхан зеделларг долуш болчу кхечу къаьмнех болчу журналисташа а. Цара жигара дакъалецира газет арахецарехь. Масала, С.Федоровс еххачу хенахь газетан редакторан заместителан болх бира. Редакцин балхахь, иштта, доккха дакъалецира Л.Фрейлиха а, кхечара а.
Газетан хьалхара литературни белхахой бара Сальмурзаев Мохьмад, Ибрагимов Iабаз, Сугаипов ШахIаб, кхиберш а. 1926-гIа шо чекхдолуш «Серло» газете язвелларг 1 200 стаг вара.
Оцу хенахь газет зорбатухуш хилла Iаьрбийн йоза деша чIогIа хала дара. И бахьана долуш 20-гIа шераш дуьйлалуш Къилбаседа Кавказан дуккха а халкъийн йоза Iаьрбичунна тIера латинин графикин буха тIе даьккхира. Цул тIаьхьа 1925-чу шарахь Нохчийн ЦИК-н сацамца нохчийн йоза а даьккхира латинин графикина тIе. Оцо и йоза бахархой шех кхета атта дина дIахIоттийра. Сихдира Нохчийчохь бахархошна йоза-дешар цахаар дIадаккхар. Нохчийн школашкахь дешар Iамор а латинин элпийн буха тIе даьккхира.
Ненан маттахь газет диллар нохчийн халкъан дахарехь доккха маьIна долуш, мехала гIуллакх хилира. Газетехь коьртачу декъана зорбатухуш яра хаамийн кегий материалаш а, корреспонденцеш а. Уьш зорбатухура ишттачу рубрикашца: «Вайга эвлара хIун яздо», «Шира а, керла а дахар», «Юьртахь хIун дан деза», «Говзанчийн хьехамаш», «Вайн юрт», «Юьртан дахар», кхиерш а. Оцу рубрикашкахь газето хаддаза яздора ахархойн дахарх лаьцна, довзуьйтура хьашташ кхочушдаран, юьртабахаман хьалхарчу кооперативийн, коммунийн белхан дика зеделларг. Боккха тидам тIебохуьйтура верасаллин болх, Соьлжа-ГIалано юьртана тIехь верасалла лелор гайтарна, колхозаш вовшахтохаран политика йовзийтарна.
«Серло» газет доккха маьIна долуш хилира нохчийн литература кхоллаяларехь а, кхиорехь а. Газетехь вовшахкхеташ бара литературехь шайн корматалла зен лууш болу кегийрхой. Газетехь дакъалоцуш, кхиъна бара нохчийн литературин бухбиллархой Дудаев Iабди, Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад. 30-чу шерашкахь газетехь шайн произведенеш зорбаетта буьйлабелира яздархой Айсханов Шамсуди, Музаев Нурди, Мамакаев Iаьрби, кхиберш а. Цара доккха маьIна лелийра нохчийн мотт, литература кхиорехь, газетан хатI тодарехь, яздаран жанраш, публицистика кхоллаяларехь.
Къоман газетан белхахойн публицистикин корматалла кхиорехь доккха маьIна лелийра оьрсийн публицисташа. Церан гIоьнца кхиира 20–30-чуй шерийн публицисташ С.-Б.Арсанов, А.Саламов, М.Мамакаев, С.Бадуев, кхиберш а.
Кхачамбацаршца а, зуламаш дарца а машаре боцу къийсам а латтош, яздархоша С.Бадуевс, I.Дудаевс йоккха хазна юкъайиллира сатирин жанр – фельетон – кхиорна. Газетехь зорбатуьйхира С.Бадуевн «Къайле», «Ловзар», «ЦаIеба», «Тоьур ду», «Ши малх», кхийолу сатирин произведенеш. Газетдешархоша чIогIа езаш тIеоьцура I.Дудаевн, С.Бадуевн, Ш.Айсхановн критикин материалаш, очеркаш, публицистикин статьяш. Нохчийн литература кхиорна йоккха хазна юкъайиллина болу берриге а, бохург санна, яздархой а, поэташ а «Серло» газетехь болх бина бу.
(ТIаьхье хир ю)
С.МАГОМАЕВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо