ХIутосург (май) беттан 25-чу дийнахь, республикин ерриге а школашкарчу выпускникашна тIаьххьара горгали бийкира.

Бес-бесара лоппагаш, цIен-кIайн зезагаш, даккхий бантикаш дихкина кечбина хьалхарчу классашкара йоIарий а, кIайн-Iаьржа духарш дуьйхина кIентий а, и дерриге а гуш, тIаьххьара горгали бека де тIекхаьчна хиларх теша ца лууш, бIаьрхиш Iенош выпускникаш а лаьттара Хьалха-Мартан кIоштан Мартан-Чуьрчу №2 йолчу юккъерчу школехь.
Даздаран хьолехь дIадаьхьира и гIуллакх.
Хьалха-Мартан кIоштан администрацин векалша, школерчу хьехархоша, дешархоша, церан дай-наноша, юьртахоша а дакъалецира цигахь.
И гIуллакх дIадолош йистхиллачу школин директора Дадаева Зухрас декъалбира выпускникаш: «Цхьа кIира а ду тхо выпускникашца «дIасакъаста» кечлуш долу. ЧIогIа лазаме ду иза тхуна, хIунда аьлча, дика а, оьзда а, гIиллакхе а, тхуна даггара дукхадезаш бераш ду хIорш, бакъду, тахана дуьйна бераллера довлуш а ду хIорш.
Уггаре а хьалха, аш Пачхьалкхан коьрта экзамен кхиамца дIаяларе сатуьйсу оха, цул тIаьхьа лаккхарчу дешаран заведенешка деша хIиттаре а, уьш кхиамца чекхъяхаре а. Дала аьтто бойла шун! Дала тIаьхье беркате йойла».
Хьалхарчу классийн дешархоша выпускникийн дог ир-карахIоттош байташ йийшира. Шайн бIаьрхишна дола далуш бацара выпускникаш-йоIарий, цаьрца цхьаьна церан куьйгалхо Авхадова Марина а.
– Дала декъалдойла шу, сан хьоменаш, сан кегий бераш! Шу доцуш со кхидIа муха хила еза-м ца хаьа суна. ХIокхара санна дика а доьшуш, хьехархоша аьллачунна тIехь а болуш дешархой кхуьийла хIокху школехь кхидIа а. Шун дахарехь дерриге а диканиг хила лаарца, даггара декъалдо ас шу, – элира М.Авхадовас.
Цул тIаьхьа выпускникашка делира дош.
– Дела реза хуьлда шуна, тхан хьехархой, аш тхуна деллачу хааршна, диначу хьехаршна! Тхуна дерриге а дагахь ду шуна. Даггара лара а лору, деза а деза, тхайн дахаран некъаш мел чолхе хилахь а цкъа а диц а дийр дац оха шу, – элира выпускницас М.Эльснукаевс.
Даздарна леррина программа ерзийначул тIаьхьа, тIаьххьара горгали бийкира выпускникашна.
Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствос биначу хаамца, регионерчу ерриге а 472 школашкахь дIадаьхьна тIаьххьарчу горгалина лерина даздарш. Нохчийчохь верриге а 28 эзар сов выпускник ву, царах 8 эзар сов 11-чу классийн выпускникаш, 20 эзар сов 9-чу классийн дешархой бу.
Хь.ДАУДОВА,
Авторан суьрта тIехь: Мартан-Чуьрчу №2 йолчу школехь тIаьххьарчу горгалина лерина даздарш
№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо