«Бода эшийначеран» веломарафон

Нохчийн Республикин бIаьрса доцчу а, иза ледара долчу а нехан юкъараллин «Бода эшийнарш» организацис дахаран могаш кеп яржоран а, ийманехь кхетош-кхиоран а Iалашонца Къилбаседа Кавказан езачу меттигашкахула чекх а бовлуш, дIахьош ю веломарафон.

Хьалхара веломарафон хилира Соьлжа-ГIала – Гикало – ГIойтIа – Соьлжа-ГIала. ШолгIа веломарафон хилира Соьлжа-ГIала – Джалкхе – Гуьмсе. Цигарчу рузбанан маьждигаш чохь ламазаш а дира цара.

«Бода эшийнарш» организацин веломарафонан дакъалацархоша почтальонаш санна, шаьш дIакхаьч-кхаьчначохь «Исламан зIаьнарш», «Даймохк», «Вести Республики», иштта кхидолу газеташ а доькъура.

Оцу организацин куьйгалхочо Мустаев Рамзана дийцарехь, тIейогIучу хенахь ГIалгIайчу, Къилбаседа ХIирийчу, ГIебартойн-Балкхаройчу, Дагестане, Аштаркхан областе кхача дагахь бу веломарафонан дакъалацархой.

– Ламаз дан, Къуръан деша бен ца совцуш некъ бийр бу цара. Вилспет галъялахь аьлла, хIораммо а шен тIоьрмига чохь оьшуш болу гIирсаш шайца лелош бу. ХIокху тайпана гIуллакхаш оха дуьххьара дIахьош дац, тхо зераташка а, ХьаьжцIа а оьхура, бакъду, – автобусаш тIехь. Ткъа хIинца, веломарафон ю оха дIахьош, могашаллина дика хиларна а, тхайгахь ницкъ хиларна а, – билгалдаьккхира Рамзана.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: