Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Великобританерчу Манчестерехь теракт йича 22 стаг кхелхина, 107 стагана чевнаш йина, царах 20 стаг вуочу хьолехь ву. И бохам хиларца доьзна мехкан Премьер-министре Т.Мэйга кадам бина Россин Президента В.Путина а, дуккха а кхечу пачхьалкхийн куьйгалхоша а. Тахана Лондонехь кхерамазаллина кхачоеш ву 3,8 эзар бIаьхо.

***
«Иблисан пачхьалкхан» дуьненаюкъарчу террористийн организацин декъашхоша хIокху деношкахь теракташ йина Индонезехь а, Сомалихь а. Цара и зуламаш дар бахьанехь Индонезехь 3 стаг кхелхина, иттех стагана чевнаш хилла. Сомалихь бохам хилларш шозза гергга алсам бу.

***
Россин герзашца кечбинчу ницкъийн векалша гIо дарца Шемин Iедалан тергонна кIела йирзина оцу махкара 700 сов юрт а, гIала а. ТIамах бевдда дIабахана хиллачу маьршачу бахархойх 100 эзар сов стаг шайн хIусамашка юхавирзина.

***
США-н Президент Трамп Дональд дакъалоцуш ву НАТО тIеман альянсан саммитехь. Цигахь дийцаре деш ду НАТО-н ницкъаш алсамбахаран, герзашца кхачояр тодаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Саммитехь Д.Трамп цхьаьнакхийтира Европин пачхьалкхийн цхьамогIа куьйгалхошца.

***
Дуьненахь мехкадаьтта даккхар лахдарна тIехь терго латторан (мониторинган) комитетан векалша бечу хаамашца нийса а догIуш, мехкадаьтта даккхар лахдаран хьокъехь бина барт 102 процентана кхочушбина. И барт кхин а 9 баттана бахбар дехна комитето. Цуьнан дехар къобалдина барта кIел куьйгаш яздинчу пачхьалкхаша.

***
Украинин Iедалан эскарша юха а марсадаьккхина Донецкан областерчу ярташна а, гIаланашна а герзаш деттар. Стомара 44-за талхийна герзаш деттар сацоран хьокъехь бина барт. Цуьнца цхьаьна Киево Донецкан а, Луганскан а областийн дозанашна тIеузуш ду даккхий герзаш.

***
Россин Президента В.Путина Кремлехь совгIаташ дира Шемахь, шина дийнахь террористийн тIелетарш юхадетташ, шайгара майралла а, доьналла а, хьуьнар а гайтинчу Россин лерринчу хьаштийн подразделенийн бIаьхошна.

***
Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс Правительствон кхеташонехь дIахьедира дIадаханчу шарахь пачхьалкхан 37 программех эвсараллица кхочушйинарг 17 бен цахилар. Иштта хьал кхул тIаьхьа хилийта йиш цахилар дIа а хаийтира цо.

***
Россин ФСБ-н лерринчу хьаштийн подразделенеша стомара шайн рогIера тIеман Iамораш дIадолийна ГIирмехь. Уьш хIутосург (май) беттан 29-гIа де тIекхаччалц дIахьур долуш ду. Церан Iалашо ю терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран говзалла а, эвсаралла а лахаяккхар.

***
Красноярскан крайхь цIе ялар бахьанехь лаххара а 70 цIа даьгна, царна чохь Iаш хилла бахархой кхерам боцучу метте дIакхалхийна. ЦIергахь 2 стаг кхелхина. Цуьнан бахьана толлуш ду. ЦIе дIайойъуш ву МЧС-н масех бIе белхахо.

№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: