Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара выпускникаш!

Шайн дахарехь уггаре а мехала де ду аш тахана билгалдоккхуш дерг. Школа чекхъяккхина довлу, хаарийн дуьненахь шуна некъ гойтуш, хьоьхуш хиллачу шайна хьоме хиллачу хьехархошца къаьста де ду хIара. Зерех, баккхийчу толамех, керла схьаделлалучех дуьзна долчу баккхийчеран, дахаран некъа тIе хIуьттуш, цуьнан юьххьехь лаьтташ ду шу. Ас декъалдо шу оцу хиламца!

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а олура хьекъале, дешна болу кегийрхой вайн юкъараллин гIортор ю, олий. Цуьнан некъа тIера дIаса ца хьаьвзаш вай дIадоьлхуш хилар бахьанехь вайн аьтто баьлла, республикин дешаран дакъа меттахIоттийна ца Iаш, иза дикаллин керлачу тIегIане хьаладаккха. Цунна бIаьрла тоьшалла ду бIеннаш керла школаш, школе дахале хьалха дешаран учрежденеш, вузаш. Тоьлла хьехархой бу оцу массанхьа а.

Вайн тIекхуьуш йолчу къоначу тIаьхьенна вуно дика хьелаш кхоьллина вай дешар Iамо, хаарш гулдан, царах вайн халкъан а, Даймехкан а дуьхьа пайдаэца. ХIора шарахь вайн регионехь белхан керла меттигаш ю кхуллуш, цигахь къаьсттина оьшуш бу къона говзанчаш. Со чIогIа тешна ву шух хIорамма а вайн юкъараллехь хьокъала йоллу меттиг дIалоцург хиларх, доьзалан а, дерриге а халкъан а дозалла хилла шух хIора а дIахIуттург хиларх а.

ХIокху шарахь бархI эзар сов выпускникан дIаяла дезар ду ЕГЭ, 20 эзар сов выпускникан – ОГЭ. Тешна ву оцу декхарца шу кхиамца ларориг хиларх.

Лаьа баккхийчеран дахарехь шун ирс а, аьтто а, кхиамаш а хуьлийла! Къинхьегам безаш, юха ца довлуш, низаме хилалаш. Дахарехь кхиамаш а, баккхий толамаш а хуьлда шун!

№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: