Делкъа ламаз а дина, тасбихь, вирд а даьккхина паргIатваьллачу шен дедега Мохьмада элира: – Воккха-Дада, хIара сан накъост, Хьусайн, веана-кх хьаша тIелацаран, хьошалла даран гIиллакхех дерг ахь шена дуьйцийла лууш, хьайн карах далахь дийцахьа цунах лаций.
– Дера дуьйцур ду-кх, сайна хууш дерг-м. Муха дуьйцур дацара, шу и хаа лууш хилча.
Ламазна тесначу кхакханна тIехь дIа а нислой, цо шен къамел доладо: – Вайн халкъо уьншарахь дуьйна вовшашца а, кхечу къомах болчу нахаца а хьошаллаш лелийна. Цуьнга хьаьжжина хьошаллин гIиллакхаш кхолладелла вайн. Халкъалахь олуш ду: «ХьошалгIахь ца хиллачунна хьаша тIеэца а хуур дац». Иза иштта дан а ду.
Юьрта кхаьчна хьаша пхьоьхана хIуттий: «Хьаша тIеэца аьтто болуш мила ву?» – олий, хоттуш хилла. ТIаккха пхьоьханахь лаьттачарах цхьамма хьаша шеца шен хIусаме дIавуьгуш хилла. Нагахь санна хьешо «И хьенех мичахь Iаш ву», – аьлла, хаьттича, цо цIеяьккхинчу стеган хIусаме дIакхетош хилла. ХIинца санна «Хьуьллахь Iаш ву», – олий, дIахьажош (дIавохуьйтуш) ца хилла.
Цхьана хенахь, аьтто болчо, леррина ша къаьстина хьешана олий, цIа деш хилла, чу-ара валийта, хьешан аьтто хилийта. Цу чохь текх-цаца лелош ца хилла. Хьаша цхьаьннан кхерчахь сецна, цкъа рицкъанах кхетта велахь, шолгIа оцу юьрта веача кхечу хIусаме хьаша хилла ваха йиш йолуш цахилла. Иза гIиллакхе лоруш ца хилла. Нагахь санна иза кхечанхьа сецнехь, хьешан хьалха хиллачу хIусаман дена, иза шена къинтIера воккхуш, хьаша хIинца тIевоьссинчо газа яла езаш хилла.
Хьешо, ша хьалха хиллачу я шена хьалха вевзина хиллачу хIусаман ден кевне кхаьчча, цуьнан цIе а йоккхий: «Хьенех, чохь вуй хьо?», – мохь тухий, хоттуш хилла. Араваьллачу хIусамдас, салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа: (говрахь, машенахь велахь) «Охьавосса, чувола», – олий, керта вуьгуш хилла. ХIусамдас хьаша шел хьалха волуьйту. ЦIийнан неIарна тIекхаьчча, цу тIекхаччалц ша хьалха хуьлу. НеIарна тIекхаьчча, иза схьа а йоьллий: «Чоьхьа вала», – олу хьеше. Хьешо, чохь мила ву а хьожий, салам ло я де (суьйре) дика до, юха «Дика мел дерг догIийла кху чу (хIокху хIусаме), – олу. Нохчийн Iадатца салам схьаэца догIуш верг чохь хилахь, цо салам схьаоьцу, «Диканца дукха вехийла, марша вогIийла», – олу, векхалой, велалой.
Шена еллачу метте охьахаа веза хьаша. Цунна тIехь дац, ша гIиллакх хIоттадо бохуш, чу веъ-веанчунна шена елла меттиг дIакхийдо. Хьаша чохь а волуш чувеана стаг араволуш хьешана тIехь дац цунна тIаьхьавалар. Иза хIусамден декхар ду. Хьешо хьаша новкъавоккхуш ма ца хуьлу.
Хьаша веача хIусамдас цунна уггаре а хьалха кхача хьалхахIоттабайта беза, чай-бепиг бен иза дацахь а, хьешана лерина кхача кечбина баларе а ца хьоьжуш. Тхан заманахь хьаша веача уьстагIна урс хIокхура. ХIинца-м дIадаьллачу новкъа ду и гIиллакх.
ХьошалгIахь ша лелон дезарг хууш хила веза нехан хIусаме ваханарг. Ша бахьанехь хIусамдайшка дукха къахьегийта ца деза. Шуьнехь оьзда, чоь чуоьзна хила веза. «Нехан шуьнехь гай а ма дузаде, нехан хьаьвди тIехь дин а ма бустабе», – олуш хьекъале кица ду вайн. Цо гойту нохчичун са а, амал а маьрша хила езаш хилар, нехан шуьнехь сутара хила везаш цахилар.
Вайн дай баьхначу халачу заманашкахь а хьешана лерина цIа я къаьстина цхьа чоь латтийна ца Iаш, кхача а, мотт-гIайба а хилла. Тахана а, цхьадика, дукхах болчу нохчаша чIогIа лардеш ду и гIиллакх.
Хьан неI а, ков а тоьхна, салам-маршалла а делла, «Хьаша оьций аш?», – аьлла, хьан керта, ков-берте веанарг хьешан дарже волу. Иза бохамах ларвар, цунна хьошалла дар тIедужу хIусамдена. Цуьнан гIуллакхе хьажар, иза дIаваха новкъаволуш новкъаваккхар тIехь ду цунна.
Хьешана тешнабехк, ямартло яр, Iиттарш яр, бохамах ларцавар нохчашца догIуш доцу эхье, ледара хIуманаш ду. Иза диц ца деш, тIаьхьенаша шайн тIаьхьенашна довзуьйтуш, лардеш дIакхехьа дезаш гIиллакх ду. Цу хьокъехь вайн халкъан дуккха а иллеш ду.
Хьешан оццул боккха сий-ларам хIунда бан беза бохуш верг волу наггахь. Цунах кхета дукха хьекъал ца оьшу. КIеззиг а ойла йича, кхеташ ма ду: хьаша хийрачу юьртахь, хийрачу махкахь-м муххале а, цхьалха, гIийла, гIорасиз ву. Хьеннан а ницкъ кхочур бу цунна гIело ян, тешнабехк бан. Цундела муьлххачу а нохчичун декхар ду хьаша тIелацар, хьошалара валлалц иза ларвар. Кхо-де буьйса даьлча хьошалара волу тIевеанарг. Цул тIаьхьа цуьнца лелон деза гIиллакхаш цо арабаьккхинчу некъе хьаьжжина хила деза. Амма, тIаккха а дагахь латто деза иза цхьалха, тIетовжа агIо йоцуш стаг хилар.
Хьаша-да лараран, тIеэцаран гIиллакх дохор Далла а ца деза. Цунах лаьцна дуьйцуш дийцарш хуьлура хьалха баккхийчеран. Царах ду Къоьзана юьртан кхолламан хьокъехь дерг а. Иза дуьйцур ду ас шуна.
…Ширачу заманахь вайн лаьмнашкахь Къоьза цIе йолуш юрт хилла. Цкъа оцу юьрта цхьа миска стаг кхаьчна хилла боху. Беркъа, гIийла хилла иза. Буьйса герга гIоьртича, нехан неIаршка хIитта волавелла иза, буьйса яккха дагахь: «ХIей, хьаша оьций аш?», – бохуш. Амма цхьана а дас, неI йиллина, буьйса яккха чу ца вуьтуш, юьрта йисте кхаьчна иза. Нохчийн хьаша тIеэцаран гIиллакхех дIахьаьвзина хилла юьртара нах. Цул сов, неIаре веанчо сагIа дехча, иза луш а ца хилла. ЖIаьлеш тIехоьций, эккхош хилла.
И миска стаг юьрта йистехь, мелла а юьстахо лаьттачу цхьана цIийнан неIаре хIоьттина. Йисина Iаш, шен бераш хене даха гIерташ зуда хилла чу чохь Iаш ерг. «ХIей нах, хьаша тIеоьций аш?», – аьлла, мохь тоьхна некъахочо. НеI йиллина дуьхьал яьлла корталех хьаьрчина, юххехь лаьтташ бер долу зуда. «Хьаша оьций аш?», – хаьттина оцу стага юха а, даг чохь ша тIеоьцург хиларан гIеххьа шеко а кхоллалуш. «Дера оьцу! Дала валий-кха хьо тхуна. Могаш-маьрша вогIийла хьо!», – аьлла, елаелла, екхаелла хьаша тIеэцна цо. Чоьхьа валийтина, и паргIатваьккхина, хьешана аьлла латтош хилла шен къен кхача цунна хьалха хIоттийна хIусамнанас.
Кхача биъна ваьлча, цунна шен тоьллачех мотт-гIайба къастийна, дIавижийтина. Iуьйра ламаз а дина, араволуш оцу тамашийначу хьешо аьлла: «Дела реза хуьлда хьуна! Дала сагIадойла ахь дина дика хьошалла… ХIара юрт хIинца хи буха гIур йолуш ю хьуна, сихонца хьайн бераш а кечдай, хьайн сал-пал вовшах а тохий, лома буьххье хьалаялалахь». Иза а аьлла кех ваьлла, тIапъаьлла дIавайна хийра хьаша. Цо ма-аллара, лома буьххье хьалаяьлла и зуда. Юрт хи буха яхана. Цигахь хIоьттина бу боху-кх Къоьзан Iам.
Халкъо кхоьллина дийцар ду иза, хьаша-да тIеэцар, ларар мел деза ду вайна хаийта, хьешан сий ца дича, ларам ца бича Дала бекхам беш хилар гайта. Цундела, хьешо муьлххачу хенахь а хьайн неI тоьхча, хьуо мел гIийла-миска воллуш велахь а, цунна дуьхьал араваьлла, иза хьайн хIусаме кхайкха веза.
Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц хIусамдас цуьнга хоттуш ца хилла: «Хьо хIун гIуллакх эцна араваьлла?» Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа хьешо ша дийца дезаш хилла цунах дерг. Вай хьалхуо хьахийра-кх хьаша новкъаваккха везаш хилар. Вайн гIиллакхашца кхачаме дац кетIа кхаччалц тIаьхьавалар а. ДIаваха ваьлла хьаша гучуьра къайлаваллалц кетIахь латта веза хIусамда, хьешо шена тIаьхьа (шеца) ван пурба ца деллехь. Нагахь санна зама кхераме елахь (тIом болуш, талорхой баьржина, и.дI.кх.) хьаша юьртах валлалц я цунна кхерам боцчу меттиге кхаччалц новкъа ваккха веза.
ХьошалгIа вахаро хьешана тIеэгош долу цхьадолу декхарш а хьахор ду вай, дийца дуьйладеллачуьра. Цхьаьнан хIусаме хьошалгIа а воьссина, оцу хIусамехь, туьханах а, бепигах а кхетта волчунна тIеоьгуш долчу декхаршна, къаьсттина хIокху заманахь, сема хила безаш бу къонанаш. ХьошалгIахь хиллачунна мегаш дац оцу хIусамехь кхиъначу йоIанна тIехьовза. Иза оьзда цахилар лору вайн халкъо. И санна я кхин осала, ледара хIума шегара далийтиначунна «шена хьошалла динчу хIусамден» шун бехдинарг ву иза» олий, вуон цIе йоккхуш хилла вайн дайша. Цкъа хьошалгIахь хиллачунна тIедужу цуьнан диканехь а, вуонехь а дакъалацар. Оццул деза ду шена дина хьошалла хаар, хьошаллин маьIна довзар.
Нохчийн халкъ мел деха нохчашна юкъахь лела дезаш ду хьошаллин гIиллакхаш. Хьаша тIеоьцучунна а, хьошалгIа воьдучунна а хаа дезаш ду уьш. Ца хиъча юьхьIаьржа а хир ву. Цундела дийци ас, кIант, хьуна царах цхьадерш. Хан-зама яларца кхидерш а девзар ду хьуна, хьо нохчи хила гIоьртичахьана. Уьш довзарх тоьаш дац хьуна лело ма дезза и гIиллакхаш лелон доьналла дацахь, – дерзийра Воккха-Дадас шен къамел. Цуьнан Iодика а йина аравелира Мохьмад а, цуьнан накъост Хьусайн а.
С.ДАДАЕВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 23-гIа де, 2017 шо