Россин Президент В.Путин волчохь Къаьмнийн юкъаметтигийн гIуллакхашкахула йолчу советан Кегийрхой кхетош-кхиоран а, царна Даймохк беза Iаморан а гIуллакхашкахула йолчу комиссин кхеташо дIаяьхьира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь хIутосург (май) беттан 22-чу дийнахь.
Кхеташонна куьйгалла деш вара Россин Пачхьалкхан Думин СНГ-на юкъарчу пачхьалкхийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместитель, Россин Президент волчохь Къаьмнийн юкъаметтигийн гIуллакхашкахула йолчу советан Кегийрхой кхетош-кхиоран а, царна Даймохк беза Iаморан а гIуллакхашкахула йолчу комиссин куьйгалхо Водолацкий Виктор.
Кхеташонехь дакъалоцуш вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат Селимханов Мохьмад а, республикин Правительствон вице-премьер Ахмадов ШахIид а, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, Кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса а, Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал а, республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур а, Къилбин а, Къилбаседа Кавказан а федеральни округашкарчу университетийн ректорш а, Iилманчаш а, Iеламнах а, юкъараллин гIуллакххой а.
Шайн докладашкахь а, къамелашкахь а кхеташонан дакъалацархоша къона россихой кхетош-кхиоран а, царна Даймохк беза Iаморан а гIуллакхах а, цуьнца йоьзначу проблемех а, къаьмнийн юкъаметтигех а, Россин пачхьалкхалла чIагIъярх а лаьцна дийцира.
Хууш ма-хиллара, тIедогIуш долу 2018-гIа шо Россин халкъан шо ду аьлла, дIакхайкхийна ду. Цундела, юьйцучу кхеташонехь «Россин Федерацехь Даймохк безаран гурашкахь кхиор» цIе йолчу Федеральни законан проект йийцаре йира.
– Россин Президента Путин Владимира билгалдаьккхина Росси цхьа пачхьалкх санна латтарна «гIо-накъосталла» дийриг россихошна шайн Даймохк безар бен цахилар. Цундела вай тешна ду «Россин Федерацехь Даймохк безаран гурашкахь кхиор» цIе йолчу Федеральни законан проектах баккъал а закон хирг хиларх а, Россин махкахойн юкъараллин дакъа а хилла, иза дIахIуттург хиларх а. Иштта, вай тешна а, кхеташ а ду, кхана Россина урхалла дан кхуьуш болу кегийрхой кхетош-кхиоран болх кхин а эвсарбаккха безаш хиларх, – элира Водолацкий Виктора.
Кхеташонан дакъалацархошна хетарехь, Россехь «махкахойн къам» кхолларехь махкахь дехачу 193 халкъан башхаллех а, ламастех а, хьежамех а, лаамех а, историх а пайдаэца беза. Къаьсттина оцу тайпа болх Къилбаседа Кавказехь дIаболо безаш хиларна резахилира дакъалацархой.
Республикин Iилманийн академин говзанчаша йовзийтинчу Ерригроссин «Кунак» цIе йолу проект а, 2013-чу шарахь Кадыров Рамзанан дIадолорца республикехь юкъаяьккхина йолу «Нохчийн Республикин тIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран концепци» а тайра кхеташонан дакъалацархошна. Водолацкий Виктора билгалдаккхарехь, хьахийна йолу Концепци республикехь кхочушъярехь IаIийна долу зеделларг кхечу субъекташа пайдаэца хьакъ ду.
Кхеташонан чаккхенехь докладаш ян хан федеральни а, субъектийн а тIегIанехь болх бечу кегийрхойн а, юкъараллин а организацийн векалшна а елира. ТIекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиоран а, Даймохк беза Iаморан а декъана а, къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигашна а лерина яра.
Докладаш чекхъевллачул тIаьхьа, Водолацкий Виктора дерзоран дош элира.
– «Россин Федерацехь Даймохк безаран гурашкахь кхиор» цIе йолу закон Россехь хила ца лууш дуккха а нах бу. Цара дуьхьалонаш яр бахьана долуш, и закон тIеэцар масийттазза дIатеттина. Делахь а, и закон ца хилча ца долуш ду, – билгалдаьккхира цо.
И.ХАСАХАНОВ
№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо